Орга (эрк)
Орга (оьрс. Аргун, гуьрж. არღუნი) — Къилбаседа Кавказера Гуьржийчоьнан а, Российн а мехкара эрк, Соьлжан аьтту га (Теркан бассейн)[2].
Орга | |
---|---|
нох. Чӏаьнтий-Орг, гуьрж. არღუნი | |
Амал | |
Дохалла | 148 км |
Бассейн | 3390 км² |
Хи дайар | 45,6 м³/с (Дуби-Эвла (Шелан кӀошт)) |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Пхейн-Мохк (Гуьржийчоь) |
• Локхалла | 2474 м |
• Координаташ | 42°30′22″ къ. ш. 45°04′20″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Соьлжа |
• Эрк чекхдолу меттиг | Баса-ГӀала (Соьлжа-ГӀалин кӀошт) |
• Локхалла | 69 м |
• Координаташ | 43°21′12″ къ. ш. 45°56′47″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 16,2 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Пачхьалкхаш | |
Регион | Мцхета-Мтианети |
КӀошт | Нохчийчоь |
Код ПХР чохь | 07020001212108200005795[1] |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Сурт хӀоттор
бӀаьра нисйанЭркан дохалла — 148[3] км, бассейнан майда — 3390[3] км². Йуккъера охьане 16,2 м/км. Йуккъера хи дайар — 45,6 м³/с. Хи далар ийна ду. Орган тӀаьхь массанхьа ша ца бо.
Орга долало Йоккха Кавказан дукъан Борбалой-Ломара къилбаседа басешкара шалам тӀиера. Лакхахь, Шара Органах кхетталц, исторера дуьйна цӀе йу ЧӀаьнтийн Орга.
Кхин дӀа, аренашка даллалц («Орган кевнашка» (АгӀонан Кавказан дукъан)) эрк охьадогӀу ломан Нохчийчуьра Орган-ЧIожан чухула. Ӏин, эркан хьосташна гергахь дикка, хьун йоцуш ду, ткъа лахо йерриг аьлча санна хьаннаш йу[4]. Шена чуоьцу дуккха а ломан эркаш а, шовданаш а, уггаре доккха царех — Шара-Орга эрк ду, дӀакхета Органах нисса «кевнашкахь». Орган а, цуьнан геннийн а бассейнан ломан дакъано, дӀалоцу ломан Нохчийчоьнан малхбузен дакъа — Итон-Кхаьллан а, Шуьйтан кӀошташ. И область йу нохчий охьахевшина хьалхарчу меттигех цхьаъ, амалехь йу шайн ламастан бӀаьвнийн тайпана гӀишлошца ширчу эвланийн шортта саьлнаш.
Аренашка кхаьчначул тӀаьхьа Органца доьду Нохчийчоьнан Соьлжа-ГӀалин а, Шелан а кӀошташна йукъара доза Соьлжах кхеталц. ТогӀина чухула адамаш луьста хевшина. ТӀом балале амалехь дара хадданза долара цӀенойн гӀишлош.
Эркан лахахарчу декъехь лаьтта Устрада-ГӀала.
Гидроним схьайалар
бӀаьра нисйанОрга (оьрс. Аргун ) нохчийн маттахь – готта кӀорга Ӏин, кӀаг. Гидроним «ark, arg» ломан нохчийн маттахь — «эрк» ду).
Орган геннаш
бӀаьра нисйанОрганах кхета Гура чуьра догӀу хи, Йоьрдие хи, Алард хи, Кхел хи, Шедала хи, ӀандагӀиера догӀу хи, Меше-Хи, МӀайстойн эрк, БӀаьстан-Хи, Хилдехьаройн эрк, Зумсин эрк, Шара-Орга, кхин эркаш а.
Орган тӀиера эвланаш
бӀаьра нисйанОрга тӀаьхь лаьтта эвланаш: Шедала, Дуоза, Комалха, Пийжа, Цацах, Итон-Кхаьлла, КӀонжаха, ЧӀиннах, Башан-кхелли, Гучан-кхелли, Нихала, Гоьргача, Хьакка, Шуьйта, Зонах, Ярашмаьрда, ЧӀишка, Доча-Борзе, Дуби-Эвла, Лаха-Варанда, Чуьйри-Эвла, Йоккха АтагӀа, Жима АтагӀа, Чечан, БердакӀел, БелгӀатой-Эвла, Устрада-ГӀала.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ Аргун // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ 1 2 «Река Аргун (Чанты-Аргун, Аргун)» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Чанты-Аргун // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Аргун (река на Сев. Кавказе) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Аргун // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.