Дециев, Бисолт Османович
Бисо́лт Осма́нович Деци́ев (1964 шеран 17 январь, Кхазакхийн ССР, ССРС) — нохчийн греко-риман кепар латархо, 1986 шарахь ССРС халкъийн Спартакиадан борзан совгӀатхо, ССРС Кубок йаккхинарг, шозза ССРС чемпион (1990—1991 шерашкахь), Европин чемпион (1988 шо), 4-за Дуьненан Кубок йаккхинарг, масийттуза Кхазакхстанан чемпион, дукха халкъашна йуккъера йахьаллонийн толамхо.
Бисолт Османович Дециев | |
---|---|
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | стаг |
Пачхьалкх | ССРС → ГӀиргӀазойчоь → Кхазакхстан |
Говзалла | Греко-риман латар |
Клуб | Динамо[d], Шымкент |
Вина терахь | 1964 шеран 17 январь (60 шо) |
Вина меттиг | Кхазакхийн ССР, ССРС |
Спортан карьера | 1977-1998 |
Тренераш |
|
Локхалла | 173 см |
Йозалла | 74-76 кг |
Биографи
бӀаьра нисйанНохчийн цӀадерза йиш хиллачул тӀехь Дециеван да-нана Кхазакхстанехь сецира. Бисолт вина цигахь 1964 шеран 17 январехь. 1977 шарахь иза волавелира классикан латар Ӏамадан. Иза вара Кхазакхстанан кегирхойн гулйина тобан декъашхо. 1982 шарахь Лейпцигехь иза хилира Европин чемпион.
1986 шарахь шен хьалхара ССРС чемпионатехь цо йаккхира 7-гӀа меттиг. Цул тӀаьхьа цо ССРС Спартакиадехь борзан мидал а йаккхира, социалистически пачхьалкхийн Динамиадан чемпион а хилира. 1990—1991 шерашкахь иза хилира ССРС чемпион. 1991 шарахь цо ССРС халкъийн Спартакиадехь толам беккхира. 1987 а, 1989—1991 а шерашкахь цо Дуьненан Кубок йаккхира.
Цо толам беккхира АЦШ а, Иранехь а, Италехь а, Норвегехь а, Венгрехь а, Россехь а, хилла халкъашна йуккъера йахьаллонашкахь. 1989 шарахь цо толам беккхира Будапештехь хилла дуьненан Гран-прихь.
1997 шо дуьйна ГӀиргӀазойчоьнан гулйина тобанан декъашхо вара. Оцу тобанан йукъахь цо 1997 шарахь Азин чемпионатехь дато мидал йаккхира, Аьхкенан Азин ловзаршкахь 4-гӀа меттиг йаккхира, дуьненан чемпионаташкахь 12-гӀа а (1997 шо), 15-гӀа а (1998 шо) меттиг йаккхира.
Спорт йитинчул тӀаьхьа иза тренеран болх бан волавелира. Цо кхииначарна йукъахь бу Кхазакхстанан чемпионаш а, Азийн а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхой а. Иза ву Шымкентан спортан клубан куьйгалхо. Бисолт хаьржина Къилбера Кхазакхстанан областин кегирхойн къаьмийн культурин центран бертан председатель. Иштта иза ву Шымкентан сийлахь гражданин.
Спортан гайтамаш
бӀаьра нисйанШо | Яхьалло | ГӀала | Меттиг |
---|---|---|---|
1987 шо | Дуьненан Кубок 1987 | Албани | 1 |
1988 шо | Европин чемпионат 1988 | Кульботн | 1 |
1989 шо | Дуьненан Кубок 1989 | Фредрикстад | 1 |
1989 шо | Европин чемпионат 1989 | Оулу | 4 |
1990 шо | Дуьненан Кубок 1990 | Гётеборг | 1 |
1991 шо | Дуьненан Кубок 1991 | Салоники | 1 |
1997 шо | Азин чемпионат 1997 | Иран | 2 |
1997 шо | Дуьненан чемпионат 1997 | Вроцлав | 12 |
1998 шо | Дуьненан чемпионат 1998 | Евле | 15 |
1998 шо | Аьхкенан Азин ловзарш 1998 | Бангкок | 4 |