Ваьппий[1], истор. кистий/гергара кистий (гӀалгӀ. фаьппий) — гӀалгӀайн юкъаралла[2][3][4][5]. Шен синмехаллин а, административан а йукъ лору дукха хенара дуьйна Мецхал эвла[6].

Йукъаралла
Ваьппий
Торшхоев Артаган — йукъараллин векал
Торшхоев Артаган — йукъараллин векал
Кхин цӀерш вабой (ваппой), ваьбби (ваьппи)
Этноиерархи
Раса кавказан
Йукъара хаамаш
Мотт гӀалгӀайн
Дин ислам (суннизм)
Къам гӀалгӀай
Гергарло цӀов-тушой
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 ГӀалгӀайчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Ваьппа

Ваппий Ӏовха кхача тарлора 17 бӀешарахь, цхьа дакъа Гуьржийчоьнан лаьмнашка дахара, ткъа важа Ӏовха. Ӏовхойн ваьппийн тептарца уьш баьхна Тарш эвлахь. М. М. Зязиковн хаамашца, Ӏовхойн ваьппийн оьздангаллин йукъ ю Мецхалан шахьаран коьрта йуьрт — Эрзи эвла[7].

ЦӀеран бух биллинарг хила тарло олхазар — мецхалг, иза лоруш хилла ГӀалгӀайчохь а, Гуьржийчохь а. Мецхалан йукъараллин доза ду малхбузехь ЖӀайрахьца, къилбехьа Пхийшца, малхбалехь Хамхошца а, Цхьорошца а, къилбаседехьа — араболура аренашка. Къомо Ӏалашдина дийцарехь, Гуьржийчуьра цӀов-тушой лору ваьппех схьабевлла. Географин а, экономикин а хала хьолаша йитийтира шира эвланаш 16—17 бӀешарахь дуьйна, уьш кхалха буьйлабелира арене. Тахана Мецхалан йукъараллин эвланаш дӀакхийсина, еса ю, церан тидам археологаша а, этнографаша а, туристаша а бен ца бо.

Фаьппи (вабой) юкъараллан цӀеран этимологи цхьаболу историкашна хетарехь Армхин Ӏинахь хевшина йоккхачу юкъараллин топонимах яьлла. Оцу топониман маьӀна до, "мехкан малхбузен декъан бахархой" олий. Хаамчо В. Нальгиевс хоуьйту, цуьнан фонетикин кхиар кхин а хьалхара "боасе" лексемех хилар, цуьнан маьӀна "маьлха-басе". Уьш исторехь бевза юкъараллан цӀерийн варианташца: "боасой/бацой/вобой/ваьппи/фаьппи". У. Г. Дзараховс "фаьппи" дешан маьӀна до "чубаьхкинарш" олий. Кхузахь буйцурш мухажираш бу — малхбузен мехкийн тобанех[8].

 
Владелец этой книги Мухаммад сын Навурби Юрт-Ауховский, его отец Мухаммад, его отец Урам, его отец Дува, его отец Ума, его отец Урам, его отец Муса, его отец Утмиш, его отец Утаби. Их отцы вышли из селения ТӀарш в округе Вабо на высокой горе близ крепости Бурув. ТӀарш - имя их старшего отца. Их первые отцы пришли из вилаята (округа) Шам

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан