Дефлектор (схьадаьлла лат. deflecto — дӀатетта) — аэродинамикин гӀирс, хӀоттайо вентиляцин харшан, туьнкалган тӀехула, авиамоторан поршень шелъяран системан, кхечухьа а. Лелайо, Бернуллин эффектан чоьтаца харш чохь дӀаозар чӀагӀдеш: харшан шоралла хийцаяларца, хӀаваъ хьакхаран сихалла алсама мел хуьлу, оцу шораллехь статикин Ӏаткъам кӀезиг хуьлу. Дефлектораш харш чуьра дӀаозар чӀагӀдо, вентиляцин системан эффекталла айало.

ЦАГИн дефлекторан схема

Уггаре евзаш йолу дефлекторийн конструкцеш:

Дефлектораш лело йолийна XIX бӀешерашна юккъехь дуьйна гӀишлошна а, транспортан гӀирсашна а тӀаьхь. Статикин дефлектораш хӀинца лелайо долара а, йукъараллин а Ӏаламан вентиляцин харшан а, туьнкалгашна а чуьра, газ яьгначул тӀаьхьа юьсург арайолийту харш чуьра, нехашбиргӀа чуьра хӀаваъ аракхуссуш. Уьш лелайо гӀишлонан мас гӀат елахь а, керла гӀишлошкахь, тоечу гӀишлошкахь.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра