ИбрахӀиман салават
Ибра̄хӀиман салава̄т (Ӏаьр. الصَّلَاةُ الْإِبْرَاهِيمِيَّةُ, ас-Салатул-ИбрахӀимийят) йа ТӀаьххьара ташаххӀуд (Ӏаьр. التَّشَهُّدُ الْأَخِيرُ, ат-ТашаххӀудул-ахир) — иза ламазехь тӀаьххьара охьахиъча доьшуш долу къаьсттина Ӏибадат даран дешнаш (доӀа) ду. Иза тӀаьххьара ташаххӀуд а дешна, Мухьаммад пайхамарна ﷺ салават а диллинчул тӀаьхьа доьшуш ду.
ИбрахӀиман салават | |
---|---|
Коьрта тема | салават[d], Пайхамаран салот |
Цул хьалхарниг | суджуд, сидение в намазе, ТашаххӀуд |
Цуьнан рогӀераниг | Дуа, Taslim, Зикр, Raising hands in Dua |
Автор | Бог в исламе, аль-Хамид, аль-Маджид المجيد |
Дагалоцуш | Мухьаммад, ИбрахӀим, Ахль аль-Байт, Хадис аль-киса |
Гойту объект | Allahumma, сеид, Ламаз, Беркат, Alamin |
Цуьнан хьукма
бӀаьра нисйанТӀаьххьарчу ташаххӀудехь пайхамарна ﷺ салават дилларан хьукман хьокъехь Ӏеламнехан барт ца хилла, ткъа дукхахболчара иза суннат ду аьлла, ткъа хӀара хьанафийн а, маликийн а, захӀирийн а мазхӀаб ду, Ахьмадан цхьа ривайат а йу, иза дукхахболчу Ӏеламнехан ойла а йу. И ойла толийна Ибн Жарира а, Ибн аль-Мунзира а, Ибн Ӏабдул-Барра а, Ибн Ӏусаймина а, цу тӀехь ижмаӀ хилла аьлла хьаха а дина цара[1].
Ткъа шолгӀа дош: иза шафиӀийн а, хьанбалийн а дош ду, цара пайхамарна ﷺ салават диллар ламазан арканех цхьа рукна лору, и ца диллича ламаз чекх а ца долу, цара билгалдаьккхина цуьнан рукнан дешнаш: «АллахӀумма салли Ӏала Мухьаммад» деккъа, «али» а доцуш, ткъа цул тӀаьхьа доьшург суннат лерина.
Цуьнан кеп
бӀаьра нисйанШина сахьихь чохь деана ду Ӏабдуррахьман ибн Абу Лайлас аьллера аьлла: «Суна дуьхьалкхийтира КаӀб ибн Ӏужрат, тӀаккха цо элира: “Аса цхьа совгӀат лой хьуна? Тхуна тӀе Делан элча ﷺ веанчу хенахь оха элира: “ХӀай Делан элча ﷺ, хьуна таслим дилла-м хиънера тхуна, ткъа хьуна салават муха дилла оха?”” Цо элира: “Аша ала: АллахӀумма салли Ӏала Мухьаммадин ва Ӏала али Мухьаммад, кама саллайта Ӏала али ИбрахӀим, иннака Хьамидун Мажид. АллахӀумма барик Ӏала Мухьамммадин ва Ӏала али Мухьаммад, кама баракта Ӏала али ИбрахӀим, иннака Хьамидун Мажид”».
Хьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ المطلب الثالث: حُكمُ الصَّلاةِ على النبيِّ صلَّى اللهُ عليه وسلَّم بعد التشهُّدِ الأخيرِ (Ӏаьр.). dorar.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 18 июль.