Томас Джозеф «Том» Гола (инг. Thomas Joseph "Tom" Gola; 1933 шеран 13 январехь, Филадельфехь, Пенсильвани2014 шеран 26 январехь, циггахь) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а. КъБА чемпион «Филадельфия Уорриорз» йукъахь. 1976 шарахь дуьйна Баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Гола Том
инг. Tom Gola
Гола Том 1953 шарахь
Гола Том 1953 шарахь
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло
Вайн форвард
Харц цӀераш Tom, Mt. All-Around
Локхалла 198
Возалла 93
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1933 шеран 13 январь({{padleft:1933|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Вина меттиг Филадельфи, Пенсильвани
Кхелхина терахь: 2014 шеран 26 январь({{padleft:2014|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (81 шо)
Кхелхина меттиг Филадельфи, Пенсильвани
Ишкол Ла Салль (Филадельфи)
Колледж Ла Салль (1951—1955)
Драфт КъБА Мехкан, 1955, Филадельфия Уорриорз
Статистика
Ловзарш 698
Очкош 7871 (11,3 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 5617 (8 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 2962 (4,2 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
1976 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ловзархочун карьера

бӀаьра нисйан

Левзина тӀелета турслочун а, вайн форвардан а позицехь. Дешна Ла Саллан университетехь, 1955 шарахь хаьржира КъБА мехкан харжамехь «Филадельфия Уорриорз» командо. ТӀаьхьа левзина «Нью-Йорк Никс» командехь. Дерриг КъБАхь даьккхина 10 шо. 1955/1956 шарахь «Уорриорз» йукъахь Голех хилира КъБА чемпион. Пхоьазза дакъа лаьцна КъБА дерриг седарчийн матчехь (1960—1964). Цкъа йукъатоьхна КъБА дерриг седарчийн 2-гӀа гулйина команда (1958). 1954 шарахь Голех хилира Студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) чемпион, лерира оцу баскетболан турниран уггаре гӀараваьлла ловзархо, ткъа кхин а — Helms Foundation версица студенташна йукъара шеран баскетболхо. 1955 шарахь къобал вина UPI версица студенташна йукъара шеран баскетболхо. Хьалхий тӀаьхьий кхаа шарахь йукъатоьхна NCAA йерригамерикин 1-ра гулйина командина (1953—1955). 1976 шарахь йукъатоьхна баскетболан сийлаллин залан. Йерриг КъБА карьерехь левзина 698 матчехь, царна чохь йаьккхина 7871 очко (ловзарехь йуккъера барам 11,3), 5617-зза буьрка схьаэцна, 2962-зза дӀайелла.

Тренеран карьера

бӀаьра нисйан

Ловзархочун профессионалан карьера чекхйаьллачул т\аьхьа шина шарахь болх бира «Ла Салль Эксплорерс» командин коьрта тренеран даржехь (1968—1970).

1955 шеран июнехь Гола Тома йалийра Моррис Каролина, цуо цунна кӀант вира. 2014 шеран 26 январехь 81 шо долуш иза велира Филадельфи гергара Мидоубрукан Абингтон гӀалин йукъараллехь (Монтгомери гуо, Пенсильвани штат) йукъатоханза махкара[1].

Статистика

бӀаьра нисйан

Статистика КъБАхь

бӀаьра нисйан
Шо Команда РогӀера шо Плей-офф сери
GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG
1955/56 Филадельфия Уорриорз 68 - 34,5 41,2 - 73,3 9,1 5,9 - - 10,8 10 - 36,0 35,5 - 78,3 10,1 5,8 - - 12,3
1957/58 Филадельфия Уорриорз 59 - 36,0 41,5 - 74,6 10,8 5,5 - - 13,8 8 - 40,9 33,0 - 74,5 10,5 4,0 - - 13,8
1958/59 Филадельфия Уорриорз 64 - 36,5 40,1 - 78,7 11,1 4,2 - - 14,1 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1959/60 Филадельфия Уорриорз 75 - 38,3 43,3 - 79,4 10,4 5,5 - - 15,0 9 - 37,8 41,2 - 80,6 10,6 5,6 - - 12,6
1960/61 Филадельфия Уорриорз 74 - 36,6 44,7 - 74,7 9,4 3,9 - - 14,2 3 - 42,3 20,6 - 75,0 12,3 5,0 - - 9,7
1961/62 Филадельфия Уорриорз 60 - 41,0 42,1 - 76,5 9,8 4,9 - - 13,7 9 - 35,1 27,1 - 76,0 8,2 2,7 - - 6,3
1962/63 Сан-Франциско Уорриорз 21 - 39,1 45,7 - 75,8 7,0 3,5 - - 13,0 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1962/63 Нью-Йорк 52 - 35,5 46,0 - 78,4 7,1 4,3 - - 12,0 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1963/64 Нью-Йорк 74 - 29,1 42,9 - 72,6 6,3 3,5 - - 9,1 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1964/65 Нью-Йорк 77 - 22,4 44,8 - 73,9 4,1 2,9 - - 7,0 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1965/66 Нью-Йорк 74 - 15,2 45,0 - 78,1 3,9 2,6 - - 4,4 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
Йерриг 698 - 32,3 43,1 - 76,0 8,0 4,2 - - 11,3 39 - 37,7 33,6 - 77,1 10,0 4,6 - - 11,1
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Philadelphia basketball great Tom Gola dies (инг.). philly.com. Interstate General Media, LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 27 январь. Архивйина 2014 шеран 27 январехь

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан