Зовкхечу Василийн цӀарах Килс
(Зовкхечу Василийн цIарах Килс тӀера хьажжина кхуза)
Москвахь ЦӀен Майданахь йолу Зовкхе Василийн цӀарах килс (оьрс. Храм Василия Блаженного). Иштта а цунах олу Саьнгар йистехь Сийлахь-Езачу Делан Ненан Бедаран килс (оьрс. Собо́р Покрова́ Пресвято́й Богоро́дицы), Бедаран килс (оьрс. Покро́вский собо́р), Саьнгар йистехь Бедаран Килс (оьрс. Собо́р Покрова́ на Рву).
Сийлахь меттиг | |
Зовкхечу Василийн цӀарах Килс | |
---|---|
Храм Василия Блаженного | |
55°45′09″ къ. ш. 37°37′23″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
ГӀала | Москох |
Лаьтта меттиг | Тверской район |
Гергара метрон станци | Охотный Ряд |
Дин | Керста |
Епархи | Москва-гӀалан |
Архитектурин хатӀ | русская архитектура |
Архитектор | Постник Яковлев |
Йиллинарг | Иван Грозни |
Дуьххьара хьахор | 1554 |
Йиллина терахь | 1561 шо |
Статус | Пачхьалкхо ларйеш ю |
Локхалла | 47,5 метр[1] |
ГӀирс | Кибарчиг |
Сайт | shm.ru/museum/hvb/ |
Викиларми чохь медиафайлаш |
1555 шарахь доладелла килс яран белхаш. Буьрса Иван вара белхаш дӀадолийнарг. Цо болийна тӀамехь Казань а, Астрахань а ийшира. Цундела шен толаман сий дархьама йеш яра цо керла килс. Белхаш чекхделира 1561 шарахь.
Килсан йукъайогӀуш 11-та сий долу нехан цӀарах жима килсаш ю. Юккъера килс Делан Ненан Бедаран цӀарах ю. Цуьнан йистехь лаьтташ ю:
- Сийлахь Кхолхонан килс;
- Къудс-гӀала чу Ӏийса варан килс;
- Никола Великорецкийн цӀарах килс
- Кхаъ Патриархан: Александран а, Иоаннан а, Керлачу Павлан а килс
- Эрмалойн Григорийн а, Киприанан а, Иустин килс;
- Свирски Александран цӀарах килс;
- Хутынски Варлааман цӀарах килс;
- Зовкхе Василийн цӀарах cагӀдар;
- 2018-чу шарахь схьайиллина Зовкхе Иоаннан цӀарах килс;
- иштта а горгалин бӀов а.