Керла Дуьне — XV бӀешарахь Америка дуьххьала дӀайиллинчу европахоша йелла цӀе, дуьхьала хӀоттайо Америка Ширачу ДуьненнаЕвропина, Азина, Африкина — хӀунда аьлчи, европахошна хьалха евзаш йацара Ширачу Дуьненан географи бен.

ДӀаелларан истори

бӀаьра нисйан

Дийцарехь, Колумб Христофор велла дӀаваллалц тешара, ша ХӀинде боьду керла некъ билларх. Амма тӀаьхьа йаьржира ойла, дӀайиллинарг ХӀинди йац, ткъа керла континент ю. Оцу версин дуьххьарлерчарех цхьаъ вара Веспуччи Америго, цуьнан цӀе ийцира керлачу дуьненан декъо. Лору, ша и «керла дуьне» термин а кховдийна оццу Веспуччис 1503 шарахь[1], амма и ойла къийсамехь ю.

Цхьа могӀа хьосташ тӀеязбо и болх италин-испанийн историкан Пьетро Мартире д’Ангьеран (хьаьжа итал. Pietro Martire d'Anghiera я испан. Pedro Mártir de Anglería), цуо хьалхарчу 1492 шарахь 1 ноябрехь Колумбан новкъах лаьцна йаздинчу кехатехь[2], лелайо латинан кепера цӀе «novi orbis»[3], цул тӀаьхьа шо даьлчи кхечу кехатехь хуьйцу иза «orbis novus»[4] олий. 1516 шарахь зорба туху гӀарабаьлла белхан «De orbe novo…» («Керлачу дуьненах…») дешнашца болалуш болу, цуо дуьйцу европахой дуьххьала бухарчу бахархошца дуьхьала кхетарх.

1524 шарахь изза термин лелийра Джованни да Верраццанос — хӀинца Къилбаседа Америкин (АЦШ а, Канаде а) бердаш тӀе бахарх лаьцна дуьйцуш[5]. Мухха делахь а, бердаш дӀадиллинчул тӀаьхьа — Керла Дуьне цӀе лело йолийра ерриг къилба материкан, ткъа 1541 шарахь дуьйна, Америка цӀарца цхьаьна иза йаьржира къилбаседа материкан а, Европал, Азел, Африкал тӀаьхьа дуьненан деалгӀа дакъа билгалдоккхуш.

Тахана термин Керла Дуьне наггахь бен ца лелайо, цуьнца цхьаьна лору иза Америка а, Австрали а, Антарктика а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Новый Свет (южн. часть заатлантич. материка) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  2. См. O’Gorman, Edmundo «The Invention of America», 1961, с. 84(ингалс.)
  3. См. de Madariaga, Salvador «Vida del muy magnífico señor Don Cristóbal Colón» (5-е изд.), Mexico: Editorial Hermes, 1952, на с. 363: «„новый свет“, […] обозначение, которое Педро Мартир употребил первым».(испан.)
  4. Цит. по: Thachohn B. Christopher Columbus. — 1903. — Vol. 1. — P. 62.(ингалс.) См. источник: Zerubavel E. Terra Cognita: The Mental Discovery of America". — 2003. — P. 72.(ингалс.)
  5. См. «The Written Record of the Voyage of 1524 of Giovanni da Verrazzano as recorded in a letter to Francis I, King of France, July 8th, 1524» Error in Webarchive template: Empty url., адаптированный перевод Сюзанны Тарроу из Cellere Codex: Lawrence C. Wroth, ed., «The Voyages of Giovanni da Verrazzano, 1524—1528», Yale, 1970, с. 133—143(ингалс.)