ГӀебартойн-Балкхаройчоь
ГӀебартойн-Балкхаройчоь (Кабарди́но-Балка́рия; гIебар.-чергаз. Къэбэрдей-Балъкъэр Республикэ; кхарач.-балк. Къабарты-Малкъар Республика) — Российн Федерацин[2] республика[3], субъект, Къилбаседа Кавказан федералан гуонан йукъайогӀу. ГIебартойн-Балкхаройн республикин меттанаш гIебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а[4].
Республика (пачхьалкх) | |||||
ГӀебартойн-Балкхаройчоь | |||||
---|---|---|---|---|---|
гӀебарт.-чергаз. Къэбэрдей-Балъкъэр Республикэ | |||||
![]() | |||||
|
|||||
Гимн Кабардино-Балкарии[d] | |||||
43°35′ къ. ш. 43°24′ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх |
![]() |
||||
Адм. центр | Нальчик | ||||
Корта | Казбек Валерьевич Коков[d] | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1936 шеран 5 январь | ||||
Латта |
|
||||
Сахьтан аса | MSD[d], Европа/Москох[d][1] | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой |
|
||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ISO 3166-2 | RU-KB | ||||
Официалан сайт(оьр.) | |||||
![]() |
|||||
![]() |
![]() | |
---|---|
![]() |
ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан х\ост (Инс.) |
Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан йукъайоьду, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду[5]. Коьрта шахьар — Нальчик гӀала.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин, цуьнан берриг махкахь гӀебартойн, балкхаройн, оьрсийн пачхьалкхан меттанаш ду[6].
Дозанца лаьтта: малхбузехь — Кхарачой-Чергазийчоь, къилбаседехь — Ставрополан мохк, малхбузехь а, къилба-малхбузехь а — Республика Къилбаседа ХӀирийчоь, къилбехь — Гуьржийчоь.
Кхоьллина 1921 шеран 1 сентябрехь ГIебартойн автономин область аьлла. 1922 шеран 16 январехь — ГIебартойн-Балкхаройн автономин область. 1936 шеран 5 декабрехь йина автономин республика (ГӀебартойн-Балкхаройн АССР). 1992 шарахь дуьйна — ГӀебартойн-Балкхаройн Республика
Физикин-географин амалНисйе
ГеографиНисйе
ГӀебартойн-Балкхаройчоьн республика ю Кавказан къилба макробасен йуккъерчу декъехь. Республика екъна ю кхаа коьрта геоморфологин зонашна — ломан, ломан кӀажан, аренан. Ломан а, ломан кӀажан а зонаш дӀалоцу субъектан доккхаха долу дакъа. Аренан зоно дӀалоцу республикин къилбаседа-малхбален дакъа.
Республикехула вовшенца нисса Йоккхачу Кавказан 5 коьрта рагӀ ю: Дежийлин (я Киран), Хьуьнан, Тархийн, АгӀонтӀиера, Коьрта (я Хидоькъу).
- Уггар лекха меттиг: Эльбрус лам (5642 м), уггар лекха бу Россехь, Кавказехь, Европехь.
- Максимум йохалла къилбаседера къилбехьа: 167 км;
- Максимум йохалла малхбузера малхбалехьа: 123 км.
КлиматНисйе
Республикера климат тайп-тайпана ю. Лаьмнашкахь хиларна, республикехь вертикалкепара асалла ю. Аренашкахь а, ломан кӀажошкахь а тӀуьна континенталан климат ю, иза лаьмнашкахь хийцало субарктикан климатца. Кхин дӀа лекхачу лаьмнашкахь хийцало альпийн кепара климатца. Январан температуран йуккъера барам бу −2°С (аренашкахь), −12 °С (лаьмнашкахь), июлан 25°С а, 5°С а. Йочанийн шеран йуккъера барам бу 500 – 2000 мм.
Республикин аренашкахь (масала Прохладнин кӀоштан Прохладни гӀалахь а, Майскин кӀоштахь) бараман континенталан климат ю семиаридан климатан амалашца.
Аренашкахь Ӏа шен абсолютан лахарчу температурашца шийла ду ломан кӀажошкахь йолчу ярташкахь, гӀаланашкахьчул (Нальчик), республикин минимум температурин рекорд хоттийна 2012 шеран 8 февралехь Прохладни гӀалахь, гӀалин метеостанцехь температура охьаелира −29.5 °C, оццу хенахь Нальчикехь температура охьа ца елира −27 °C лаха.
Аьхке аренашкахь чӀогӀа йовха хуьлу, шолгӀа дакъа тӀех йовха.
Июнь — уггар тӀуьна бутт бу, дукха йочанаш хуьлу, тӀех йовхо июнехь ца хаало (+37°С).
Июлан хьалхара дакъа июнан шолгӀачу декъах тера ду, амма декъо ду. Июлан шолгӀачу декъехь хаало лакхара температураш. Уггар бовха мур — июлан чеккхе — август. Аренашкахь июлан температура сих-сиха хьалайолу +38 °C сов, 2000—2016 шерийн муьрехь июлан температуран максимум хааелла Прохладнехь 2000 шеран 28 июлехь, оцу дийнахь +40.7°С яра. Нальчикехь оцу дийнахь хӀаваъ дохделира +38.3 °C кхаччалц.
Август — аренашкахь дукха хьолахь шеран уггар бовха бутт хуьлу, аренашкахь августехь йочанаш хаъал кӀезиг хуьлу, июлехь я сентябрехьчулла а. Аьхка йочанаш кӀезиг хилар бахьнехь татолийн система лелон езаш хуьлу юьртабахаман латташна хитохархьама. Августехь температурин максимум сих-сиха айало +38…+40 °C бараме. 21 бӀешарахь августан уггар лакхара температура хааелла 2006 шеран 8 августехь Прохладни гӀалахь — оцу дийнахь гӀалин метеостанцин максимум хилира +40.9 °C
ЭкосистемаНисйе
Аренашкахь ду Iаьржа латта а, Ӏаьржа-боьмаша латта а, ломан басешкахь — ломан-байн.
Хьаннаш лоцу мехкан 1/10 дакъа. Хишшан тогӀенашкахь гӀадолу хьаннаш ю. 800—1600 м лакхахь — шуьйрагIадолу хьаннаш (алсама попан), 2200 м — баганан (алсама зоьзан). 2000 сов м лакхахь ю лаьмнийн цанаш (тайп-тайпана суланан а, кенийн а).
Екхашйолчех яьржина дийнаташ: цхьогал, чагӀалкх, борз, боьра ча, салор, лу, нал, сай, кавказан масар, дегIастанан хьех. Олхазарех уггар даьржинарш — цӀирцӀирхьоза, пеночка-весничка, акха котам, лекъ.
ГӀебартойн-Балкхаройчохь ю къоман парк «Приэльбрусье», ГIебартойн-Балкхаройчоьнан лекха лаьмнийн заповедник[7] а, 11 пачхьалкхан заказник а.
ХишНисйе
ӀаьмнашНисйе
ЧухчарешНисйе
- Гедмишх — изза цӀе йолчу хин тӀиера (аьтту га ду Балкхан) чухчари.
- Чегеман чухчареш — Чегеман геннаш тӀиера (Адайсу, Каяарты, Сакал-Туп) масийтта чухчари.
- Абай-Су — Башиль-Аузу-Су (Чегеман га) хин тӀиера чухчари.
- Султан — Балкх хин лакхахьара Джилы-Сун уллора чухчари.
Пхи эзар метр лекха баххьашНисйе
ИсториНисйе
- Хьажа иштта: ГIебарта, Балкаройчоь
Вайн заманан республик кхоллале, цуьнан латтан тӀехь йара шиъ историн области — ГIебарта а, Балкхаройчоь а. ГӀебарта лаьттара шина олаллех: Йоккха ГӀебарта а, Жима ГӀебарта а, цара лоцуш хилла таханлерчу республикин аренан а, ломан кӀажан а дакъа, ткъа иштта ломан а, лаьмнийн баххьашкара а зонаш Балкх хин а, цуьнан геннийн а лакхенашкара. Балкхаройчоь екъна хилла пхеа ламан тайпанашка, лоцуш хилла, коьртаниг, республикин ломан а, лаьмнийн баххьашкара кӀошташ.
1921 шарахь ГӀебарта а, Балкхаройчоь а Йуккъерчу Кавказан кхечу историн областашца йукъаягӀара Ломан АССР. 1921 шеран 1 сентябрехь ГӀебартойн гуо арабаьлла Ломан автономин республикин чуьра, ткъа тӀехьа 1922 шеран 16 январехь цунна тӀехьаягӀара Балкхаройчоь.
ГIебартойн-Балкхаройн автономин область кхоьллира 1922 шарахь, 1936 шарахь цунах йира АССР.
Сийлахь Даймехкан тIом болуш ГӀебартойн-Балкхаройчохь кхоьллира Скорохода А. Ф. куьйгаллехь волу 115-гIа ГIебартойн-Балкхаройн дошлойн дивизи, цуо тӀом бира Кавказ яккхаран тӀамехь а, Сталинградан тӀамехь а. 1942 шарахь республикин доккхаха долу дакъа Нальчикца цхьаьна Германин куьйгакӀелахь лаьттира. 1943 шеран январехь ГӀебартойн-Балкхаройчоь шаерг мукъаяьккхира мостагӀчух. 1944 шарахь балкхарой махкахбахар бахьнехь цӀе хийцира ГIебартойн АССР аьлла, 1957 шарахь — йуха а ГӀебартойн-Балкхаройн АССР хилира. 1992 шарахь — ГӀебартойн-Балкхаройн Республика.
1950-гIа а, 1960-гIа шерашкахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь йина яккхий промышленни машенашъяран, гӀирсашбаран предприятеш. 1990 шарахь промышленностехь балхахь бара 96,3 эз. стаг[8].
2008 шарахь Российн Банко арахецна ГӀебартойн-Балкхаройчоьн лерина иэсаллин ахча[9].
СимволикаНисйе
Республика ню шен байракх, хӀост, шатлакхан илли.
ГӀБР Конституцехь хӀост дешийн (можа) эрзун сурт ду. Эрзун накхан тӀехь декъна турс ду, лакхахь — детийн (кӀай) шиъ бохь болу лам сийначу аренахь, лахахь — дешийн (можа) кхоъ дехуо гӀа баьццарчу арахь.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин Пачхьалкхан байракхан кӀади ду цхьатерра доккха ана асанаш: лакхарниг — сийна, йуккъерниг — кӀай, лахарниг — баьццара басахь. КӀадин йуккъехь — гуо, хадийна сийна а, баьццара а асанца; сийна асан тӀехь — Эльбрус ламан сурт ду кӀайчу басахь.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин Пачхьалкхан шатлакхан илли йу гӀебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а къаьмнийн эшарийн интонации а, беснаш а лелош кхоьллина йолу даккхийдеран музыка. Шатлакхан Иллехь дешнаш дац. Музыкин автор — Карданов Хьасан[10][11].
БахархойНисйе
Росстатан терхьашца республикин бахархойн барам бу 868 350[12] ст. (2020). Бахархойн луьсталла — Дешнийн гӀалат: ца хаа оператор <.Дешнийн гӀалат: ца хаа оператор <Дешнийн гӀалат: ца хаа оператор < ст./км² (2020). ГӀалийн бахархой — 51,93[13] % (2017).
Бахархой | 2010 шеран барам, стаг[14] |
2002 шеран барам, стаг[15] |
1989 шеран барам, человек[16] |
---|---|---|---|
ГӀебартой | ↘ 490 453 (57,2 %) | 498 702 (55,3 %) | 363 494 (48,2 %) |
Оьрсий | ↘ 193 155 (22,5 %) | 226 620 (25,1 %) | 240 750 (31,9 %) |
Балкхарой | ↗ 108 577 (12,7 %) | 104 951 (11,6 %) | 70 793 (9,4 %) |
Туркой | ↗ 13 965 (1,6 %) | 8 770 (1 %) | 4 162 |
ХӀирий | ↘ 9 129 (1,1 %) | 9 845 (1,1 %) | 9 996 (1,3 %) |
Эрмалой | ↘ 5 002 | 5 342 | 3 512 |
Украинаш | ↘ 4 800 | 7 592 | 12 826 (1,7 %) |
Корейш | ↘ 4 034 | 4 722 | 4 983 |
Цигонаш | ↗ 2 874 | 2 357 | 2 442 |
Чергазий | ↗ 2 475 | 725 | 614 |
ГIезалой | ↘ 2 375 | 2 851 | 3 005 |
Азербайджанаш | ↘ 2 063 | 2 281 | 2 024 |
Нохчий | ↘ 1 965 | 4 241 | 736 |
Гуьржий | ↘ 545 | 1 731 | 2 090 |
ГӀазгӀумкий | ↘ 1 462 | 1 800 | 1 587 |
Немцой | ↘ 1 462 | 2 525 | 8 569 (1,1 %) |
ГӀалгӀай | ↗ 1 271 | 1 236 | 664 |
Кхарачой | ↘ 1 028 | 1 273 | 1 202 |
Шайн къам ца дийцинарш | ↗2 269 | 15 | 0 |
Билгалдаккхар: таблицехь гайтина 2010 шарахь 1000 сов стаг волу къаьмнаш.
Билгалдаккхар2: кхин адыгаш санна дукха а гӀебартоша 2010 шеран дӀаяздаран компанехь гайтира шайн экзоэтноним — «чергази».
Боьршанаш-стенашНисйе
2010 шеран Российн халкъдагардаран болх[17]:
Хан | Божарий, ст. |
Зуларий, ст. |
Барам, ст. |
Дакъа массо а бахархойх, % |
---|---|---|---|---|
0 — 14 шо | 84 068 | 80 834 | 164 902 | 19,2 % |
15 — 59 шо | 274 148 | 302 840 | 576 988 | 67,1 % |
60 шерал баккхийра | 43 559 | 74 490 | 118 049 | 13,7 % |
Массо а | 401 775 | 458 164 | 859 939 | 100,0 % |
Божарий — 401 775 ст. (46,7 %). Зударий — 458 164 ст. (53,3 %).
Бахархойн йуккъера хан — 35,3 шо. Бахархойн медианан хан — 32,8 шо.
Божарийн йуккъера хан — 33,4 шо. Божарийн медианан хан — 30,8 шо.
Зударийн йуккъера хан — 36,9 шо. Зударийн медианан хан — 34,9 шо.
Нах беха пункташНисйе
- Бахархойн барам 10 эзар сов стаг волу нах беха пункташ
|
|
|
Административан-лаьттан декъадаларНисйе
«ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин административан-лаьттан хӀоттамах» цӀе йолчу ГӀБРан Законаца, иза РФ ю шена йукъа хӀара административан-лаьттан дакъош долуш: 3 республикин куьйга кӀелара гӀала, 10 кӀошт.[21]
Республикин муниципалан хӀоттаман гуран чохь, ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан административан-лаьттан дозанчохь кхоьллина муниципалан кхолламаш: 3 гӀалин гуонан, 10 муниципалан кӀошт.[22]
Республикин коьрта гӀала — Нальчик, иза иштта йоккха экономикин йукъ йу Къилбаседа Кавказан, пачхьалкхехь коьртачех цхьаъ курорт ю федералан маьӀна долуш.
№ | ЦӀе | Административан центр |
Бахархой, ст. | |
---|---|---|---|---|
Республикин маьӀна долу гӀаланаш (гӀалийг гуонаш) | ||||
1 | Нальчик | Нальчик | ↗264 924[19] | |
2 | Баксан | Баксан | ↗58 169[19] | |
3 | Еха-ГӀала | Еха-ГӀала | ↘58 083[19] | |
КӀошташ (муниципалан кӀошташ) | ||||
1 | Баксанан кӀошт | Баксан | ↗62 634[19] | |
2 | Зольскан кӀошт | Залукокоаже | ↗49 460[19] | |
3 | Лескенан кӀошт | Анзорей | ↗28 981[19] | |
4 | Майскин кӀошт | Майски | ↗38 713[19] | |
5 | Прохладнин кӀошт | Прохладни | ↘45 195[19] | |
6 | Теркан кӀошт | Терк | ↘50 715[19] | |
7 | Урванан кӀошт | Нарткала | ↗72 862[19] | |
8 | Чегеман кӀошт | Чегем | ↗68 971[19] | |
9 | Черекан кӀошт | Кашхатау | ↗27 637[19] | |
10 | Эльбрусан кӀошт | Тырныауз | ↗35 910[19] |
ЭкономикаНисйе
Республикин экономикин бух — юьртабахам (ялташ (кIа, хьаьжкIа, борц), техникин ораматаш (маьлхан хӀуш, к1омал), даьхнийлелор (шуран-жижиган тайпана), ткъа иштта хьунхьакхар.
ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин жима а, йуккъера а предпринимательствон инфраструктура кхиоран гуран чохь йехкира цхьа маша бизнес-инкубатораш, церан Ӏалашо — ГӀБРан жима а, йуккъера а предпринимательствон кечйина офисийн а, производственни а гӀишлош ялар мехах льготашца. Кхоьллина дика болх беш ю кхоъ бизнес-инкубатор: офисийн а, производственни а гӀишлош луш йолу Нальчик гӀалара пачхьалкхан урхалла "ГӀебартойн-Балкхаройн бизнес-инкубатор, шиъ муниципалан офисийн бизнес-инкубаторш йу Прохладнехь а, Баксанан кӀоштахь а. 2012 шеран Республикин ВРП барам хилира 94,2 млрд сом.[хьост?]
ПромышленностьНисйе
Республикехь болх беш йу 200 сов промышленни предприяти[23]. Майски гӀалахь ю Россехь коьртачех рентгенан гӀирс беш йолу ООО «Севкаврентген-Д». Терк гӀалахь «Терекалмаз» заводехь деш ду шайн синтетикан алмазаш а, церан бух тӀехь лакхара нийса болу алмазан гӀирс а. Арахоьцучу продукцин йукъахь бу геолого-талламан а, ломанмаьӀданийн а предприятешна беш болу алмазан бурун гӀирсаш (баттарчий, сто, шорйийрирш); алмаз доьллина гӀирсаш (прецизионан фасонан роликаш, къоламаш, яхканаш, гуран чуьра алмазаш), машенашъяран а, металлтодаран а шаръяран алмазан гӀирс (нийса профилан АЧК гуонаш, кхин а); тӀулгтабаран а, гӀишлошъяран индустрин а алмазан хадоран а, шарбаран а, Ӏаламан тӀулг, бетон, асфальт къагоран (алмазан паста, кхин а) а гӀирс (хадон сегментийн тӀулгаш, фрезаш, аьлханаш, мешнийн херхаш, кхин а). Тырныауз гӀалахь йу йохк-эцаран GIPSELL маркан продукци ешйолу завод «Каббалкгипс», иза гӀишлошъяран гӀирс баран а, бохкаран а бух тӀехь лаьтта.
- Завод Кавказкабель
- Тырныаузан ломан-цӀандаран комбинат (2000-гӀа шераш долалучу хенара болх беш йац, Ӏовраш хьевддачул тӀехьа)
- Каббалкгипс (завод)
Кхуьуш йу электроэнергетика, регионехь болх беш йу масех гидроэлектростанци, 2010 шеран нуьцкъалла — 126,6 МВт, ток йаккхар 478 млн кВт•с шарахь:
- Аушигерски ГЭС (60,0 МВт; 222,0 млн кВт•с шарахь),
- Кашхатау ГЭС (65,1 МВт; 241,0 млн кВт•с шарахь),
- Баксански ГЭС (27,0 МВт; 125,0 млн кВт•с шарахь),
- болх беш ю масех кегийра ГЭС (нуьцкъалла 5,5 МВт, ток йаккхар 14,9 млн кВт•с шарахь),
- йеш йу Зарагижски (28,8 МВт[24]) а, Верхнебалкарски а ГЭС (15,6 МВт),
- хьехош йу «Голубые озёра» ГЭС (до 110 МВт) йар, проект йеш йу Сармаковскан ГЭС (17,6 МВт, 74,5 млн кВт•с)
ТранспортНисйе
ОьздангаллаНисйе
ХӀара агӀо йа дакъа чекхйаккха дезаш ду. |
Наьртийн эпосан оьздангаллин тӀехьено дахьа доккха маьӀна республикин оьздангаллин. XX бӀешеран тӀеххьарчу итт шарахь республикин оьздангаллин политика йина Российн, федералан оьздангаллин а, искусствон а концепцех уьйр ца хаддош, тергоеш башхаллашна, дуккха а къаьмнаш долу ГӀебартойн-Балкхаройн къоман оьздангалла кхиаран халонашна. «Росси оьздангалла» цӀе йолчу федералан Ӏалашонан программо хаъал кхетам белла даймехкан оьздангаллин кханен[25].
XX бӀешеран чеккхенгахь ГӀБР айаделла шайн кхоллараллин хьашт, 90-гӀа шераш долалуш къоьлла дӀаяьлла, оьздангалла керлачу рынкан хьолах дола доладелла. Нагахь 1999 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь 1440 кружок хиллехь, 2001 шарахь церан барам совбелира 1560 кхаччалц, хаалора оьздангаллин-садаӀаран меттигаш алсама йовлар. Оьздангаллин-садаӀаран тайпа кхолламийн барамца ГӀБР 78 меттигехь ю Российн Федерацин субъекташлахь. XX бӀешеран 90-гӀа шерийн ГӀБРан этносан музыкин оьздангалла кхиаран башхаллаш[хьост?].
Дукхахйолчу ярташкахь Оьздангаллин цӀенош бен ца хилира шорта функцеш йолу оьздангаллин центраш, церан хьоло гайтора хӀокха, вукха яртийн оьздангаллин дахаран тегӀа. Таханлера къаьмнийн оьздангалла кхиоран болх — фольклоран этнографин центраш яхкар.
Доккха маьӀна долуш ду шайн кхолларалла лакхарчу тегӀанехь кхиор, 90-гӀа шерашкахь ГӀБРехь ца хеддаш дӀахьуш ю республикин эшарийн а, хелхаран а халкъан ансамблийн, адыгийн а, балкхаройн а халкъан иллиалархойн фестивалаш, къаьмнийн ловзарш, регионашкара говзаллаш хийцаран оьздангаллин фестивалаш, смотраш — хореографин искусствон, халкъан музыкин гӀирсийн оркестрийн къийсамаш, К. Каширгован цӀарахчу къоман пондар лакхархошна кечйира тематикан программа «Музыкин ГӀебартойн-Балкхаройчоь».
Муниципалан оьздангаллин кхолламийн белхашкахь кӀоштан социооьздангаллин специфика лоруш дика тенденцеш хилира мероприятеш ярехь. Баксанан кӀоштан оьздангаллин кхолламашкахь шуьйра даьржира фольклоран фестивалаш, смотраш, конкурсаш яр. Зольскан кӀоштехь хааделла фольклоран тобанаш а, ансамблаш а тӀекхетар. Урванан кӀоштан оьздангаллин отдело жигара баьккхина шайн болх фольклор Ӏалашъярехь а, кхиорехь а. Изза Ӏалашо хӀоттийра фольклоран Центран Псынабо юртахь. Теркан кӀоштахь дика терго йора берашций, кегийрхошций болчу балхана, Черекан кӀоштехь — жигарабаьлла гӀиллакхаш, Ӏадаташ дендарехь а, Ӏалашдарехь а болу болх, Чегеман кӀоштехь — дӀахьо къоман рузманан ловзарш, фольклоран коллективийн смотр-конкурсаш, халкъан эшарш лакхархойн фестивалаш[хьост?].
1980-гӀа шераш дуьйлалуш шуьйра даьржира яртийн, гӀалийн, кӀоштийн деза денош. Уьш ду ГӀалин денош, ГӀебартойн-Балкхаройн яздархойн юбилейш язъяр, хьалхелелорхой базбеш къоман ловзарш дӀадахьар. Гласностан а, демократизацин а керла мур болалуш дезчу деношна йукъадало дуьйлира культан Ӏадатийн йукъараллин гуттар хьалха дицдина долу деза денош. Дукха хьолахь уьш довзийтаран мероприятеш яра, профессионалийн а, шешкхоллаелла а коллективаш хиттош: хьалхара хершан деза де; кхъуейпллъыжькӀэрыщIэ (кхагийна нехча хьалаоллар) спортан ловзаршца, совгӀаташца, уьш хиттадора кӀант вича а, кхечу светан рузман дезчу терхьашца (1 май, 7 ноябрь, кхин а); Навруз даздар. Къоман йукъахь лела гӀиллакхаш, деза денош, Ӏадаташ, уьш дӀадахьаран кепаш дика довзаро аьтту бо гучудаккха оьздангаллин-довзийтаран кхолламаш гулдинарг.
Ӏидин башхалла, адамийн Ӏидин йукъаметтиг лаьтта гармоница ийна шина хотӀан йукъаметтигах: говзаллехь хуьлу тӀех билламе а, практикехь реал мА-йарра а. Дика дисина, амма мела а кеп хийцина доьзалан Ӏиданаша а, Ӏадаташа а. масала, дахаран хьалхара циклан Ӏадаташ (гущэхэпхэ (бер аганан чудиллар), «дуьххьара ког баккхаран Ӏида), ловзаран Ӏадаташ. XX бӀешеран 80-90-гӀа шерашкахь дуьненан хӀуманан доьзалийн Ӏиданашна, чӀогӀа халкъан йукъадаьхкина вина йа йина денош даздар, дешар чекхдаккхар, иштта кхин дӀа а.
Адыгин вокалан оьздангалла юхакхолларехь йоккха роль ю 1996 шарахь дуьйна дӀахьуш йолу ГӀебартойн-Балкхаройн халкъан артистан Х. Кунижевн цӀарахчу адыгийн халкъан эшарийн Республикин конкурсан[хьост?]. Конкурсан Ӏалашо: меттахӀоттор Ӏадатан эшаран кхолларалла; адыгийн эшар лакхаран оьздангалла Ӏалашъяр; гучубахар говза иллиалархой; кегийрхой а, бераш а кхоллараллин йукъаозор, церан говзалла айар; жанран шуьйра пропаганда; коллективийн а, шеш болу иллиалархойн а репертуар юзар.
ГӀБРан оьздангаллин баккхий векалш бу, ГӀБРан халкъан поэт, ССРСн, РСФСРн Ленинан а, Пачхьалкхан а премийн лауреат Кулиев Кайсын, ССРСн халкъан артист, ССРСн а, РСФСРн а Пачхьалкхан премийн лауреат Темирканов Юрий.
Ӏилма а, дешар аНисйе
- В. М. Коковн цIарах йолу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан аграран университет
- Х. М. Бербековн цIарах йолу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан университет
- ГIебартойн-Балкхаройчоьнан бизнесан институт
- Москохан комплексан кхерамазаллин институт ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан филиал
- Нальчикан кооперацин институт (филиал) Автономин коммерци йоцу кхолламан Белгородан кооперацин, экономикин, бакъонан университет
- Къилбаседа-Кавказан искусствон пачхьалкхан институт
- Къилбаседа-Кавказан Российн ЧГӀМ белхалойн квалификаци айбаран институт (филиал) Российн Федерацин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон пачхьалкхан хазнан Краснодаран университет
- ХӀокху заманан гуманитаран академи — Нальчикан филиал
- Армавиран лингвистин социальни институт — Филиал Нальчик гӀалара
- Федералан пачхьалкхан бюджетан Ӏилманан учреждени РӀА ГӀебартойн-Балкхаройн Ӏилманан йукъ.
ДинНисйе
Дин пачхьалкхах дӀакъастийна ду законаца цхьабосса а ду[26]. Уггаре чӀогӀа даьржина ши дин ду: ислам (суннийн некъан) а, православин керсталла а. Бусалбанийн къаьмнаш республикехь 70% сов ду[27]. суннийн некъан ислам ГӀебартчоьнан а, Балкхаройчоьнан махкахь дуьззина чӀагӀделира XVIII бӀешо чекхдолуш[28].
ГӀБР правительствон 2013 шеран хаамашца, республикехь дӀайазбина бу 176 динан кхоллам[29], царна йукъахь:
- 125 бусалбанийн
- 21 православин
- 1 йахӀудийн
- 3 руман-католикийн
- 26 протестантийн.
ГӀБРехь болх беш ду 152 маьждиг[30], 20 православин килс, 1 монастырь-килс, 4 часовня-килс, 1 синагога, 27 протестантийн а, 3 риман-католикийнламазан цӀенош. Динан болх бо 137 бусулбаний, 23 православин, 2 риман-католикийн, 30 гергга протестантийн динан белхалоша, 1 жугтийн молла.
Хьажа ишттаНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
- ↑ Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
- ↑ Конституция КБР. РАЗДЕЛ I. корта I Основы Конституционного строя.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Конституция КБР(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Петрушина М.Н., Пуляева Д.А. и др. Кабарди́но-Балка́рия / председ. Ю.С. Осипов и др., отв. ред. С.Л. Кравец. — Большая Российская Энциклопедия (в 30 т.). — Москва: Научное издательство «Большая российская энциклопедия», 2008. — Т. 12. Исландия - Канцеляризмы. — С. 309. — 766 с. — 65 000 экз. — ISBN 978-5-85270-343-9.
- ↑ Конституция КБР. РАЗДЕЛ I. Глава III. Государственное устройство.(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
- ↑ Кабардино-Балкария. Энциклопедия «Отечество»
- ↑ И. Х. Тхамокова. Русское население Кабардино-Балкарии в XIX — начале XXI в.: динамика этнокультурных границ. Нальчик: Издательский отдел Кабардино-Балкарского института гуманитарных исследований, 2014. С. 108, 117
- ↑ Сообщение ЦБ Рф от 30 июля 2008 г. «О выпуске в обращение памятных монет»
- ↑ Конституция Кабардино-Балкарской Республики
- ↑ Гимн КБР
- ↑ Оценка численности постоянного населения на 1 января 2020 года и в среднем за 2019 год (оьр.). Теллина 2020 шеран 13 мартехь.
- ↑ Численность постоянного населения на 1 января (человек) 1990-2010 года
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Национальный состав и владение языками, гражданство. Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации Архивйина 2013-07-24 — Wayback Machine
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Национальный состав и владение языками, гражданство. Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации Архивйина 2006-11-04 — Wayback Machine
- ↑ Демоскоп Weekly. Приложение. Справочник статистических показателей. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Национальный состав населения по регионам России. Кабардино-Балкарская АССР
- ↑ Том 1. Таблица 2.2 Население КБР по возрастным группам и полу.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ 1 2 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 21 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 21 сентябрехь.
- ↑ Закон «Об административано-территориальном устройстве Кабардино-Балкарской Республики»
- ↑ Закон «О статусе и границах муниципальных образований в Кабардино-Балкарской Республике»
- ↑ Реестр промышленных предприятий КБР Архивйина 2013-11-09 — Wayback Machine
- ↑ В КБР к 2013 году планируют построить две малые ГЭС, Информационно-новостной портал КБР (19 октября 2011). Хьаьжна 5 апрелехь 2013.
- ↑ Особенности развития этнической музыкальной культуры КБР в 90-е годы XX века | Архивы и общество
- ↑ Конституция Кабардино-Балкарской Республики от 1 сентября 1997 г. N 28-РЗ (принята Парламентом Кабардино-Балкарской Республики 1 сентября 1997 г.) (в редакции, принятой Конституционным Собранием 12 июля 2006 г., республиканских законов от 28 июля 2001 г. / Глава I Основы конституционного строя(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). constitution.garant.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.
- ↑ Двадцатка самых исламизированных регионов России(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2017 шеран 19 майхь.
- ↑ ДУМ РФ Кабардино-Балкарская Республика (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). www.dumrf.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.
- ↑ Религия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). pravitelstvo.kbr.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.
- ↑ Хазраталий Дзасежев избран на новый срок | Официальный сайт Кабардино-Балкарской правды. www.kbpravda.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.
ЛитератураНисйе
- Харенко А. А. Горными тропами Кабардино-Балкарии: Спутник туриста. — Нальчик: Эльбрус, 1972. — 104, [16], [24] с. — 30 000 экз. (обл.; карташ-схемаш)
ХьажоргашНисйе
- Викилармехь йу ГӀебартойн-Балкхаройчоь теман медиафайлаш
- Официальный сайт Главы КБР Архивйина 2014-12-18 — Wayback Machine
- Парламент Кабардино-Балкарской республики Архивйина 2015-11-17 — Wayback Machine
- Кабардино-Балкарская Республика в справочнике-каталоге «Вся Россия»Архивйина 2012-10-13 — Wayback Machine