ДегӀастанан пачхьалкхан университетДегӀастанара яккхийчех лакхара дешаран меттигех цхьаъ, йоккха Ӏилманан а, оьздангаллин а йукъ. Кхоьллина 1931 шарахь ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн институт аьлла, 1957 шо кхаччалц лелийна ДегӀастанан халкъан поэтан Стальский Сулейманан цӀе.

ДегӀастанан пачхьалкхан университет
(ДПУ)
сурт
Дацдар ДПУ
Халкъашна йуккъера цӀе Dagestan State University
Хьалхара цӀе ДегӀастанан агро-хьехархойн институт
ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн Стальский Сулейманан цӀарах институт
ДегӀастанан пачхьалкхан В. И. Ленинан цӀарах университет
Кхоьллина шо 1931
Тайпа Пачхьалкхан
Ректор Рабаданов МуртазӀали Хулатаевич
Лаьтта меттиг  Росси:ХӀинжа-ГӀала
Юридически адрес 367000, Россия, Республика Дагестан, Махачкала,
ул. Гаджиева, д. 43-а, ДГУ
Сайт http://www.dgu.ru
СовгӀаташ Халкъийн доттагӀаллин орден
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ДПУ йукъайогӀу 16 Ӏилманан-дешаран центр, 18 факультет[1], 97 кафедр, 4 филиала[2], 2 музей (биологин а, историн а), фундаментан библиотека, биологин станци а, планетарий[3] а. Университетехь болх бо 3000 гергга хьехархочо а, белхалочо а.

Йукъара хаамаш

бӀаьра нисйан

Университетан чуйогӀу:

  • 18 факультет;
  • 2 институт;
  • 9 филиал;
  • 86 кафедра;
  • 2 музей: биологин а, историн а;
  • гербарий
  • чохь 2,5 млн том йолу Ӏилманан библиотека;
  • биологин станци;
  • планетарий.
  • 1931 шеран 8 октябрехь ДАССР Халкъан комитетан кхеташоно тӀеийцира «ДагӀастанан агро-хьехархойн институт дӀаелларх» сацам. Институт даздарца дӀайиллира Октябран революцин 14 шо кхочуш.
  • 1931 шеран ноябрехь — хьехархойн институтехь дешар дӀадолийра. Институтан хьалхарчу курсе дӀаийцира 75 студент, уьш Ӏамош вара 10 штатера хьехархо.
  • 1931 шарахь институтехь дӀадиллира 3 дакъа:
    • йукъараллин-литературин,
    • химин-биологин
    • физикин-техникин.
Хала материалан хьал долушехь, дешаран майданаш а, йукъара дахаран меттигаш а йоцушехь, дукхаха болчу студенташа хьалхара дешаран шо дика чекхдаьккхира. Экзаменаш дӀа а йелла студенташ дӀасабахара республикин кӀошташкахула, эвланашкахь жигара болх бе институте керлачу шерна студенташ гулбеш аьлла тӀебиллина болх а болуш.

ТӀаьхьа гӀарабевлла студенташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Факультеты. dgu.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 июнь. Архивйина 2020-06-06 — Wayback Machine
  2. Филиалы. dgu.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 июнь. Архивйина 2020-06-06 — Wayback Machine
  3. Сведения об университете Архивйина 2016-10-06 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан