Дуьххьара дуьненна гуо баккхар

Ду́ьххьара дуьне́нна гу́о ба́ккхарМагеллан Фернан коьртехь волу Испанин хӀордан экспедици, чекхйаьккхина Элькано Хуан Себастьян куьйгаллехь волуш.

дуьххьара дуьненна гуо баккхар
«Виктори» — Магелланан экспедицера йухадеина цхьа кема. Абрахам Ортелийн картин дакъа
«Виктори» — Магелланан экспедицера йухадеина цхьа кема. Абрахам Ортелийн картин дакъа
Мохк Кастили а, Леон а паччахьалла Кастили а, Леон а паччахьалла
Болийна терахь 1519 шеран 10 август
Чекхбаьккхина терахь 1522 шеран 6 сентябрехь
Куьйгалхо Магеллан Фернан, Элькано Хуан Себастьян
ХӀоттам
235 – 280 командин декъахо пхеа кеманахь
Маршрут
Кхиамаш
  • Адаман исторехь дуьххьарлера дуьненна гуонаха кеманахь некъбар
  • Чамбечеран гӀайренашкА малхбузен некъ беллар
  • Европахой дуьххьара Тийна Ӏапказах бовлар
Белламаш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Португалхойн элас Магеллана 1515 шерал тӀаьхьа Чамбечеран гӀайренашка малхбузен агӀор хӀордан новкъа кхача проект кечйира. Экспедицин — официалан цунах олура «Молуккин арданг» — цунна йукъадогӀура пхи кема, царна тӀаьхь вара, цхьацца мах хадорца, 235 – 280 стаг. Новкъа бевлира 1519 шеран 20 сентябрехь Санлукар-де-Баррамеда портера. Арданг гӀоьртира къилба-малхбузен агӀор, кхо бутт гергга Ӏапказ чохь боккхуш. Команда йоьссира Сийлахь Люсин бухтехь (цигахь тӀаьхьа йиллира Рио-де-Жанейро), цигахь кхо кӀира даьккхина, къилбан аьхка охьабахара Бразилин а, Аргентинин а бердашца. Патагонехь 1520 шеран 1 апрелехь Пасхехь кхаа кемано гӀаттам бира, амма Магеллан баьччаллех ца велира, бисинаш къар а бира. ГӀовттамхойн кортошна суд йина, байаран кхел йира. 1520 шеран майхь тархех кхетта дуьйхира «Сантьяго» кема, 35 дийна висина хӀордахо арданган дисинчу декъан тӀекхечира латта тӀехула.

Штормаш йолушехь, 1520 шеран 1 ноябрехь аьтту белира диъ кема готта тӀаьхьа Магелланан цӀарах цӀе тиллина хидоькъен чудига. Цунна дехьа лаьттачу гӀайренах, баьччано элира ЦӀеран латта, цигахь йагош дуккха а аборигенийн Ӏойланашкахь цӀераш хиларна йа хьаннаш йагарна. Коьртехь штурман Гомес Эстебан волу «Сан-Антонио» дедира (штурмана капитананна — Магелланан вешин кӀантана чов йина), 1521 шеран мартехь йухадирзира Испане. Хидоькъех даьлла кхо кема 28 ноябрехь Ӏапказ чуделира, цунах Магеллана элира Тийна Ӏапказ, хӀунда аьлча беа баттахь некъбарх цуьнан хиш чохь цкъа шторм ца хилира. Командин берриг аьлча санна декъахошна цинга цамгарх бала хьоьгуш бара, хи а, кхача а ца тоарна. Экватор шолгӀа хадийра 1521 шеран 13 февралехь. 6 мартехь хааделира Гуам гӀайренан лаьмнаш. Кхин дӀа команда кхечира хьалха европахошна йевзаш ца хиллачу Филиппинийн архипелаг тӀе.

1521 шеран 27 апрелехь Мактан гӀайрен тӀехь девнехь Магеллан вийна. 1 майхь филиппинийн раджас цӀий Ӏанийра, цигахь байира алсама дакъа эскадрин эпсарш. Команда жимйаларна «Консепсьон» кема дагийна дӀатесира; ардангехь дисира ши кема: тобанехь уггара жиманиг «Виктори» а, флагман «Тринидад» а. Коьртехь Гонсало Гомес де Эспиноса волу «Тринидад» гӀоьртира йуханехьа Тийна Ӏапказ чухула дӀадаха, амма штормаш бахьнехь ворхӀ бутт баьлча халла йухадеира Тернате гӀайрен тӀе. Цуьнан командех бисинарш лицира португалин Ӏазапдархоша, уьш Магеллан лаца везаш бара. Каторгехь дийна висира виъ йа пхиъ стаг, царна йукъахь Эспиноса а.

Эльканос куьйгалла ден «Виктори» (кеманна тӀехь хилла иштта историк Пигафетта Антонио) ХӀиндин Ӏапказ чухула даьлла, Дика Догдохийлин мерехула а ваьлла, Баьццара Меран гӀайрен тӀехула бевлла, цигахь португалхоша лецира командера 13 стаг. 1522 шеран 6 сентябрехь кема цӀа деира Севильйе. Кеманна тӀехь висира 18 дийна висина экспедицин декъахо. Эльканон дуьненан горгал тӀехь йолу хӀост йелира, девиз йелира «Хьо ву дуьххьара сунна гуо теснарг» (лат. Primus circumdedisti me). Паччахьан секретаро Максимилиан Трансильвана 1523 шарахь экспедицех дуьххьарлера дийцар арахийцира.

Диъ кема дайна долушехь, 90 % сов нах беллашехь, Магелланан — Эльканон экспедицис харж метахӀоттийра, мелла а пайда а беира пенсеш а, суьданна йина харжаш а дӀайаьхча. Коьрта Ӏалашо кхочуш йина — теллина малхбузен хӀордан некъ Чамбечеран ГӀайренна тӀе. Амма Магелланан хидоькъе навигацина пайденна йацара, тӀаккха 1529 шарахь Чамбечеран ГӀайренаш йитира португалин тажан Филиппинашца хийцина. Цул тӀаьхьа дуьненна гуонаха кеманна тӀехь некъбина Дрейк Фрэнсиса 1580 шарахь.

Хьалхара истори

бӀаьра нисйан

Хордан чухула Чамбечеран Гайренашка кхачар йуккъерабешерашкахь гар

бӀаьра нисйан
 
Кантинон планисфера, гойтуш йу XVI бешеран португалхойн керла белламаш

ЙуккъерабӀешерийн Европехь малхбузен хӀордан новкъа Азе кхачаран ойла, йовзийтина уггаре хьалхарчех цхьаъ вара Бэкон Роджер. Оцу проекташна ойла тӀейахара Константинополь йоьжначул тӀаьхьа, бух тӀера хийцира чамбечаьрца а, хазаллин хӀуманашца а дуьненайукъара махлелор, европин мехкийн дийзира керла некъаш леха, Ӏапказ чухула а. 1474 шарахь флоренцин гуманиста Тосканелли Паолос португалхойн паччахье Афонсу V-гӀачуьнга йаздина теорин сурт хӀоттийра, тӀаьхьа Ӏама а йина Колумба кхайкхийна йолу: латта а, хӀордаш а цхьатерра деза хила деза, ткъа Дуьненан барам буьстича боккха бац, цуо таро йийр йу Европера Малхбален Азе Ӏапказ чухула дехьадовла, цуо таро йийр йу Ӏапказан сеца а ца сецаш дехьадоала. Колумба Антилийн гӀайренаш дӀаделларо а, португалхой Санта-Мария мере кхачаро а, ткъа иза Дика Догдохийлин меран шораллехь йу, космографаш 1500 шарахь Азе боьду малхбузен некъ ца хила тарло бохучу ойлане балийра. 1500—1505 шерашкахь дехкинчу хьалхарчу карташ тӀехь Керла Дуьне, керла хӀордал дехьара материк кхочура къилба шораллин 35° йа 40°. Веспуччи Америгос 1503—1504 шерашкахь некъбеш (Коэлью Гонсалун арданг йукъахь) азин «Мелакке» боьду хӀордан некъ лаха ойла йолуш вара иза цуо хуьлийтира Къилба эхигехь[1][2].

