ДаьргӀара тӀом – (оьрс. Даргинский поход йа Сухарная экспедиция) – 1845-чу шарахь Товбеца-баттахь хилла мехал йолу тӀеман операци.

ДаьргӀара тӀом
Коьрта конфликт: Оьрсийн—кавказхойн тӀом 1763–1864
ДаьргӀара тӀом. Суртдиллархо ву Рубо Франц
Терахь 1845 шеран Стигалкъекъа-беттан 31 де — Товбецан-беттан 21 де
Меттиг ДаьргӀа, Нохч-Мохк, Нохчийчоь
ЖамӀ нохчий тоьлла
МостагӀий

Имамат

Российн импери

БӀаьччаш

Шемал
Бойсхар
Ӏиса
ТӀалхиг

Воронцов М.
Клугенау
Пассек
Викторов В.
Ронжевский
Кривошеин

Массон ницкъаш

хууш дац

30 000

Белларш

хууш дац

13 000 сов[1].

1845-чу шарахь Имам Шемала кхоьллинчу Имаматан коьрта шахьар лоруш йолу ДаьргӀа схьаяккха сацам бо оьрсийн паччахьан Кавказехь долчу эскаран буьйранчо княза Воронцовс.

Инарлашна юкъахь, хеташ ма-хиллара, коьрта шахьара схьа а яьккхкина дӀабоьрзур бу моьтташ хилла Воронцовна иттаннаш шерашкахь схьабогӀуш болу Кавказера тӀом. Цуо дагалаьцначуьнан хӀун жамӀ хилира дуьйцуш ву историн Ӏилманча Абумуслимов Сайд-Хьасан:


«Товбеца-баттахь Ӏаламат доккху эскар теттина хилла ДаьргӀа схьаяккха. Кхузахь 21 батальон хилла. 46 йоккха топ а хилла. ГӀо деш гӀалгӀазакхийн эскарш а хилла. Тактика а хийцина цара, Дагестанехула тӀелатар дан сацам а беш.

ДӀоггара дукха яккхийн дуьхьалонаш а йоцуш нохчийн дозане кхаьчна уьш. Вайна хууш ма-хиллара, ДаьргӀа Дагестанан дозанна дукха гена йац. ДаьргӀана чу баха аьтто баьлла церан. Нохчаша и юрт йитина. Иза оьрсийн эскарша, дӀа а лаьцна, ягийна.

Амма цул тӀаьхьа, Воронцовн эскаршна го а бина, уьш охьаата долийна. Оьрсийн кхетта шаьш эшна хиларх. Хиина царна шайн гӀалат даьллий. Цул тӀаьхьа церан Ӏалашо ца хилла имам Шемил вохо. Пачхьалкх дӀаяккха еза боху ойланаш йита дезна церан. Дерриг а эскар хӀаллак а ца дойтуш, ах мукъане а кхелхьара муха доккхур дар-те аьлла, оцу хьолана тӀебаьхна хилла уьш.

И эскар доха-м дина, амма цхьана декъан къелхьара дала аьтто баьлла. Герзелехь резервехь дитина кхин а цхьа эскар хилла церан. Иза дуьхьала а деана, цхьа дакъа къелхьара даьлла. Масала, терахьашца дуьстича, 4000 сов стаг вийна а, чевнаш йина а хилла. Царна юкъахь инарла а хилла 168 эпсар а хилла.

Коьрта маьӀна ду кхузахь, ДаьргӀахь хиллачу тӀеман политикин тӀаьхьло хилар. 1845-гӀа шарахь дуьйна оьрсийн куьйгалхоша, хьалха ма-хиллара нисса дӀа тӀамца чекхбовла а ца гӀерташ, тӀе тидам бахийтина халкъана юкъахь йолчу морзагӀаллех а, халкъана юкъахь болчу цатемех, адамийн гӀийла агӀонех а пайдарна эца.

Цунна алссам ахча теттина хилла оьрсийн пачхьалкхо. Иза ду-кх 1845 шарахь хиллачу тӀеман коьрта жамӀ».

Хьалха-МартантӀера Эльмурзаев Юсупс дийцарехь, 13 эзар оьрсий хӀаллак винна ДаьргӀахь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Ю. М. Эльмурзаев. «Юсуп Нохчуа. Страницы истории чеченского народа.». — Грозный: Книга, 1993. — С. 57 - 70.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан