Дустург дожар
Дустург дожар (инг. comparative case, оьрс. сравнительный падеж) — грамматически дожар ду, цхьана маьӀнехь цӀерниг «дустаран» хилар билгалдоккхуш долу. ЦӀердешан дустург дожаро гойту ша кхечу хӀуманах тера хилар, йе кхи долу грамматикан дожарех доьзна хилар. Дустург дожаро жоп ло «стенал?» йа «хьанал?»[1].
Дустург дожар нохчийн маттахь
бӀаьра нисйанНохчийн маттахь дустург дожаро - цхьа хӀума (йа хьал) дусту кхечунца[2].
Дустург дожаро - «стенал?» йа «хьанал?» хаттарашна жоп ло[3].
Масала:
- Ваха Висител лоха ву. ( хьанал лоха ву? )
- Деца ненацачул ийна йара йоӀ. ( хьанцачул ийна йара йоӀ? )
- Дика маццикал тоьлу вончу машинал. ( стенал тоьлу дика моццикал? )
- Оргал шуьйра ду Терк. ( стенал шуьйра ду Терк? )
- ↑ А.И. Халидов. .
- ↑ .
- ↑ Infourok Ц1ердош а,билгалдош а .Карладаккхар. 4 кл . Инфоурок. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 6 июль.