Дитрих, Марлен
Марле́н Ди́трих (нем. Marlene Dietrich [maɐˈleːnə ˈdiːtʁɪç], йича тиллин цӀе Мария Магдалена Дитрих (нем. Marie Magdalene Dietrich); 1901 шеран 27 декабрь — 1992 шеран 6 май) — немцойн а, америкин а актриса а, эшархо а. Цо кхоьллина киночохь зудчуна тоьллачарах васт.
Марле́н Ди́трих | |
---|---|
Marlene Dietrich | |
Бакъ цӀе | Мария Магдалена Дитрих |
ГӀуллакхан тайпа | киноактёр, эшархо, автобиограф, эстрадный артист, скрипач, театральный актёр, актёр, телеактёр, боец сопротивления |
Йина терахь | 1901 шеран 27 декабрь |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1992 шеран 6 май (90 шо) |
Кхелхина меттиг | Париж, Франци |
Корматалла | актриса, эшархо |
Гражданалла | Германи, АЦШ |
Да | Луи Эрих Отто Дитрих |
Нана | Вильгельмина Джозефина Фельзинг |
Бераш | Морис |
Сайт | http://www.marlene.com/ |
Марле́н Ди́трих Викилармехь |
Иштта а Дитрих йисина исторехь гӀарйалла эшархо санна а.
Биографи
бӀаьра нисйанЖималла
бӀаьра нисйанМари Магдалене Дитрих йина 1901 шеран 27 декабрехь Шёнеберг (1920 шо дуьна — Берлинан дакъа) гӀаланахь. Цуьна да хилла Луи Эрих Отто Дитрих (вина 1868 шарахь), нана йара Вильгельмина Джозефина Фельзинг (1876 шо). Цхьаболчара олу Марлен 1904 шарахь йина. Марленс ша олура ша 1900 шарахь йина.
Цуьна да хилла улан эскирехь. Цуьна йоӀ йечу хенахь иза вара полицин лейтенант. Нана йара хьалдолчу сахьташ духкучу хӀусамера. Шен гергарниш невцан реза боцушехь иза йагӀара цьунга маре 1898 шарахь. Марлен йале цхьа шо хьалха йинера цуьна йоккху йиша Элизабет.
Марлен 6 шо кхаьчна йолуш цуьна да велира. И валали цхьа шо хьалха дай-наний дӀасакъестинера, цундела Марлен шен да дагавогӀуш йацара.
1907 шо дуьна Марлен йоӀари школехь дешуш йара. Шен доьзалла кхабархьам нана хьалдолчу нехи цӀахь болбеш йара. Марлен музыка Ӏамо йолайелира, лютня а, скрипка а лакха Ӏамош йара иза.
1914 шо дуьна Дитрих доьзаллин Дессау дӀабагӀа дийзира. Керлачу школехь массо а дахаран агӀо боьдучу тӀеман хьаьжжина дӀадодура. ЙоӀариш тӀамтӀе бодуш салташна а, лазийна салташна а концерташ йора.
1917 шарахь доьзулла Берлине йухабехкира. Цу шарахь иза дуьххьура сценетӀе йелира скрипка локхуш.
Марлен Берлинера школе оьхура 1918 шо кхаччалц. ТӀом а, инфляци а, эпидеми а бахьнехь нах хала бохкух бара. Цундела нанас шен йоӀ Ӏалашйеш иза Веймаре йахийтира. Цигахь Марленс фрау фон Штайн школехь доьшара а, скрипка а Ӏамайора.
Дитрих Веймаре кхьаьчча хенахь цигахь хьайоллу Баухаус. Цу чохь гулбеллера дукха похӀме архитектораш а, художникаш-авангардисташ а: И. Иттен, Л. Мохой-Надь, П. Клее, В. Кандинский, Л. Фейнингер, О. Шлеммер, Г. Маркс, Ю. Шмидт, Г. Штёльцль. Баухаус кхоьллинчера дика йукъаметтиг йара фон Штайн школийца, цундела Марленан царехь дукхаберш бевзара. Нанас ша йуха а Берлине дӀайигаллалц Марлен скрипка Ӏамош йара.
ЦӀа кхаьчча Марленс скрипка йита дийзира. Цхьа бахьан дара цуьна куьг лазар. ШозлугӀа — ахча даккха дезар. Иза аздоцу фильмашна аккомпанемент йашйолу оркестре балха йахара. Цундела цунна аьтто белира массо а фильме масийттуза хьажа. Амма цуьна хазалло кхиболу музаканташ болхба ца буьтура. Цундела цхьа бутт белча иза балхара дӀайаккхира. ТӀаккха иза йолайелира вокал урокаш эца цхьана Берлинехь тоьлчах волу хьехархогара. Марлен аз чӀогӀа ца хиллехь а, массарна хаалора цунна эшар лакха хаьи.
Дитрих болхбора Рудольф Нельсон кабарехь. Цигахь иза йара йакхоьча йоӀаришца хелха а йулуш, эшар а локхуш. Цу хенахь хиира цунна ша гӀарйала лууш йуй. Иза гӀерта йолайелира шен ма хуьллу оцу Ӏалашон тӀекхача.
1922 шарахь иза Немцо театрехь йолу актеран школе экзаменех чакх ца йолу. ЙугӀа йала ца лууш, иза тӀейахара гӀарйалла кабаре актрисин Роза Валетти. Жима актрисин аз хазделла цо йагӀийтира и Рейнхардт администраторан тӀе. Иштта Марлен школе дӀаийцира. Оцу шарахь иза дукха спектакльшкахь гучуйолу.
1923 шеран 17 майхь Марлен маре йахара. 1924 шарахь цо йоӀ йира. 1925 шарахь иза йуха а болхба йолайелира. 1928 шарахь цо дуьххьара пластинкаш дӀайазйира.
Цхьа шо даьлча Джозеф фон Штернберган гира иза цуьна ревюхь. Цо кхайкхира иза «Сина малик» аьлла фильмехь дакъа лаца. И фильм бахьнехь Дитрих дуьненахь гӀарйалла артист хилира. Фильм ша оцу хенахь йара немцо киноматографан коьрта фильм. Цуьна премьера хиллера 1930 шеран 31 мартехь. Критикаш фильман баш реза а ца хиллехь, хьовсархой чутаттабелира кинозалаш чу. И фильма бахьнехь Дитрих америкера кино йоккхучарна евзира.
Голливудехь бина болх
бӀаьра нисйан1930 шарахь Дитрихс «Paramount Pictures» компанехь болхба йолайелира. Цо Штернбергца йаккхина йалх фильм бахьнехь Марлен дуьненахь а гӀарйалла артист хилира. «Зуда шайтӀа ду» аьлла фильм царех тӀаьххьарниг йара.
1936 шарахь Гебельсас элира цуьнга, ша Марленс хӀора йаккхина фильмах 200 000 рейхсмарк лурду. Цул совнах Марлен шен луу продюсер а, режиссер а, харжа йиш хир йу аьлла. Амма Дитрих реза ца хилира. 1937 шарахь ша тӀаьххьара Германи еачу хенахь ша реза ца хилитар хаийтира цо. 1939 шеран 9 июнехь цуна Америкин гражданство йелира.
Штернбергца цхьана бешболу болх сецча Марленс ша дукха фильмашкахь дакъа лецира. Иза гӀертара Штернбергс йина вастахь дакъаста, амма и да гӀоьртача критикаш цунна реза ца хуьлура.
1943 шеран мартехь шен болх битина иза кхаа шарахь салтиш хьалха хуьлу Африкехь а, Италехь а, Францехь а концерташкахь дакъа лоцура. Оцу кхаа шарахь цо йелира 500 сов концерт. 1947 — 1950 шарашкахь цунна йелира Америкин лаккхара мидал — ПаргӀатон мидал, иштта а Францин «Сийлахь легионан орден» а, «Сийлахь легионан эпсир» а орденаш.
1946 шо дуьна дӀа 1951 шо кхаччалц йуха а кинохь болхбира цо. Цул совнах цо радиопередачашкахь дакъа лоцара, къагийна журналашкахь статьяш йазйора. 1953 шарахь иза йолайелира эшарш лакха а, конферансье болх ба а. Кинохь тӀехь-тӀехь кезга гучуйолура иза. Цо ша хоржура шен ролеш, кеги ролеш ловзура дукха ахчанах.
1960 шарахь иза гастролешна ФРГ еара. Немцаш иза во тӀелецира цуьна тӀеман хенахь Германин дуьхьал хиларна. 1963 шарахь цо бокху кхиамца Москвахь а, Ленинградехь а концерташ йелира. Интервью луш хенахь цо элира ша СССР кхача лууш дукха хан йу а, шен оьрсийн литература йезарна а[1].
ТӀаьххьара шераш
бӀаьра нисйан1975 шарахь цо Сиднейхь ког кагбинера. И бахьнехь цуьна болх бита бизира. Цхьа шо делча цуьна майра велира. Цо йаккхина тӀаьххьара фильм йара 1978 шарахь арайалла «ТӀеххаза жиголо — къен жиголо». Оцу фильмехь Марленс коьрта эшар а лекхира, саундтрек йазйеш дакъа а лецира. 1979 шарахь цо йазйина «Marlene Dietrich ABC» книга арайелира. Иза оцу сахьтехь масийтта матта йаккхира. Россиехь иза арайелира «Сан дахаран абат» аьлла цӀе йолуш.
Маларах а, лазар дӀадокху молханех а доьзна хилара бахьнехь тӀаххьара шарашкахь иза шен Парижер квартирера ара ца йолура. Дуьненца зӀе цо телефонца латтайора. ТӀаьххьара 11 шо цо меттахь даьккхира, шен гуттар гергарниш бен тӀе ца лоцуш.
1982 шарахь Дитрихс Максимилиан Шеллан шен пурба делира шех лаьцна документан фильм йаккха. Амма цо Шеллан тӀедиллира ша оцу фильмехь гойтура йац аьлла. Цундела Шеллс «Марлен» фильм йаккхира. Иза йара Марленца аудиоинтервью. Иштта цу йукъахь йара Дитрих йина шена дахарах лецна кадршан комментариш.
Марлен Дитрих йелира 1992 шеран 6 майхь шен Парижера квартирехь. Цунна кадам бан веара кхо эзар ларамхо. Цуьна гроб тӀе Америкин флаг йиллина дӀайихьира Берлине. Цигахь шен ненан каш уллехь дӀайоллира иза.
Марленс чӀогӀа лардора шен дахарца доьзна массо а хӀума. Дукха хӀумнаш а, сурташ а цо латтайора лерина йина компанешкахь. Цигахь уьш латтайириг дукха ахча долура. Иза йеллачул тӀехь и массо а хӀума цхьана гулйинера (25 эзар хӀума а, 18 эзар сурт а). Царех дукхаериг Берлинера кинон музейчу даӀелира, цхьаериг — Сотбис аукционехь йохкира.
Йиццайар
бӀаьра нисйан- Марлен Дитрих цӀе 1923 шарах Карл Рейнмунт боху астрономан карийна йолу астероидан тиллина.
- 2002 шарахь йеллачултӀехь Марлен Дитрих йинера Берлинан сийлахь гражданин.
- Германехь а, Молдавехь а Дитрих сийдеш арахецна почтан маркаш.
- 2008 шеран 28 июлехь Марлен Дитрих йиначу цӀийнатӀехь (Леберштрассе, 65 Шёнеберг районехь) хӀоттина леррина мемориалан у[2].
- «Марлен» — 1935 шарахь А. Н. Вертинскийс Марленина йазйина эшар (дешнаш а, мукъам а).
- Евровидени 1970 эшеран конкурсехь Доминик Дюссос лекхира Марлен Дитрихах лаьцна эшар.
Фильмографи
бӀаьра нисйанПремьера | ЦӀе | Оригинал | Роль |
---|---|---|---|
1922 шо | Божари иштта бу | So sind die Männer | Катрин |
1923 шо | Безаман бохам | Tragödie der Liebe | Люси |
1923 шо | Новкъахь долу адам | Der Mensch am Wege | Kramechstochter |
1924 шо | Дахарчу кхоссавалар | Der Sprung ins Leben | Guter, Mädchen am Strand |
1926 шо | Манон Леско | Manon Lescaut | - |
1926 шо | Дюбарри тахана | Eine Dubyrry von heute | Kokotte |
1926 шо | Охьа ма таӀа, Чарли | Kopf hoch, Charly! | Edmee Marchand |
1926 шо | Зудчун бераш ца деза | Madame wünscht keine Kinder | Танцовщица |
1926 шо | Забарча | Der Juxbaron | - |
1927 шо | Цуьна боккху аьшпаш | Sein größter Bluff | Иветта |
1927 шо | Кафе Электрик | Café Electric | Эрни |
1928 шо | Принцесса Олала | Prinzessin Olala | Chichotte de Gastone |
1929 шо | Целую вашу руку | Ich küsse Ihre Hand, Madame | Лоранс Жерар |
1929 шо | Йезаш йолу зуда | Die Frau, nach der Man sich sehnt | Сташа |
1929 шо | Байначера | Der Schiff der verlorenen Menschen | - |
1929 шо | Зудайалор хена кхерамаш | Gefahren der Brautzeit | Эвелин |
1930 шо | Сина малик | Der blaue Engel | Лола-Лола |
1930 шо | Марокко | Morocco | Эми Джолли |
1931 шо | Си дайанарг | Dishonored | Мэри Колверер |
1932 шо | Шанхайн экспресс | Shanghai Express | Магдален/Лили Шанхай |
1932 шо | Сирла месаш йолу Венера | Blonde Venus | Хэлен Фарадэй |
1933 шо | Эшари эшар | Song of Songs | Лили Кжепанек |
1934 шо | ЦӀийш йуьзна паччахь | The Scarlet Empress | Екатерина II |
1935 шо | Зуда шайтӀа ду | The Devil is a Woman | Кончита Пэрез |
1936 шо | Лаам | Desire | Маделен де Бюпрэ |
1936 шо | Дели беш | The Garden of Allah | Домини Энфильден |
