Ермолаев, Владимир Иванович
Владимир Иванович Ермолаев (1923 шеран 6 октябрь, Кера (Нижний Ломован кӀошт), Пензенская губерния — 2000 шеран 26 июнь, Гулькевичи, Краснодаран мохк) — кеманхо, подполковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Владимир Иванович Ермолаев | |
---|---|
Вина терахь | 1923 шеран 6 октябрь |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 2000 шеран 26 июнь (76 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | военно-воздушные силы |
Дарж | подполковник |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1923 шеран 6 октябрехь Кера юртахь (хӀинца — Пензин областан Нижнеломовски кӀошт). 1940 шарахь Сталинградехь цо чекхйаьккхира школан 9 класс[1].
1941 шеран февраль дуьйна иза ЦӀен Эскарехь вара. 1942 шеран февралехь Ермолаевс чекхйаьккхира Одессан тӀеман кеманхойн школа. Цуьнан эскаран болх дӀаболабелира йукъара Азин эскаран округан 106-гӀа штурман авиацин полкехь. 1942 шеран июнь дуьйна иза 8-гӀа а, 12-гӀа а (Саратован а, Куйбышеван областашкахь) тӀаьхьалонан полкашехь кеманхой кечбеш вара[1].
1943 шеран сентябрь дуьйна 1945 шеран май кхаччалц Ермолаев вара кеманхо, тӀаьхьа лакхара кеманхо 735-гӀа (1944 шеран февраль дуьйна — 143-гӀа гвардин) штурман авиацин полкан. Цо тӀом бира Степной а, 1-ра а, 2-гӀа Украинин фронташкахь, тӀом бира Полтава мукъайоккхуш а, Днепр тӀамехь а, Кировградан а, Корсунь-Шевченковски а, Уманско-Ботошански а, Львовски-Сандомирски а, Сандомирски-Силезски а, Лаха-Силезски а, Лакхар-Силезски а, Берлинан а, Праган а операцишскахь. ТӀема хенахь цо йира 125 сов тӀеман тӀемавалар Ил-2 штурмовик тӀехь[1].
1945 шеран 10 апрелехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Ермолаеван йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
ТӀом чекхбеллачул тӀаьхьа иза вара Австрехь йолу Йукъара Эскаран тобанехь. 1946 шарахь Ермолаевс чекхйаьккхира Липецкан лакхара эпсаран кеманхой тактикан школехь йолу курсаш. Иза вара Австрехь хилла Йукъара Эскаран тобанан хӀаваан кхиссархойн полкан куьйгалхо. 1947 шо дуьйна иза вара полкан штурман гӀонча а, звенон куьйгалхо а, эскадрильян штурман а, куьйгалхо. 1955 шеран декабрь дуьйна иза вара истребителин полкан куьйгалхон гӀонча. 1957 шеран май дуьйна иза вара Германехь йолу советски эскаран тобанан 6-гӀа гвардин истребители авиадивизин куьйгалхонан гӀонча. 1958 шеран март дуьйна Ермолаев тӀаьхьалоне велира[1].
ТӀаьхьалонехь иза Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш вара. Цо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн гӀишлой йаран урхаллехь. 1991 шо дуьйна иза Ӏаш вара Ростован областан Морозовск гӀалахь. ДӀавоьллина Краснодаран махкан Гулькевичи гӀалахь[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 Ермолаев, Владимир Иванович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Литература
бӀаьра нисйан- Герои и подвиги. — Саратов, 1978. — Т. 4. — С. 50—59.
- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Шёл парнишке в ту пору…: герои-комсомольцы в боях за Советскую Украину в годы Великой Отечественной войны 1941—1945 гг. / авт.-сост. В. Н. Немятый и др. — К.: Молодь, 1985. — С. 82. — 367 с.