Иран
Иранан Исламан Республика (гӀажар. جمهوری اسلامی ایران) — ДжомхӀури-́йе Эслɒми́-йе Ирɒ́н), доца — Иран, ГӀажарийчоь (гӀаж. ایران) — Хьалхара Азера пачхьалкх ю, коьрта гӀала — ТехӀеран йу.
Географи Нисйе
Малхбалехь ОвхӀан-пачхьалкхаца а, Пакистанаца а, Малхбузехь Ӏиракъаца доза ду. къилбасед-Малхбузехь Туркойчоьца а, Азербайджанац а, Эрмалойчоьца а, къилбасед-Малхбалехь Туркменица доза ду.
къилбаседехь Каспий-хӀорданца а, къилба-Малхбузехь ГӀаьжарийн чукхет-хӀорданац а, Ӏоманан чукхет-хӀорданац, къилба-Малхбалехь Ӏарбийн хӀорданац аре йолуш йу ГӀажарийчоь. Хьалх заман чохь дуьнахь дунен йовзаш хил йу Паьрсийн Пачхьалкх шен гуонахь къаьмнаш цхьан Пачхьалкх чу лаьцна хил мохк бу.
Йаккхий гӀаланаш Нисйе
ГӀажарийчоьнан 67,5 % бахархой Ӏаш бу гӀаланашкахь. 2030 шарахь гергачу хьесапехь 80 % Ӏаш хира бу. Йокха гӀала йу — ТехӀеран гӀалахь 8,7 млн адам Ӏаш ду[5] (14 млн в агломерации). ТехӀеранехь пачхьалкхан ахнал дукху индустрин ницкъаш бу, цу йукъахь йу — автомобилан, электронни, герзан, химин, кхача арахецар. Шен йоккхаллица шолгӀачу меттигехь йу — Мешхед, иза йу шиитий лараме гӀала.
ГӀажарийчоьнан административан йекъайалар Нисйе
ГӀажарийчоьнан коьрта административан дакъош ду останаш (гӀаж. استان — ostān; мн.ч. — استانﻫﺎ — ostānhā), цера чохь йу шахрестанаш (гӀаж. شهرستان), шахрестанийн чохь йу — бахшаш (гӀаж. بخش). Останан йокха гӀала дукху хьолехь коьрта гӀала хуьйла (гӀаж. مرکز — markaz). ХӀора останан урхалла до губернаторс (остандарс — استاندار). ГӀажарийчоьнан йу 31 остан:
1. ТехӀран |
11. Хамадан |
21. Систан а, Белуджистан а |
1950 шоа кхачале ГӀажарийчоь екъалуш йара 12 остан: Ардалян, Азербайджан, Белуджистан, Фарс, Гилян, Араки-Аджам, Хорасан, Хузестан, Керман, Ларестан, Лурестан и Мазендеран. 1950-м уьш кӀезиг йира 10, а тӀакха 1960 тӀера 1981 кхаччалц уьш дукху хиллира 28. 2004 шарахь ТехӀеран 3 остан йира, ТехӀеран 2010 шарахь 2 остан йира.
Истори Нисйе
Билгалдахарш Нисйе
- ↑ Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
- ↑ 1 2 CIA - The World Factbook. Теллина 2013 шеран 16 мартехь.
- ↑ Human Development Report 2013 (ингалс.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 13 августехь.
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ WebCite query result
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |