Пхий (къам)
Пхий — ломан Пхейн-Мехкан орамера гуьржийн этнографин тоба ю, беха Йоккхачу Кавказан къилба басешкахь Пхийн Арагви хин бассейнехь а, Орга хин лакхенашкарчу къилбаседа басешкахь а[3]. Советийн заманахь а Iалашдина шайн ламастан оьздангалла — духар, герз, гIиллакхаш, хIусамаш, кхин дIа а. 1950-гIа шераш чекхдовлуш пхий нуьцкъала кхалхийра акъари тIе, иза бахьнехь ломан лакхара эвланийн цхьа дакъа дассаделира.
Пхий | |
---|---|
Шен цӀе | ხევსურები |
Дукхалла | Гуьржийчоь: 1886 ш. 6656 ст.[1]. 2012 ш. 60,000 ст.[2]. |
ДIасакхалхар | Гуьржийчоь |
Мотт | Гуьржийн меттан пхийн меттадакъа |
Дин | Керсталла |
Йукъабоьду | Гуьржашна |
Гергара къаьмнаш | Мтиулаш, Пшаваш, Тушинаш |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Мотт
бӀаьра нисйанПхийша буьйцу гуьржийн мотт, чIогIа ийна бу Кавказан тайп-тайпанчу меттанашца, царех гуьржашна кхета хала а долуш.
Дин
бӀаьра нисйанШортта шира килсийн саьлнаш ялахь а, пхийн амалехь керсталлин лар елахь а, амма церан цхьан а кхетам бац ала мегар дара керсталлех. Уьш — жӀарашна гӀуллакхдечарех, бӀатилла хиларх буьззина а бара.
Лашари-Джуари (Къиега-ЖӀар — Тамарин кӀентана Георгийн лерина, иза пхийша а, шуойша а веза лору, жӀар) чохь йолу Хамар эвлара килс, хӀинца а ю бӀатиллачеран а, тамашийна хӀуманех тешачеран а йукъ.
Пхий бӀаьрза теша Гомари олучу синах, цуо шайна гӀодо боху цара. И дин ийна дуккха бӀатиларца, царна хетара ша-кепара, шортта фанатикаш баьржира царна йукъахь шайха лакхара цӀуй ду бохуш, кхин тӀе халкъо леерам а беш: цара лелош хилла сийлаллин меттигаш, уьш боцург царна тӀебаха нах баьхьаш а ца хилла. Ӏиданашкахь лакхара цӀуйша схьайоху килсийн сийлаллаш, гойту халкъан, ткъа уьш геннара хьовсу цаьрга, тӀаккха цара боьху къинхетам шеш сий дечунга. Халкъо сагӀийна луш хилла мекхан бепиг, уьстaгӀий, ткъа уьш цӀуйн карадоьдуш хилла. Лашари-Джуарин — уггаре лерамечу жӀаран, уггаре дукха сагӀа дахьа. Дуьйцура, цунна дахьа уьстагӀийн барам 2 эзар хилара шарахь. Ала мегар ду, оцу лакхара цӀуйша урхалла деш хилла халкъан тӀехь шайна ма-луъу. Наггахь цара кхерадора адам шайн жӀарийн оьгӀазлонца, ткъа уьш кӀадъялийтархьама керла сагӀа дезара[4].
Оьздангалла а, бахам а
бӀаьра нисйанПхийн коьрта болх — бежний а, уьстагIий а, латта а лелор бу: кхиайо кенан культураш. Иштта пхийша говза кечбо тIаргIа: кIадеш дуцу, пазаташ юцу. Цул сов кхиина ю тегаран говзаллаш, дечиг агар, дешийн а, эчиган а пхьолаш. Суьрташ долчу 1913 шеран 18 августехь арадаьллачу «Искры» журнал тIехь:
Леш долу тайпа. Пхий, жима леш долу кавказан тайпа (6,5 эзар са), деха хала тIекхачалучу Арагва хин лакхенашкара атагIашкахь. Шеш кIезиг белахь а, уьш чолхе этнографин иэдалар ду, вовшешца тIемаш болуш, оцу меттигашкахь ловчкъа меттиг лохуш, тайп-тайпанчу къаьмнех бевддачарех схьабовлар тера ду. Меттаца пхий герга бу гуьржашна, хIетте а церан меттадакъанах Гуьржийчоьнан юккъехь бехарш ца кхета. Амалаш: хьаша тIеэцар, дукха лер, куралла, цхьаьнцце саца ца ло сихалла. Оцуо гуттаренна а цIий Iанадойту, иттаннаш бойуш, чевнашъеш. Иза бахьнехь пхий даиман а, аренан белхашкахь а герзах боьттина хуьлу. Дин агIора пхий — официалан керста бу — йисина дуккха а цIуй динан, бусалба динан, европахойн аматаш. Цара даздо бусалбачеран пIераска а, жугтийн шота а, керсталлин кIиран де а. Ламасташ кхочушдан церан дийнна цIуйн иерархи, сагIа доккху меттигаш, сагIан лело пхьегIаш, цIийн сагIанаш ду. Цхьаццама латта леладо, амма коьртаниг даьхнийлелор а, таллар а ду. Таллархой чIогIа дика бу. Иллюстрированный журнал «Искры» от 18 августа 1913 года № 32 Архивйина 2020-02-19 — Wayback Machine.
Амалаш
бӀаьра нисйанЛуьра климато а, лаьттан къоьлло а амалаш кхуллу бахархойн, уьш хьалха шайн луларчу шуойшла а, тушинашла а алсама къола деш хилла.
Дахарехь пхий сиха бац, хьаша эцаран гIиллакхан леерам бо, амма церан божарий чIогIа малончаш бу, хӀусамера болх берриг зударшна буьту. Пхийн зударий чIогIа къахьоьгуш бу, цара латта леладо, даьхнашка хьовсу, уьш шийлачу хенахь хIусамашна гергахь дуьту.
Пхийн духар тера ду гуьржийчух, цара массо а ламанхойн духаран дакъош схьаэцна, уьш даиман а девнехь хилла лулахошца, цундела даиман герзах боьттина хилла. Цара лелош хилла герз — топ, тапча, тур, шаьлта, пал; цхьаццама гIагI а, корта а, кIесаркIаг а, юьхьан дакъа а ларде аьчкан куьй а.
ХӀусамаш
бӀаьра нисйанЦеран хIусамаш гуьржийнчух тера хилла, уьш еакIуо а, чIапа тхов болуш а хилла, ткъа цхьацца хIусамашна агIонаш тIехIиттина пирамида кепара бIевнаш хилла. Цхьацца эвланашкахь хилла иштта тIулгех йина гIишлош, мостагI тIелетчи массо а бахархой лочкъуш[5].
Антропологи
бӀаьра нисйанАнтропологица пхий бу кавказан тайпана, юккъерачул лекхуо, мезокефалаш айсина, цкъаццIа сира-баьццара бIаьргаш а, сирла-хьаьрса месаш а йолуш.
Пхий исбаьхьаллин литературехь
бӀаьра нисйан- Гайдар Аркадий «Всадники неприступных гор» («ТIе ца довлало лаьмнийн береш») - 1927, дийцар.
- Джавахишвили Михаил «КIайн кач» - 1925, роман.
- А. Чжимбэ «Iиношкара нах: пхийн дахарера роман» - 1928, роман, В.А. Гурко-Кряжинан «Пхийн альпашкахь» очеркца.
- Е. Бобинская, К. Гертель «Месть Кабунаури» («Кабунаурин чIира» - 1931, дийцар.
- Исбаьхьаллин фильм "Пхийн баллада" (1966).
Суьрташ
бӀаьра нисйан-
Пхий ламастан духаршца а, герзашца а, 1901 шо.
-
Пхийн зуда ламастан духарца, 1881 шо.
-
ЧIагIйина эвла Шатили.
-
Шатилира пхий.
-
ТIемлой
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ http://ikalto.com/librarium/map-etno-tiflis.jpg Архивйина 2014-05-25 — Wayback Machine
- ↑ Пока ты живёшь в своих мечтах , мир живёт без тебя... - Список картвельских племен с примерной численностью каждого племени
- ↑ Большая советская энциклопедия. Гл. ред. Б. А. Введенский, 2-е изд. Т. 46. Фусе — Цуруга. 1957. 672 стр., илл. и карты; 48 л. илл. и карт
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Фотокаталог Музея антропологии и этнографии им. Петра Великого (Кунсткамера) РАН(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Хевсуры — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
- Sword and Buckler Fighting among the Lost Crusaders
- Михаил Синельников Принесенные ветром, или Таш и Тоголок «Дружба Народов» 2002, № 5
- Перцов В. Облака сверху и снизу . // Вокруг Света, №2 (2533), февраль 1970. ТӀекхочу дата: 2011-5-23. Архивйина 2012 шеран 4 мартехь
- Беляев И. Т. По Хевсурии
- ГРУЗИНСКИЕ ПЛЕМЕНА В ГОРАХ КАВКАЗА
Литература
бӀаьра нисйан- Хевсуры // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.