Коьрта меню схьаелла

Филиппи́наш (инг. Philippines, тагал. Pilipinas, оьрс. Филиппи́ны), официалан цIе — Респу́блика Филиппи́наш (инг. Republic of the Philippines, тагал. Republika ng Pilipinas, оьрс. Респу́блика Филиппи́ны) — Къилба-Малхбален Азин гIайренан пачхьалкх. 2015 шарахь мах хадорца, бахархой 102 921 200 стаг[4] ву, мохк — 299 764 км² бу. Бахархойн барамца дуьненахь шийтталгIа меттигехь ю, майдан барамца 72-гIа ю.

Филиппинаш
Republika ng Pilipinas
Republic of the Philippines
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Maka-Diyos, Makatao, Makakalikasan, at Makabansa»
«За Бога, народ, природу и страну»
Шатлакхан Илли: «Lupang Hinirang»
«Избранная пачхьалкх»
The Philippines and ASEAN (orthographic projection).svg
Официалан меттанаш Ингалсан мотт, Филиппинийн мотт
Коьрта гӀала Манила
Яккхий гӀаланаш Манила (в составе конурбации Метро-Манила), Кесон-Сити
Урхаллин тайпа Унитарни президентан конституцин республика
Президент
Вице-президент
Rodrigo Duterte
Leni Robredo
Латта 72-гӀа дуьненахь
 • Дерриг 299 764 км²
хина тӀехле 0,6
Бахархой
 • Мах хадор (2013) 105 720 644[1] адам.
ДЧС
 • Дерриг (2008) 317,964 млрд[2] долл. (36-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 3515[2] долл.
АДКМ|ИЧР (2013) 0,654[3] (юкъара; 114-гӀа меттиг)
Ахча 1 филиппинан песо = 100 сентаво (сентимо) (PHP)
Интернет-домен .ph
Код ISO PH
Код МОК PHI
Телефонан код +63
Сахьтан асаш +8
Автомобилийн некъаш аьтту[d]

Коьрта шахьар — Манила, уггаре йоккха гIала — Кесон-Сити. Официалан мотт — ингалсан а, филиппинийн (тагалан).

Унитаран пачхьалкх, президентан республика. 2016 шарахь 30 июнехь дуьйна президентан даржехь ву Дутерте Родриго, вице-президентанРобредо Лени. Екъало 81 провинцин.

Филиппинаш лаьтта Тийна океанан малхбузачу декъехь ХӀиндонезин а, Тайванан а юкъахь, цунна чудогIу 7641 гIайре. ГIайренаш декъало кхаа тобане: Лусон, Висайн гIайренаш, Минданао.

Динехь болчеран до́ккхаха долу дакъано католицизм дин леладо.

Динамикаца кхуьуш йолчу экономикийца индустрин мохк бу. 2016 шарахь ДЧС чухоам хилира Кеп:Терахь[2] (2978 АЦШ доллар гергга бахархойн цхьаьна синан). Ахча — филиппинийн песо.

1521—1898 шерашкахь ша юкъахь хиллачу Испанех Филиппинийн мохк маьрша балар кхайкхийна 1898 шеран 12 июнехь, цул тIаьхьа, 1898 шеран Парижан машаран бартаца, гIайренаш АЦШн дакъа хилира, хецна маьршо елира 1946 шеран 4 июлехь.

Чулацам

Мехкан цIе схьаяларНисъе

Филиппинашна цIе тиллина Испанин паччахьан Филипп II-гIачун (1527—1598) лерамна. Испанин талламхочо Руи Лопес де Вильялобоса шен экспедицехь 1542 шарахь цIе тиллина гIайренна «Филиппины Лейте а, Самар а» (испан. Leyte and Samar Felipinas) оцу хенахь хиллачу Астурийн паччахьан кIента цIарах. ТIаьхьа «Филиппинийн гIайренаш» цIе лелайора ерриг архипелаган цIе санна. Цул хьалха царех олура «Малхбузан гIайренаш» (испан. Islas del Poniente) я Магеллана елла цIе — «Сан-Ласаро».

Архипелаган цIе заман йохаллехь хийцира масийттаза. Филиппинашкара революци хенахь конгрессо кхайкхийра мохк «Республика Филиппинаш» («República Filipina» я «Philippine Republic») аьлла. Филиппино-американ тIамехь (1899—1902) Америко толам баккхалц а, юха маьрша мохк кхайкхабаллалц махках олура «Филиппинан гIайренаш» («Philippine Islands»). 1898 шарахь Парижан барт баллалц архипелагах олура «Филиппинаш» («Philippines»). ШолгIа дуьненан тIом чекхбаьлчу хенахь дуьйна архипелаг ю «Республика Филиппинаш».

Физикан-географин амалНисъе

Файл:Филиппинские острова.png
Филиппинан гIайренаш

Географин хьалНисъе

Филиппинийн пачхьалкхо дIалоцу Малайн архипелаган дакъа долу Филиппинийн гIайренаш. Филиппинийн долара 7100 сов гIайренех уггаре даккхийнарш: Лусон, Минданао, Самар, Панай, Палаван, Негрос, Миндоро, Лейте, Бохоль, Себу. Филиппинийн архипелаган къилбаседера къилбехьа йохалла 2000 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 900 км. ГIайренан малхбузехьа Къилба-Цийн хIорд бу, малхбалехьа — Филиппинан хIорд бу, къилбехьа — Сулавеси хIорд, къилбаседехьа Филиппинийн гIайренаш Тайвань гIайренах къастийна Баши хидоькъено. Филиппинийн гIайренийн уггаре къилбаседан меттиг — гIайре Батанес ю. Уггаре къилбаниг — гIайре Сибуту. Уггаре малхбузаниг — гIайре Балабак, ткъа уггаре малхбалениг — гIайре Минданао. Бердан асан йохалла 36,3 эз. км. ГIайренийн ерриг майда — 299,7 эз. км².

ГIайренийн рельефехь коьртаниг лаьмнаш ду, уггаре лекханиг царех — тIаплам Апо (2954 м) — лаьтта Минданаон гIайрен тIехь. Ломан даккъаш — тIапломан кепара ду, хIунда аьлчи архипелаг лаьтта материкан а, океанан а литосферан экъанаш хIитталучохь, лаьтта Тийнаокеанан цIеран хIоз юкъахь, ткъа цигахь лакхара сейсмолла а, тIапломалла а ю. ХинкIорген апариш а, тIапломан гIайренаш а — Филиппинийн башха амал ю. Минданао гIайренашна уллехула чекхйолу 10 830 м кIорга йолу Филиппинийн апари — дуьненан океан чохь уггаре кIоргачех.

КлиматНисъе

Филиппинашкахь тропикан хIордан климат, иза йовха а, тIуьна а ю. Шо кхаа замана доькъу: таг-инит я таг-арав — йовха, екъа хан (аьхке), лаьтта мартера май кхаччалц, таг-улан — догIан зама, лаьтта июнера ноябрь кхаччалц, таг-ламиг — шийла екъа зама, лаьтта декабрера февраль кхаччалц. Майра октябрь кхаччалц хуьлу къилба-малхбузан муссон, цунах «хагабат» олу, ноябрехь – апрелехь хуьлу «амихан» — къилбаседа-малхбален екъа муссон. Температура хийцало 21 °C тIиера 32 °C кхаччалц, амма, иза оцу гуранчура ара а яла тарло йоцучу заманна. Уггаре шийла бутт бу январь, ткъа уггаре бовханиг — май.

Шеран юккъера температуран барам 26,6 °C бу. Температура меттиге хьаьжина хийца кIезиг ло. ГIайренийн къилба дакъа хуьлда иза, я къилбаседа, я малхбуза — температура массанхьа тера йогIу. Боккха Iаткъам бо хенан хIоттаман хIордан сизал локхалло. ХIордал 1500 метр лакхахь йолу Багион шеран температуран юккъера барам — 18,3 °C гергга бу, цуо и меттиг чIогIа гIараяьккхина.

Июлера октябрь кхаччалц кхузахь догIнаш оьху, хIунда аьлчи цигахь тайфунийн асан хан хуьлу. Шеран йочанийн барам хийцало шарахь 5000 мм (200 дюйм) йиллинчу меттигехь, масала, малхбален бердаш, 1000 мм (39 дюйм) ораматаш йолчу атагIашкахь. Архипелаг тIиера уггаре тIуьна циклон хилла 1911 шеран июлехь, оцу хенахь цхьаьна дийнахь деира 1168 мм (46 дюйм) догIа. Багио — Филиппинашкара тропикан циклонийн мур.

Мехкан къилбаседа кIошташкахь сих-сиха тайфунаш хуьлу, цунами а хила тарло.

Ораматаш а, дийнаташ аНисъе

Филиппинийн ах гергга мохк тIехь тIуьна тропикан хьаннаш ю, алсама ду пальмаш, каучуконосаш, баньян, апитонг, майяпис, лауан, дукха хаало буту эрз, орхидейш, корица. 1200 м хIордал лакхахь кхуьу коьллаш, ду байнаш.

Филиппинийн гIайренаш тIехь деха дийнаташна юкъахь алсама хаало сай, мангуст, нал. Мехкан дийнатийн амалехь ду дукха кепара олхазарш а, текхаргаш а. Хин бердашца дукха кепара чIара а, моллюскаш а ю, тIаьхьарчарна юкъахь чIогIа билгалъевлла жовхIардийриш — моллюскийн таро ю жовхIар дан.

Пачхьалкхан хIоттам а, политика аНисъе

Филиппинаш — президентан республика ю шина палатан парламентца а, маьрша суьдан системица а.

Президент хоржу бахархоша 6 шеран, Сенат (24 меттиг) — иштта хоржу 6 шеран, Векалийн палата (240 меттиг) — 3 шеран.

МинистраллашНисъе

Политикин партешНисъе

2007 шеран майхь хиллачу харжамийн жамIаш:

  • Лакас/Кампи/Керста а, бусалба а демократаш — центристийн, 4 сенатор, 142 депутат
  • Къоман халкъан коалици — центристийн, 2 сенатор, 28 депутат
  • Либералан парти — аьрруцентристийн, 4 сенатор, 14 депутат
  • Къоман парти — аьтту центристийн, 3 сенатор, 8 депутат
  • Байан — аьрру, 7 депутат
  • Демократин парти/Лабан — аьрруцентристийн, 1 сенатор, 4 депутат
  • Пверса Масан — аьрруцентристийн, 2 сенатор, 3 депутат
  • Цхьаьнатоьхна оппозици — центристийн, 2 сенатор, 3 депутат

ИсториНисъе

Азин пачхьалкхаш
 Азербайджан¹ · Эрмалойчоь · ОвхӀан · Бангладеш · Бахьрайн · Бруней · Бутан · Малхбален Тимор · Вьетнам · Гуьржийчоь¹ · Мисар² · Израиль · ХӀинди · ХӀиндонези ³ · Урдан · Ӏиракъ · Иран · Йемен² · Кхазакхстан ¹ · Камбоджа · КъатӀар · Кипр¹ · ГӀиргӀазойчоь · Цийн Халкъан Республика · Корейн Халкъан-Демократин Республика · Кувайт · Лаос · Ливан · Малайзи · Мальдиваш · Монголи · Мьянма · Непал · Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ · Ӏоман · Пакистан · Росси4 · СаӀудийн Ӏаьрбийчоь · Сингапур · Шема · Таджикистан · Таиланд · Туркмени · Туркойчоь4 · Узбекистан · Филиппинаш · Шри-Ланка · Къилба Корей · Япон

Къобалцайина а, ахкъобалйина а пачхьалкхаш: Республика Абхази · Азад Кашмир · Ва (пачхьалкх) · Вазиристан · Ӏиракъан Курдистан · Тайвань · Ламанийн-Карабах · Палестина (пачхьалкх) (Газа секторан а, Урдан хин малхбузен хийистан а латта ) · Тамил-Илам ·Къилбаседа Кипран Туркойн Республика · Шан Пачхьалкх · Къилба ХӀирийчоь


Йозуш йолу мехкаш: Акротири а, Декелиа а · Британин латта Индин океанехь (арх. Чагос) · Гонконг · Аомынь (Макао)


¹ Цхьа дакъа Европехь я еррига Азехь, дозане хьаьжина. ² Кхин Африкехь. ³ Кхин Океанехь. 4 Кхин Европехь.


БилгалдахаршНисъе

  1. Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
  2. 1 2 3 Philippines. International Monetary Fund. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 22 августехь.
  3. Human Development Report 2013(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). United Nations Development Programme (2013, 14 март). Теллина 2013 шеран 14 мартехь.
  4. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран popcom2015 йоза яздина дац