1937 шо | ГӀагӀ доцу къонах | Knight Without Armour | Герцогиня Алесандра Владинофф |
1937 шо | Малик | Angel | Мария 'Ангел' Бэйкер |
1939 шо | Дестри йугӀа а говрахь ву | Destry Rides Again | Фрэнчи |
1940 шо | ВорхӀ къинош дерг | Seven Sinners | Бижу Бланш |
1941 шо | Энерги | Manpower | Фэй Дуваль |
1942 шо | Ледин иштта лаьа | The Lady is Willing | Элизабет Мадден |
1942 шо | Сийдоцургш | The Spoilers | Шэрри Малотт |
1942 шо | Питтсбург | Pittsburg | Джоси 'Ханки' Винтерс |
1942 шо | Нью-орлеанера серло | The Flame of New Orleans | Клэр Леду/Лили |
1944 шо | Кисмет | Kismet | Джамилла |
1944 шо | КӀенташна тӀаьхьа | Follow the Boys | камео |
1946 шо | Мартин Руманьяк | Martin Roumagnac | Бланш Ферранд |
1947 шо | Деши чӀагарш | Golden Earrings | Лидия |
1948 шо | Дозанал арара роман | A Foreign Affair | Эрика фон Шлютов |
1949 шо | ХӀетал-метал | Jigsaw | камео |
1950 шо | Сценехь кхерар | Stage Fright | Шарлотт Инвуд |
1951 шо | Стиглахь некъ бац | No Highway in the Sky | Моника Тисдейл |
1951 шо | Дастамдаьлла ранчо | Rancho Notorious | Алтар Кин |
1956 шо | Дуьненна гобаккхара 80 дийнахь | Around the World in 80 Days | Хозяйка салона |
1957 шо | Монте-Карло | Montecarlo | Мария де Крэвесье |
1957 шо | Бехкедаран теш | Witness for the Prosecution | Кристина Хельм/ Воул |
1957 шо | Вон зорба | Touch of Evil | Тана |
1961 шо | Нюрнберехь процесс | Judgment at Nuremberg | госпожа Бертхольт |
1962 шо | Ӏаьржа цхьогал. Адольф Гитлеран бакъдерг дийцар | The Black Fox. The True Story of Adolf Hitler | диктор |
1963 шо | Париж йовхонехь | Paris When It Sizzles | камео (в титрах не указана) |
1978 шо | ТӀеххаза жиголо — къен жиголо | Schöner Gigolo, armer Gigolo | Баронесса фон Зомеринг |
1984 шо | Марлен | Marlene | голос за кадром |
Альбомаш
бӀаьра нисйан- 1951 шо: Marlene Dietrich Overseas
- 1954 шо: Live at the Café de Paris
- 1959 шо: Dietrich in Rio
- 1960 шо: Wiedersehen mit Marlene
- 1964 шо: Marlene singt Berlin
- 1964 шо: Die neue Marlene
- 1964 шо: Dietrich in London
- Сборникаш (хаьржинаш)
- 1949 шо: Souvenir Album
- 1952 шо: M.D. Live 1932—1952
- 1959 шо: Lili Marlene
- 1969 шо: Marlene Dietrich
- 1973 шо: The Best of Marlene Dietrich
- 1974 шо: Das war mein Milljöh
- 1982 шо: Her Complete Decca Recordings
- 1992 шо: The Marlene Dietrich Album
- 1992 шо: Art Deco Marlene Dietrich
- 2007 шо: Marlene Dietrich with the Burt Bacharach Orchestra
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Советский экран журнал № 3. — М., 1985.
- ↑ Deutsche Welle
Литература
бӀаьра нисйан- Норма Боске, Мишель Рахлин. Марлен Дитрих: последние секреты. М. Текст, 2011.
- Н. Я. Надеждин. Марлен Дитрих: «Уйти, чтобы остаться»: Биографические рассказы. М.: Майор, Осипенко, 2011. 192 с., Серия «Неформальные биографии», 2000 экз., ISBN 978-5-98551-162-8
- Н. Я. Надеждин. Марлен Дитрих. М.: Мир энциклопедий Аванта+, Астрель, 2011. 224 с., ил., Серия «Секрет успеха», 3000 экз., ISBN 978-5-98986-511-6, ISBN 978-5-271-36823-3
- Паван Ж. Марлен Дитрих / Пер. с фр. Е. Пурыжинской. — М.: Молодая гвардия, Палимпсест, 2012. — 256 с. — (Жизнь замечательных людей). — 5000 экз., ISBN 978-5-235-03472-3
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанMarlene Dietrich Викилармехь |
- Официальный сайт Архивйина 1996-12-28 — Wayback Machine
- Марлен Дитрих Биография Архивйина 2013-04-19 — Wayback Machine