Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ
Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ (вина 1952 шеране 21 октябрехь) — советийн инженер, российн политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, ГӀалгӀайчоьнан правительствон председатель (1994—1996), Федерацин Кхеташонан декъахо (2009—2011 а, 2013—2018 а).
Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||
Хьалха хилларг | Иванов Никита | ||||||
Когаметтаниг | Чилиев Муса | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Костоев Ӏийса | ||||||
Когаметтаниг | Иванов Никита | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Сакалов Махьмуд | ||||||
Когаметтаниг | Татриев Мохьмад | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Дидигов Тамерлан | ||||||
Когаметтаниг | Хамчиев Белан | ||||||
Вина терахь | 1952 шеран 21 октябрь (72 шо) | ||||||
Вина меттиг | Целиноград, Кхазакхийн ССР, ССРС | ||||||
Парти | Йукъара Росси | ||||||
Дешар | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1952 шеран 21 октябрехь Кхазакхийн ССР Целиноградехь (хӀинца — Астана, Республика Кхазакхстан). Ишкол чекхйаьккхира Несарахь (Нохч-ГӀалгӀайн АССР). 1969—1970 шерашкахь болх бира Несарарчу «Электроинструмент» заводехь фрезеровщик даржехь, 1970—1972 шерашкахь Советийн эскарехь вара. 1978 шарахь чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкдаьттан институт «инженер-механик» говзаллийца. 1978—1986 шерашкахь — «Ставропольтехмонтаж» трестан монтажан урхаллин пхьар, лакхара прораб (Тырныауз гӀала, ГӀебартойн-Балкхаройчоь). 1986—1988 шерашкахь ССРС Монтажан а, башха гӀишлошйаран белхийн а министраллин Кавказан арахецаран-Ӏуналлин урхаллин (Нальчик) хьаькаман гӀовс даржехь вара. 1988 - 1991 шерашкахь вара арахецаран декъан куьйгалхо, цул тӀаьхьа Минмонтажспецстройн (Москох) Кавказан мехкан координацин-хаамийн центран хьаькаман гӀовс. 1991 шарахь ССРС Министрийн Кхеташонера Халкъан бахаман академи диплом делира. 1991—1993 шерашкахь вара Кавказан мехкан монтажан комплексан министраллин (Нальчик) хьаькаман гӀовс[1].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанПачхьалкхан совгӀаташ ду[2]:
- Сийлахь цӀе «Российн Федерацин хьакъ долу гӀишлошйархо» (2008)
- ДоттагӀаллин орден (2015)
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Дидигов Мухарбек Ильясович . Энциклопедия. ТАСС. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 13 июль.
- ↑ Дидигов Мухарбек Ильясович . Единая Россия. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 15 июль.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Дидигов Мухарбек Ильясович . Совет Федерации. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 13 июль.
- Дидигов Мухарбек Ильясович . лицавласти.рф. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 13 июль.