Европин де
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Европин де — хӀора шеран Европин бартан а, Европин кхеташонан а машаран, цхьааллин Ӏида. Европин де шиъ ду, уьш даздо 5 а, 9 майхь, кхоьллина Европин кхеташоно (ЕКХ) а, Европин барто (ЕБ) а ша-ша. ЕС Ӏида девза кхин а «Шуманан декларацин де»[1].
Европин де | |
---|---|
Тайпа | Дуьненаюкъара |
Официалан | Европин де |
МаьӀна | Европин кхеташо кхоьллина де, Шуманан декларацин де |
Даздо | 5 а, 9 майхь |
Терахь | 9 май |
Доьзна ду | Европин барт, Европин кхеташо |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Европин кхеташонан дено даздо 1949 шарахь ша кхоллар, ткъа Европин союзо даздо, 1950 шарахь ЕБ кхоьллинчара де даздар кховдадарна. Европин де ду европахошна юкъахь уьйранаш чӀагӀъярхьама кхоьллина дийнна Европин символан могӀанера цхьаъ.
Хьалхара истори
бӀаьра нисйанЕвропин кхеташо кхоьллина 1949 шеран 5 майхь, цундела и де хаьржина Ӏидан, 1964 шарахь Ӏида хилла чшагӀдина иза. 1985 шарахь Европин юкъаралло (тӀехьа Европин союз хилла йолу), тӀеэцна Европин Кхеташонан Европин символаш, масала Европин байракхь. ТӀаккха а, хьалхарчаша барт бира шайн Европин де дан 1950 шарахь 9 майхь Шуманан деклараци йина шо кхачарна. Декларацис кховдадо Францин а, Германин а болатлалоран а, кӀоран а промышленносташ цхьаьнатохар, цуо Европин кӀоран а, болатан а цхьанатохар (дуьххьарлера Европин йукъаралла) кхолларе далийра, иза хуьлу кхолларан момент. Иштта, 1985 шарахь Миланехь Европин кхеташоно чӀагӀдира 9 май ЕС байракхан де.
Европин конституцис юридически чӀагӀъян езара ерриг Европин символаш, амма иза тӀе ца эцарна, лелаяр хӀинца де-факто лелош ду. Конституцин альтернативехь, Лиссабонан барт тӀехь бу символика къобалъеш болчу ялхийтта декъашхочун кхайкхам[2]. Европин парламенто официалан къобалдина 9 май Ӏида хилар 2008 шеран октябрехь[3].
Даздар
бӀаьра нисйан9 май даздо тайп-тайпаначу кепара дукхах йолчу пачхьалкхашкахь — Европин союзан декъашхошкахь а, луларчу Туркойчоь, Украина, Молдави пачхьалкхашкахь а, ца даздо Йоккхачу Британехь евроскептицизм бахьнехь[4]. Цул сов, Украинехь официалан тӀегӀанехь даздо Европин де 2003 шарахь дуьйна майн кхоалгӀачу шота дийнахь.
Ӏидан политикин амал хиларна, оцу дийнахь дӀакхоьхьу дешаран белхаш Европин бартах лаьцна я Европин интеграцин гӀо лоций арабовлу[5]. Байракхо ловзайо ладаме роль юкъарчу даздаршкахь кхин цхьа символ санна. 9 май гӀоле хетташехь, цхьаболу европахоша хьалха санна даздо и Ӏида 5 майхь, адаман бакъонаш, парламентан демократеш, законан локхалла лардарехь Европин кхеташонан роль билгалйоккхуш. Цунах къаьсташ, Шуманан деклараци бу французийн а, немцойн а кӀора а, болат а цхьанатохаран кховдам бен бац. Цул сов, 9 май цхьаьна нисло Советийн Союзан хиллачу мехкашкара ШолгӀачу дуьненан тӀеман Толаман денца (Малхбуза Европехь даздо 8 майх).
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Есть ли у ЕС государственные праздник? Архивйина 2009-05-04 — Wayback Machine, Декларация Европейской Комиссии к Украине (ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Официальный журнал Европейского союза, 2007 °C 306-2 , стр. 267 Архивйина 2019-08-15 — Wayback Machine
- ↑ Кубосова, Люсия Не продлён мандат Баррозу, предупрждение членов Европейского Парламента . Обозреватель ЕС (9 октября 2008). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 9 октябрь. Архивйина 2012 шеран 5 апрелехь
- ↑ Ламминг, Р. (9 мая 2008) День Европы, но не в Великобритании, Федеральный союз Архивйина 2009-05-04 — Wayback Machine
- ↑ Празднование Дня Европы 9 мая 2007 в Дании Архивйина 2008-06-11 — Wayback Machine Politeia.net
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Символы ЕС — Европа
- День Европы, 9 мая Архивйина 2009-12-21 — Wayback Machine
- Декларация 9 мая 1950