Испанехь Тосканеллин — Колумбан концепци лелаш йара, тӀаккха 1510-гӀа шерашкахь: Америкин колонизацис кӀезиг са йахьара ХӀиндера португалхойн колонешчул, цундела Севильяра Чамбечеран гӀайренашка дуьххьала болу некъо шен тӀе тидам бохуьйтура Ӏедалан. Оцу хенахь хууш дара Америка — Ази йоций, амма тардолуьйтура, Керла Дуьненара цига йукъаметтиг гена ца хилар. 1513 шарахь Васко Нуньес де Бальбоан, Панамин лаг тӀехула чекхволуш, гира Тийна Ӏапказ, цунах элира «Къилба хӀорд». Оцу хенахь дуьйна керлачу хӀорд чу йоьду хидоькъе лехира масех экспедицис. Оццу шерашкахь португалхойн капитанаша Жуан де Лишбоа а, Иштебан Фроиш[pt] а кхечира 35° къилба шоралле, дӀайиллира Ла-Платин эстуари. Цаьрга иза дика талла а ца делла хидоькъе лерира эстуари. Хуан Диас де Солисан экспедици эстуаре кхечира 1515 шарахь, амма аборигенашца дов даьлла, цара виен а вийна хьаькам виънера, йухаберза бийзира Испане[3][4][5].

Магелланан — Фалейрун проект

бӀаьра нисйан

Оьздангаллин иэс

бӀаьра нисйан
 
1592 шеран Магелланан аллегорин сурт. Страданусан гравюра

Ф. Фернандеса-Арместо хетарца, Малхбузен Европин йукъараллин хьекъалехь Магелланан турпалаллех миф кхолладалар а, чӀагӀдалар а доладелира XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь. Рамузиос Пигафеттин тептарш зорба тоьхначул тӀаьхьа (1550 шо) алсама, Антонио де Эррера-и-Тордесильясан къинхьегам дуьненна чу баьлла зорбатоьхначул тӀаьхьа, цуо экспедици кхайкхийра «дуьне кхоьллинчул тӀаьхьа адаман гина уггаре хаза хилам». де Брин пхьолгӀехь массийн тиражашкахь арахоьцу Страданусан гравюраш, Магелланан васт чӀагӀйира къонахчун куьцехь, ассоциаци йора хаос нисйарца, хӀунда аьлча йевзачу гравюрехь иза гайтина хи-аьзница а, Армилляран кхачонца а. Магелланан аллегорин суьртехь гайтар ца сецира XVII бӀешеран дохаллехь, цуьнан сийлаллин суьрташ хӀиттадора некъаш барех долчу жайнаш тӀе, дуьненан атласашна тӀе а, Нидерландашкахь а, Францехь а[6].

Ӏилманан кхачонехь Магелланан цӀе шуьйра лелор хьаладоьду, схьагарехь, португалин-французийн философ-Ӏаламдовзархочун де Магеллан Жан-Гиацинтан[en] пропагандистийн ницкъашка. Нисса цуо 1786 шарахь къарвира Франклин Магеллан Фернанан цӀарах Америкин философийн йукъараллин цӀарах совгӀат йукъадаккха, иза ло навигацин, астрономин, Ӏаламан Ӏилманийн областера кхиамашна[7].

Комментареш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Rossfelder, 2008, pp. 12—13.
  2. Bergreen, 2008, pp. 9—11.
  3. Магидович И. П., 1983, с. 125—126.
  4. Ланге, 1988, с. 62—67.
  5. Rossfelder, 2008, pp. 16—17.
  6. Fernández-Armesto, 2022, pp. 276—277.
  7. Fernández-Armesto, 2022, p. 287.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан