Терк
Терк (лахенашкахь Аликазган[2] , гуьрж. თერგი (Тэрги); гӀалгӀ. Тийрк[3], хӀир. Терк[4]; гӀебарт.-чергаз. Тэрч[5]; кхарач.-балк. Терк суу; оьрс. Терк[6]; гӀум. Терек-сув) — Къилбаседа Кавказера эрк. ОхьадогӀу шина пачхьалкхан мехкашкахула — Гуьржийчухула (лакхе) а, Российн Федерацехула а, ткъа цунна чохь тӀаьххьара йийцина 6 субъектан мехкашкахула. Ладаме хин бахаман маьӀна долуш ду. Теркан дельта ша лаьтта шуьйра 4000 км² гергга майда йолу, царех 500 км² сов ирригацин майданаша[7] дӀалаьцна латта ду.
Терк | |
---|---|
гуьрж. თერგი, гӀалгӀ. Тийрк, оьрс. Терек, гӀум. Терек-сув | |
![]() | |
Амал | |
Дохалла | 623 км |
Бассейн | 43 200 км² |
Хи дайар | 305 м³/с (16 км хикхочел лакхахь) |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Зильга-хох лам (Доккха Кавказан дукъ) |
• Локхалла | 2713 м |
• Координаташ | 42°37′17″ къ. ш. 44°14′51″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Каспий-хӀорд |
• Локхалла | −28 м |
• Координаташ | 43°35′43″ къ. ш. 47°33′35″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 4,40 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Каспий-хӀорд |
Пачхьалкхаш | |
Регион | Мцхета-Мтианети |
КӀошташ | Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, ГӀебартойн-Балкхаройчоь, Ставрополан мохк, Нохчийн Республика, ДегӀаста |
Код ПХР чохь | 07020000212108200002513[1] |
![]() |
ЦӀеНисйе
Эркан шира оьрсийн цӀе — Терка[8], цуо олу шира гидроним, тарло, тюркех схьаяьлла. Э. М. Мурзаевс дийцарехь, эркан цӀе схьайаьлла тюркийн меттанашкара]], церан меттанашкахь терек — иза «талл»[9] ду, ткъа эркан цӀе Терек су — «Таьллан эрк». Амма кхин гипотезаш а йу: масала, А. В. Суперанскаяс боху, гидрониман бух тӀехь ду хӀунну-булгарийн терек — «эрк». Талламхочо жамӀ до гидронимашкахь шуьйра даьржинчу терек лексемин бух тӀехь (Акх-Терек, Кхара-Терек, Уч-Терек, Иш-Терек, кхин а), ткъа кхин а оцу эркийн баккхий барамаш бахьнехь а[10]. кхарачойн-балкхаройн маттахь «терк суу» маьӀна ду «чехка, сих ахи йа эрк»[11]. Кхин а ойланаш йу эркан гӀебартойн-чергазийн цӀарах. Тэрч — «Серий лург» «ты» — далар; «чы» — серий. Серий (чы) дукха генара дуьйна, XIII бӀешо дӀадаллалц, ладаме гӀишлошъяран гӀирс бара чергазашна. Теркан шинне а бердаца яра юькъа яьлла хьун[12].
Амма нохчийн маттахь талла а ца оьшуш эрк охьадоьду хих олуш ду. «Терк» маьӀна хуьлу «тӀе+эрк», аьлча а «ТӀе эрк», хӀинца ма-аллара хилча «Эрк тӀе». Сулейманов Ахьмадан белхо уьш вуно дика гойту[13].
Гуьржийн шира хьосташкахь («Картлийн Дахар» Леонти Мровели) Терках "Ломеки" олу, иза вайнехан маттахь «ламан хи» бохург ду[14].
ГеографиНисйе
Схьадолу басера Коьрта Кавказан дукъ Турсан чӀожера, Зилга-Хох шалам тӀийра, 2713 м хӀордан тӀегӀанал лакхара. ОхьадогӀу Гуьржийчоьнан, Къилбаседа ХӀирийчоьнан, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан, Ставрополан мехкан, Нохчийчоьнан, ДегӀастанан латтанаш тӀехула. Эркан дохалла — 623 км, хи гулдаран майда — 43 200 км². Каргалински гидрошед тӀиера дуьйна лелайо Керла Терк цӀе (наггахь литературехь лелайо Каргалинка цӀе а). Лахенашкахь олу Аликазган (цӀе, хетарехь, йелла Аликазган эвланах, иза хилла хӀинцалерачу Крайновкин тӀай долчохь). Йуккъера охьане 4,40 м/км.
Хьалхара 30 км охьадогӀу Коьрта а, АгӀонан а даккъашна йукъахула, цул тӀаьхьа доьрзу къилбаседехьа, АгӀонан (Теркан чӀожехула), Тархийн даккъаш а, Ӏаьржа лаьмнаш а хададой; БуритӀе гӀала йолчохь арадолу ломан кӀажошкара аренашка, цигахь цунах кхета дуьзина геннаш Гизельдон, Ардон, Урух, Малка (Баксанца). Малкан хикхочийлера дуьйна охьадоьду гӀамаран-сазлаттан харш чухула шортта гӀайренаш а, оьсигаш, гомхенаш а йолуш; Соьжин хикхочел лахахь декъало цхьа могӀа геннашна. Кхета Каспий-хӀордан Аграханан айманах, дельта а гулдеш (майда 4000 — 6000 км² гергга); дельтан декъехь коьрта харш масийттаза хийцаделла (1914 шарахь дуьйна доккхаха долу хи чекхдолу Каргалинскехь чухьаьдда даьккхинчу харш чухула). Эркан тиша харш ду, хӀинца татолаш дина эркаш, — Суллу-Чубутла, Шира Терк (Дельтин татол), Йуккъера, Таловка, Куру-Терк, Кардонка, кхин а. 1957 шарахь «Каргалинскехь хи хьаьддачу меттигал» лакхахь бира Каргалински гидрошед, цуьнан гӀоьнца теркан шира геннашна чу хи тотту.
ГидрологиНисйе
Эркан хи ийна ду, 70 % гергга хи догӀу бӀаьстенан а, аьхкенан а муьран. Терко дерриг шарахь дельте охьадахьа хи кхочу йуккъера барам 11 км³, царех 4 км³ гергга дойу дельтехь хи дуьллуш, Ӏаьнаре долуш, Ӏаьмнаш дузуш, латто худуш, ткъа 6 км³ кхочу хӀорд чу[15]. Уггаре дукха хи хуьлу июлехь — августехь, уггаре кӀезга — февралехь. Шарахь хи дайаран йуккъера барам — 530 км хикхочел лакхахь (БуритӀе йолчохь) 34 м³/с, хикхочел 16 км лакхахь – 305 м³/с. Даьржина хилар 400—500 г/м³ (шозза сов ду Ийдалан хил)[15]. Шарахь Терко охьайахьа 9 - 26 млн т хьаькхна латта а, гӀум а, тӀулгаш а. Шен раж цхьаьнаэшшара йац (ша цахӀутту луьра Ӏаьнашкахь бен).
ГеннашНисйе
Коьрта геннаш: аьрру — Ардон а, Гизельдон а (Гизельдон кхета Ардонах 0.2 км хикхочел лакхахь, цундела дукха хьолахь хьахадо Теркан аьрру га санна), Урух, Малка, аьтту — Армхи а, Соьлжа а.
Теркан дельтаНисйе
Теркан дельтера коьрта транзитан га «лелаш» ду: керла га кхоллало 60—70 шо долуш, цу тӀе шираниг дукха хьолахь дӀадолу. Даьржа Каргалински гӀалин кӀоштахь, XX бӀешарахь и процесс адамо сацийра[16] хьалха хилла бохамаш бахьнехь.
Эрк талларНисйе
Эрк талла йина 7 гидрологин пост — БуритӀехь, Котляревскехь, Мазалкехь (Малка эркан хикхочел лахахь), Хьаьнгаш-Йуртахь (Соьлжан хикхочел лахахь), Каргалински гидрошед, Аликазган, Дамба[17].
Хи бахамехь лелорНисйе
Теркан хи шуьйра леладо бахамехь. Цуьнан хиш дохку Теркан-ГӀуман а, Теркан-ГӀой-хин а чутаӀенашкахь масех эзар гектар декъа латташна. Хи дилла бина шиъ гидрошед — Павлодольски (цигахь долало Теркан-ГӀуман татол) а, Каргалински а (кхоъ татол — Дельтин, Новотеречни, Сулу-Чубутла), — ткъа кхин а даккхий татолаш — Ӏалханчуртан (долало Ӏалханчурт (Къилбаседа ХӀирийчоь) эвлана гергга), Куйбышевн цӀарах татол (Оьрза-ГӀалин) гергахь), Новран-Шелковски га (Оьрза-ГӀала), Дзержинскийн цӀарах (долало хьалха хилла Дзержинка кӀотаран кӀоштахь).
Теркаца йолу нах беха меттигашНисйе
- Гуьржийчоь
- Мцхета-Мтианети мохк:
- Казбегин муниципалитет: Реси, Деси, Тепи, Цоцолта, Караткау, Абано, Кетриси, Окрокана, Шевардени, Ухати, Каноби, Пкхелши, Гористкайкхе, Ткаршети, Суатиси, Алмасиани, Коби, Вардисубани, Сиони, Гарбани, Арша, Ачхоти, Паншети, Степанцминда гӀала, ГелатӀе, Цдо.
- Российн Федераци
- Республика ГӀалгӀайчоь:
- ЖӀайрахан кӀошт: Джейрах[18] (Горбани а, Тамариани а меттигаш)
- Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Алани:
- БуритӀен административан гуо: Лакха Ларс пос., Лаха Ларс, Эзми, Чми, Балта, Терк, Редант Хьалхара, Редант 2, БуритӀе гӀ., Южни пос., Заводской пос.
- Пригородни кӀошт: Ногир, Михайловски, Ӏалханчурт пос.
- Правобережни кӀошт: Беслан гӀ., Фарн
- Ардонан кӀошт: Коста, Цмити, Бекан, Карджин
- Республика ГӀебартойн-Балкхаройчоь
- Теркан кӀошт: Плановски, Терк гӀ., Интернациональни, Арик, Джулат, Красноармейски, Опытни, Урожайни, Терекски, Хьамидие
- Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Алани
- Мазалкан кӀошт: Черноярски, Новоосетински, Сухотски, Виноградни, Павлодольски, Раздольни, Советски, Гуьчиг-Йурт, Луковски, Мазалк гӀ., Киевски, Калинински, ГӀоьжакъе, Муьже
- Ставрополан мохк
- Нохчийн Республика
- Теркан кӀошт: НогӀамирзин-Йурт, Ӏелин-Йурт, Бена-Йурт, ЧӀулга-Йурт, Эмасуле, Лакха Невре, Лаха Невре, Макане, Макан-КӀотар
- Невран кӀошт: Ишоре, Алпату, Новр-ГӀала, Макан-ГӀала, Савельевски, Гал-ГӀала, Комсомольски, Салт-ГӀала
- Республика ДегӀаста
ГЭСНисйе
Эрк тӀехь лаьтта Теркан ГЭС каскад: Дарьяли ГЭС, Ларси ГЭС (Гуьржийчохь), Эзмински ГЭС, Дзауджикауски ГЭС, Павлодольски ГЭС (Россехь); йерриг йуьстина ницкъалалла 2018 шарахь хилира 185 МВт кхаччалц энергии, шеран йуккъера барамца 904 млн кВт•сахьт гергга. Тарло кхин а цхьа могӀа ГЭС йан.
ӀаламНисйе
Лахенашкахь Теркан хиш чохь дукха чӀара бу (лосось, бакъ чӀара, саза, судак, яй, мекхашчӀара, кхин а).
Терк оьздангаллехь а, исбаьхьаллехь аНисйе
- Терках баккхий бина А. С. Пушкин[19] а, М. Ю. Лермонтов[20] а, кхин берш а.
- Къилбаседа ХӀирийчохь ю хелхаран хӀирийн фольклоран ансамбль «Терек»[21].
- Теркан бердашца хилла, евзаш йолчу гӀазакхийн «Любо, братцы, любо» [22] эшарера хиламаш:
- Сиха Теркан, лекха берде,
- Шовзткъа эзар говр лаьллира гӀазакхаша.
- Дийшийра Теркан тӀе, буьзира Теркан берд
- БӀенашкахь цистина, чевнаш йина адамаш.
- Футболан клуб «Ахьмат» (Соьлжа-ГӀала) 2017 шо кхаччалц «Терек»[23] цӀе йолуш яра.
- ДоьалгӀа этюд соль-диез минор композиторан С. М. Ляпуновн «Лакхара говзаллин шийтта этюд» гуламера «Терек»[24] цӀе ю.
- Терках лаьцна дийцина шен «Кавказ» жайнехь Дюма Александра 1858 шарахь[25].
- Толстой Лев Николаевичан «ГӀазакхий» повестехь берриг хиламаш Теркан тӀехь хилла[26].
- Ильфан а, Петровн а «Шийтта гӀант» романехь Остап Бендер, Киса Воробьянинов, мозгӀар Фёдор Кавказехула бинчу некъ Теркаца бира:
Буса цуо [мозгӀар Фёдор] мохь хьоькхура, цхьацца хенахь Терк а ца хозуьйтуш, ткъа Ӏуьйрана бепигца юьхь а диина, шайтӀа санна воьлура бухахула уьдучу автомобилех[27].
|
ГалерейНисйе
Терк Казбеги эвлан уллехь, Гуьржийчоь.
Хьажа кхин аНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ СПРАВОЧНО-АНАЛИТИЧЕСКИЙ ОБЗОР ГИДРОЛОГИЧЕСКОГО РЕЖИМА В УСТЬЯХ РЕК ВОЛГИ, ТЕРЕКА, СУЛАКА. www.google.com. Теллина 2020 шеран 12 январехь.
- ↑ Барахоева Н. М., Кодзоев Н. Д., Хайров Б. А. Ингушско-русский словарь терминов: 7500 слов. — Назрань: OOO «Пилигрим», 2015. — С. 294
- ↑ Русско-осетинский словарь. — М.: Изд-во «Советская энциклопедия», Издание второе, исправленное и дополненное.. Составил В. И. Абаев. 1970
- ↑ Апажев М. Л., Коков Дж. Н. Кабардино-черкесско-русский словарь / Нальчик: Эльбрус, 2008
- ↑ Карасаев А. Т., Мациев А. Г. — Русско-чеченский словарь — 1978
- ↑ Дельта Терека; Почвоведение (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2020 шеран 11 апрелехь.
- ↑ Книга Большому чертежу // Роспись реки Терку / Подготовка к печати и редакция К. Н. Сербиной. — М.-Л.: Издательство Академии наук СССР, 1950. — С. 65 (л. 90) и др.
- ↑ Ср. каракалп. Terak; кхазакх. Терек; узб.Terak; якут. Тирэх
- ↑ Твёрдый А. В. Топонимический словарь Северного Кавказа. Ч. 1, 2 . — Краснодар, 2006.
- ↑ Река Терек(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2020 шеран 11 апрелехь.
- ↑ Налоева Евгения Джамурзовна Кабарда в первой половине XIII века. Глава «Гидронимика Кабарды» Нальчик. ООО Печатный двор 2015 г.- С.164
- ↑ Сулейманов, 2006.
- ↑ Чудеса России: Терек (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 14 февралехь. Теллина 2020 шеран 11 апрелехь.
- ↑ 1 2 Дельта Терека (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2020 шеран 11 апрелехь.
- ↑ Аксянов Т. М. Паводочная опасность в низовьях реки Терек и пути её преодоления на территории Дагестана//Материалы Международной научно-практической конференции «Геориск-2012». — М.: Российский университет дружбы народов, 2012. — С. 139.
- ↑ Таблица 2 (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2020 шеран 11 апрелехь.
- ↑ Кеп:ГИС:ПКК
- ↑ Александр Пушкин — Меж горных рек струится Терек (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2020 шеран 11 апрелехь.
- ↑ Михаил Лермонтов — Дары Терека(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 16 декабрехь. Теллина 2009 шеран 10 декабрехь.
- ↑ Заслуженный ансамбль народного танца «Терек» (оьр.). Теллина 2020 шеран 17 апрелехь.
- ↑ Любо, братцы, любо (текст песни) (оьр.). Теллина 2020 шеран 17 апрелехь.
- ↑ «Наше имя — "Ахмат"»: как Кадыров переименовал "Терек" (оьр.) (2017, 17 июнь). Теллина 2020 шеран 17 апрелехь.
- ↑ С. М. Ляпунов – 12 трансцендентных этюдов, Соч. 11 - 4 соль-диез минор Терек. Теллина 2020 шеран 17 апрелехь.
- ↑ С Дюма по Кавказу. Сравнительный путеводитель (оьр.). etokavkaz.ru. Теллина 2019 шеран 4 ноябрехь.
- ↑ Краткое содержание повести Толстого «Казаки» (оьр.). briefly.ru. Теллина 2019 шеран 24 ноябрехь.
- ↑ Двенадцать стульев (Ильф и Петров). Глава XXXVIII
ЛитератураНисйе
- Терек (река) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Терек // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
ХьажоргашНисйе
- Терек на сайте Aqua Expert (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2020 шеран 11 апрелехь.