Мусли́м Ваха́евич Дада́ев (1988 шеран май, Гикалов-Юрт, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн паргӀат кепар латархо, кегирхойн йукъара Российн а (2005 шо), Европин а (2005) чемпион, Российн гулйина тобан декъашхо, Дуьненан Кубок йаккхинарг (Каспийск, 2011 шо).

Муслим Вахаевич Дадаев
ГӀуллакхан тайпа паргӀат кепар латархо
Вина терахь 1988 шеран май({{padleft:1988|4|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Гикалов-Юрт, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Гражданалла  ССРС Росси
Да Ваха
Нана Луиза

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1988 шеран маехь Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Гикалов-Юртехь. Нохчийчохь шозлугӀа тӀом болалучу хенахь шен доьзал къелхьара йаккхархьам дас уьш Пензе дӀабигира. Цигахь уьш Ӏийра 2002 шо кхаччалц.

ЦӀа кхаьчначул тӀехь Муслиман паргӀат кепар латар дезаделира. Амма цуьнан юртехь секци йацара. Цундела цуьнан Шинсюйр-Юккъехь йолу секци аьха дийзира. Цигахь цуьнан тренерш бара У. Сулейманов а, М. Муртазалиев а.

2003 шарахь иза паргӀат кепар латаран республикин гулйина тобан йукъавахара. 2005 шарахь иза хилар кегирхойн йукъахь Российн а, Европин а чемпион. 2011 шарахь Каспийскехь цо йаккхира Дуьненан Кубока.

Цо чекхйаьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультет.

Доьзал нисйе бӀаьра

  • Да Ваха — гӀишлошйархо;
  • Нана Луиза — хӀусамнана.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра