Боьйуьк Маьрджанли[1] (азерб. Böyük Mərcanlı«Йоккха Марджанлы») — Азербайджанан Джаьбраилан кӀоштара эвла.

Эвла
Боьйуьк Маьрджанли
азерб. Böyük Mərcanlı
39°21′40″ къ. ш. 47°14′49″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Азербайджан
КӀошт Джаьбраилан кӀошт
КӀошт Джаьбраилан кӀошт
Истори а, географи а
Хьалхара цӀерш Марджанлы
Центран локхалла 300 метр
Сахьтан аса UTC+4
Бахархой
Бахархой 4331 стаг (1976)
Картин тӀехь
Боьйуьк Маьрджанли картан тӀехь
Боьйуьк Маьрджанли

«1886 шеран Чоьхьара Кавказан мехкан бахархойх лаьцна доьзалийн испискашна йукъара даьккхина статистикин жамӀийн» хаамашца Марджанлин йуьртан йукъараллин Боьйуьк Маьрджанли эвлахь хилла 151 цӀа, ваьхна 664 азербайджан (гайтина «гӀезалой» санна), уьш динца бара суннийш а, ахархой а[2].

1976 шарахь эвлахь ваьхна 4331 стаг. Бахархой бамба лелош бара, кӀа дуьйра, чилла а, даьхний а леладора. Эвлахь йара йуккъера а, 2 бархӀ классан а ишколаш, библиотека, оьздангаллин цӀа, клуб, дарбанан цӀа, 2 зӀенан дакъа[3].

Азербайджанан ца бевлла кхелхина а, бевдда а нахаца болх баран пачхьалкхан комитетан хаамашца 2020 шарахь, эвлан 11 145 вахархо ца ваьлла кхелхина ву[4]

Эвла аренашкахь йу, 2 км Аракс[5] эркан аьрру бердаца, 30 км кӀоштан йукъан Джебраилан[3] малхбалехьа.

Эвланах хьалха олура Марджанлы, йиллина XIX бӀешарахь Маралян эвлан латта тӀехь Марджанлы тайпанан доьзалша, уьш кхалхийра Лянбяран эвлара (хӀинца — Бардин кӀоштахь), иза долахь йара карабахан ханан ИбрахӀим Халил-ханан кӀента кӀентан Джафаркули-ханан. ТӀаьхьуо Марджанлы эвлара кхелхина доьзалийн цхьа тобано, йиллира Юхари-Марджанлы[az] эвла. Дуьхьала лаьтта эвла йу Чоджук-Марджанлы[5].

Российн империн йукъахь йолуш Боьйуьк Маьрджанли эвла Елизаветполан губернин Джебраилан уездан йукъахь йара.

Советийн шерашкахь эвла йукъахь йара Азербайджанан ССР Джебраилан кӀоштан Мехдилин сельсоветан[6].

Карабахан тӀом болчу хенахь, 1993 шарахь эвла къобал йанза Ламанан-Карабахан Республикин тергоне кхечира.

2020 шеран 27 сентябрехь ШолгӀа карабахан тӀом болуш Боьйуьк Маьрджанли а, кхин масех эвла а йухайирзира Азербайджанан куьйгакӀела[7].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Кеп:Карты государств
  2. Свод статистических данных о населении Закавказского края, извлеченных из посемейных списков 1886 г.. — Тф., 1893. — С. 236. — 487 с.
  3. 1 2 АСЭ, 1978, с. 291.
  4. "Обнародована численность населения освобожденных от армянской оккупации территорий Азербайджана". 2020-10-12.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. 1 2 Azərbaycan toponimlərinin ensiklopedik lüğəti(азерб.) / Под ред. Р. Алиевой. — Б.: Şərq-Qərb, 2007. — Т. I. — С. 110. — 304 с. — ISBN 978-9952-34-155-3.
  6. Административное деление АССР.. — Баку: Издание АзУНХУ, 1933. — С. 24.
  7. Азербайджанская Армия освободила ряд оккупированных сел и важные высоты. Министерство обороны Азербайджанской Республики. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 октябрь. Архивйина 2021 шеран 3 мартехь

Литература

бӀаьра нисйан