Сулейменов, Ибрагим Абдурахманович

(Ибрагим Сулейменов тӀера хьажжина кхуза)

Сулейме́нов, Ибраги́м Абдурахма́нович (1953 шеран 11 февраль, Мадениет, Жалагашски район, Кзыл-Ордински область, Кхазакхстан) — нохчийн генерал-майор, Нохчийн Республикин комиссариатан эскаран комиссар, Российн пачхьалкхан думан II гуламан депутат.

Ибрагим Абдурахманович Сулейменов
ГӀуллакхан тайпа Эскаран гӀуллакххо
Вина терахь 1953 шеран 11 февраль({{padleft:1953|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (71 шо)
Вина меттиг Мадениет, Жалагашски район, Кзыл-Ордински область, Кхазакхстан, СССР
Кхелхина терахь 2020 шеран 7 май({{padleft:2020|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (67 шо)
Кхелхина меттиг
Корматалла Генерал-майор
Гражданалла ССРС СССР Росси
Да Абдурахман

Биография

бӀаьра нисйан

Вина 1953 шеран 11 февралехь Кхазакхстанехь Мадениет юртахь.

  • 1970 — чекхйаьккхира Нохчийн Республикин Веданан кӀоштан Гуьнан йуккъера школа.
  • 1971 — арме дӀакхайкхина.
  • 1977 — чекхйаьккхина Ленинградан ПВО лакхара эскаран политикин училище.
  • 1985 — чекхйаьккхина Ленинан цӀарах йолу эскаран политикин академи (Москва). Цул тӀаьхьа иза вара къастийна ротан командиран политикин декъан когаметтаниг а, ПВО зенитный ракетный дивизионан командиран когаметтаниг, радиотехникан а, зенитный ракетный а полкийн политотделийн хаьким, ПВО зенитный ракетный бригадан политотделан хаьким.
  • 19951996 — Нохчийн Республикин эскаран комиссар.
  • 1995 шеран 7 ноябрехьгенерал-майор цӀе йелира цунна.
  • 19962000 — иза хаьржира II гуламан Пачхьалкхан Думан депутат а, дуьхьаллон Комитетан декъашхо а.
  • 1998 — чекхйаьккхира Российн Федерацин Герзан ницкъийн Генеральны штабан Эскаран академи.
  • 20002002 — Нохчийн Республикин ТӀехьа-Мартан кӀоштан эскаран комендант.
  • 20022003 — Нохчийн Республикин эскаран комендантан когаметтаниг.
  • 20032005 — Нохчийн Республикин лаьмнийн эскаран тобан буьйранчан когаметтаниг.
  • 2005 — Нохчийн Республикин Парламентан Халкъан Гуламан депутат.
  • 2008 шеран 12 октябрехь — Нохчийн республикин Парламентан депутат, бакъонан а, низаман а, кхерамзаллан а хаттарашан Комитетан председателин когаметтаниг.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
Орденаш
  • «Къонахаллан орден»
  • «ТӀеман кхиамашан»
  • «Герзан ницкъашкахь Даймахкан дуьхьа гӀуллакх даран» III даржан
  • «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиайаран».
Мидалш

20 гергга. Царна йуккъехь:

  • «Нохчийн Республикин дуьхьа кхиамаш баран»
  • Мидал «Къинхьегамехь къастаран».

2007 шарахь цунна совгӀатан цӀарах долу герз делла.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан