Вачагаев, Майрбек Момуевич (вина 1965 шо, Эвтара, Шелан кӀошт) — нохчийн историк, историйн Ӏилманийн кандидат, Россехь Ичкерин хилла волу коьрта векал[1], хилла волу политтутмакх, Ичкерин президентан хилла волу пресс-секретарь[2]. ХӀинца веха Парижехь, Франци[3][4],.

Вачагаев, Майрбек Момуевич
ГӀуллакхан тайпа политик, историк
Вина терахь 1965 шеран 17 декабрь({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (59 шо)
Вина меттиг Эвтара, Шелан кӀошт Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Корматалла нохчийн историк, историн Ӏилманийн кандидат, политик
Пачхьалкх Франци

Вина 1965 шарахь, 1989 шарахь дешна чекхйаьккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан историн факультет. 19891992 шерашкахь болх бина Гуманитарийн Ӏилманийн Ӏилманан-талламан институтехь, XIX бӀешерашкара Кавказан тӀеман истори Ӏамош вара. Оццу хенахь дакъа лоцуш вара формалан боцучу боламехь, Соьлжа-ГӀалин социал-демократин клуб кхоьллинчех цхьаъ вара. 19921994 шш. РIА Российн историн институтан (Москва) аспирант вара.

1993 шарахь Москвохахь Российн Ӏилманийн Академин Российн историн институтехь болх шарбеш вара. 1995 шарахь историн Ӏилманийн кандидат Ӏилманийн тӀегӀа яккха диссертаци чӀагӀдира Москвохахь Российн Ӏилманийн Академин Российн историн институтехь «Нохчийчоь Кавказан тӀамехь (1816—1859 шш.)» тема йолуш.

1995 шарахь Масхадов Асланца цхьаьна дакъа лецира Масхадовн харжамел хьалхарчу компанехь, вара Масхадов Асланан Харжамийн штабан председателан хьалхара гӀовс. 1997 шеран апрелехь а, майхь а Соьлжа-ГӀалин мэран дарже гӀертачу Атгериев Турпал-Ӏелин харжамийн штабан коьртехь вара. 1998 шеран февралехь, Масхадов Аслан дарже кхаьччи, Ичкерин президентан пресс-секретарь декхарш кхочушдеш вара[2][5].

1997 шеран августехь дакъа лецара йукъараллин-политикин болам «Нохчий исламан пачхалкх», НИП кхуллуш, хилира НИП председателан гӀовс, боламан председатель оцу хенахь вара Атгериев Турпал-Ӏела.

1998 шеран январехь хилира Ичкерин президентан пресс-секретарь а, хьалхара гӀоьнча а, Нохчийн Республикин Ичкерин Президентан аналитикан цетран куьйгалхо. 1998 шеран декабрехь Соьлжа-ГӀалахь хиллачу Масхадов Асланан агӀончийн митинг йинчарна хьалха бевллачарах цхьаъ вара, цигахь декъашхоша тӀедиллира зуламхошна а, Нохчийчохь тергоеш йоцучу тӀеман кхолламашна а дуьхьал беш болу болх чӀагӀбар. Президентан тешаме стаг лоруш а вара, бригадан инарлин Атгериев Турпал-Ӏелин командин лоруш волу декъашхо а вара[2]. 1999 шеран июнехь дуьйна лоруш вара РФ НРИ Генералан Векал.

1999 шеран октябрехь иза сацийра Москвохахь законехь доцу герз латтадарах шеко йолуш, Бутыркера набахти чувоьллира[1][4].Мемориал а, Amnesty International а кхолламаш Вачагаев М. политикин тутмакх хиларехь мукӀарло дира. 2000 шеран июлехь цунна набахтийн чохь даккха кхо шо хан туьйхира, амма фашизмах тоьлла 55 шо кхачар даздар бахьнехь амнисти йира[6].

2000 шеран июлехь дуьйна Майрбек Момуевич мухажир лоруш ву. 2002 шарахь иза дӀакъаьстина политикин гӀуллакхех, тӀевирзина Ӏилманан талламашна. 2007 шарахь Францин гражданалла йелла. Нохчийн исторех, исламан исторех, Къилбаседа Кавказерачу хьолах лаьцна белхаш арахецна[7]. с 2012 года стал соредактором историко-политического журнала Caucasus Survey[8] (UK), редактор интернет журнала Prometheus[9][10] (Париж, Франция). 2011 шарахь хилла Кавказан талламийн центран Президент[10].

Вачагаев Майрбека дӀаделла Соьлжа-ГӀалин архиван урхаллин иттаннаш эзарш Кавказан исторех долу документаш. Хьалха девзаш хилла доцу дӀаделла документаш дукха мехалла ду, цара хоуйту Къилбаседа Кавказехь 1917—1921 шерашкахь хиллачу хиламех лаьцна ма-дарра. Кхин тӀе профессор Майрбекан цхьа бехкам бен бацара — документаш муьлхха а талламхо тӀекхача йиш хилар[11].

Цхьаьна интервьюхь Вачагаевс билгалдаьккхира, Кадыровн цхьан бахьана ца хилар Немцов Борис виен[12].

Библиографи

бӀаьра нисйан
  • 100 дней президента. (1997), Грозный-Санкт-Петербург. — Майрбек Вачагаев и Тамара Мазаева
  • Нохчийчоь Кавказан тӀамехь (1816—1859 шш.) — Вачагаев Майрбек
  • Нохчийчура шайхаш а, зияраташ а (2009 ш.) — Вачагаев Майрбек
  • L’Aigle et le Loup : La Tchétchénie dans la guerre du Caucase au XIXe siècle Broché — 25 septembre 2008[13]
  • Гайдар Баммат и журнал "Кавказ". Махачкала, (2010) Вачагаев М, Мамулиа Г и Доного Х-М.
  • Гайдар Баммат. Известный и неизвестный. Баку, (2016), Алиева С, Вачагаев М, Доного Х-М, Мамедова И. [1] </ref>
  • Чечня в Кавказской войне (1816—1859 гг.) — Майрбек Вачагаев
  • Шейхи и зияраты Чечни (2009 г.) — Майрбек Вачагаев
  • Союз горцев Северного Кавказа и Горская республика. История несостоявшегося государства. 1917—1920. М.,Центрполиграф., 352 с, 2018 г. — Майрбек Вачагаев [14]
  • Chechnya: The Inside Story. From Independence to war. Mairbek Vatchagaev 2019[15]

Литература

бӀаьра нисйан
  • Русофобия: антироссийское лобби в США — Андрей Цыганков
  • Чечня. Год третий — Джонатан Литтелл
  • Накануне империи. Прикладная геополитика и стратегия в примерах Валерий Коровин

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Илья Максаков. Содержащийся в Бутырском СИЗО генеральный представитель Чечни в России Майрбек Вачагаев предлагает создать Чеченско-Российскую Федерацию. Публикации о конфликте в Чечне. www.memo.ru (2000 шеран 19 февраль). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 30 ноябрь. Архивйина 2011-10-31 — Wayback Machine
  2. 1 2 3 Тимур МУЗАЕВ. Чеченская Республика Ичкерия в июле 1999 года. Политический мониторинг. www.igpi.ru. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 30 ноябрь.
  3. Майрбек Вачагаев: «Чечня стала катализатором радикальной смены настроений на Северном Кавказе». Русский Монитор. rusmonitor.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 30 ноябрь.
  4. 1 2 В Москве задержан полномочный представитель президента Чеченской республики в Москве Майрбек Вачагаев.(бил-боцу.). Новости. Первый канал. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 30 ноябрь.
  5. Kommersant-Vlast 16 мар 1999
  6. "МИД РФ выразил протест в связи с приглашением эмиссара Масхадова в США". ТӀекхачаран де: 2016 ш. 30 ноябрехь.
  7. "Mairbek Vatchagaev - Jamestown". Jamestown(ингалс.). ТӀекхачаран де: 2016 ш. 30 ноябрехь.
  8. Caucasus Survey : Co-Editors-in-Chief. www.tandfonline.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 30 ноябрь.
  9. Прометей — CHECHEN.ORG. chechen.org. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 30 ноябрь.
  10. 1 2 Mr. Mairbek VATCHAGAEV
  11. Умарова, Амина. "Майрбек Вачагаев: «Архивы не должны лежать мертвым грузом»". Эхо Кавказа. ТӀекхачаран де: 2016 ш. 30 ноябрехь.
  12. "Майрбек Вачагаев: Если началась игра, то не против Кадырова, а против Путина". Слово без границ(оьр.). ТӀекхачаран де: 2016 ш. 30 ноябрехь.
  13. L’Aigle et le Loup : La Tchétchénie dans la guerre du Caucase au XIXe siècle Broché — 25 septembre 2008
  14. [hhttp://www.cnpol.ru/catalog.php?page=9324 Союз горцев Северного Кавказа и Горская республика Broché — 6 septembre 2018]
  15. Chechnya: The Inside Story Broché — 5 August 2019

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан