Пасиха́т Джукала́ева (1881 шо, ЧӀаьнта, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери — 2005 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Росси) — нохчийн дукха йахна зуда.

Пасихат Джукалаева
Йина терахь 1881({{padleft:1881|4|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 2005({{padleft:2005|4|0}})
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Росси
Гражданалла Российн импери ССРС Росси
Бераш ши кӀант, йиъ йоӀ

Цуьна вара кхо ваша а, йиъ йиша а. 19 шо кхечча иза маре йахара. Цера хилира ши кӀант а, йиъ йоӀ а[1].

1940-гӀа шераш долалуш Пасихат майра велира. Нохчий цӀера бохуш хенахь шело а, мацал а бахьнехь йелира цуьнан жима йоӀ. Иза лортӀехь дӀайерзайа а йиш ца хилира[1].

Казахстанехь иза Ӏийра Актюбин областехь Эмба гӀалахь. Цигахь велира цуьнан ши кӀант.[1].

Пасихат 60 шо сов кхечча йелира цьунна йоӀарех цхьаъ. Пасихатс цунах йисина 5 бутт кхечна йьӀ хьалакхиира[1].

1960-гӀа шерашкахь цуьнан цӀаерзара нисделира. Иза шен доьзаллаца Соьлжа-ГӀалахь Ӏан йолайелира[1].

2005 шарахь цуьнан берех жима йоӀ бен дина ца йисира. Оцу йоӀан цу хенахь 78 шо дара. Пасихате цу хенахь 9 бери бера а дара, 16 берий берий бера а, 10 берий берий берий бера а[1].

Цуьнан гергарчара схадицарехь, иза цкъа а цомгуш ца хилла. Жима йолуш иза хӀора динахь шовданехь а луьйчура, дегӀахь шила хи а кхорзура[1].

Цо хӀумнаш а тоьгура, ша чохь а, уьйтӀахь а цӀано а латтайора. Цунна хьена йаа хӀума а, стоьмаш а, помдораш а, конфеташ а йезара. Цо кӀезга йаа хӀума йуура, цкъа а дӀайижале ца йуура. Буьйсанна хьалхе дӀа а йужура, Ӏуьйренна хьалхе хьала а гӀоттура. Шена хилла цатам атта ловра[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 Валерия Подорожнова. Три века одного человека. Российская газета (2005 шеран 18 март). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 февраль.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан