Исмаилова, Лайлаъ Ризвановна
Исмаилова Лайлаъ Ризвановна (белорус. Лейла́ Рызва́наўна Ісмаілава, азерб. Leyla Rizvan qızı İsmayılova) — белоруссин журналист, телехьалхелелорг а, модель а. Дуьххьара гӀарайаьлла Берийн эшаран Евровизион 2010 къовсаман хьалхелелорг йолуш дакъа лаьцначул тӀаьхьа. Белоруссина кхаж тасаран жамӀаш кхайкхадора 2011 шеран «Евровизионехь», хьалхелелорг йара Белоруссин 2012 шеран «Евровизионан» къоман харжамехь.
Исмаилова Лайлаъ | |
---|---|
белорус. Лейла́ Ісмаілава | |
ГӀуллакхан тайпа | журналист, телехьалхелелорг, фотомодель |
Йина терахь | 1989 шеран 28 август (35 шо) |
Йина меттиг | Минск, БССР, ССРС |
Гражданалла | Белорусси |
Да | Исмаилов Ризван Исламович |
Нана | Руженцова Галина Ивановна |
СовгӀаташ | |
Исмаилова Лайлаъ Викилармехь |
Биографи
бӀаьра нисйанБералла а, доьзал а
бӀаьра нисйанЛайлаъ йина, Агдам (Азербайджан) гӀалара ваьллачу Исмаилов Ризванан а, Минск гӀаларчу Руженцова Галинин а доьзалехь. ЙоӀ йинчул тӀаьхьа цхьа бутт баьлчи доьзал кхелхира Бакох.
Лайлаан да Агдамера мехкдаьттан базин директор вара, эрмалойн-азербайджанийн тӀом болушехь, тӀаьххьара бен ца йитира гӀала[1]. Иза кхелхира, Лайлаан 3 шо долуш, эрмалойн агӀора схьадиттна герзах. Лайлаъ ненаца а, жимаха волчу вешийца Бахрамца а, йоккхаха йолчу йишийца Эсмирица йухабирзира Минске[2].
Шен хьалхара материалаш Лайлаа зорба туьйхира 15 шо долуш. Цуо дийцарехь, шен говзалла журналистика харжаран декхарехь йу йоккхаха йолчу йишийна Эсмирина.
Бераллехь суна марзделлера цуо шен чохь болх баран тӀаьхьа терго йан. Оцу хенахь йишас тексташ зорба тухура зорбан чарх тӀехь. Цуьнан пӀелгаш сиха уьдура пиллигаш тӀехула, стоьлан стогаро цуьнан йуьхь бен серла ца йоккхура, ткъа бӀаьргаш чохь дукха ойланаш йешалора. Оцу суьртан терго йеш, аса а сацам бира журналист хила. Оцу говзалло сайн долара, ойланех лаьтта, дуьне дуца таро лурйолуш санна хетара. Иштта нис а делира. Дохко йаларан мур а бар-кха дера, хӀунда аьлча 15 шо (и хан, со сайн материалаш зорба тоха йолаелла хан ю) долуш, со дуьнене хьоьжура дешин куьзганаш чухула. Ткъа уьш дӀадаха даиман а хала ду… Амма хӀинца, ворхӀ шо даьлча, суна кхаьчна хьекъале кхетам, со журналистикин факультете эрна йахана ца хиларан[3]. |
Лайлаан нана — оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо гимназехь. Йоккхаха йолу йиша Эсмира — журналист, экономист, литератор; болх бира Азербайджанан Белоруссера Вакилатехь, ткъа кхин а Минскера ВКъКх кхиоран программин вакилатехь. Жимаха волу ваша Бахрам доьшуш ву университетехь.
Дешар
бӀаьра нисйан- 2006: Белоруссин пачхьалкхан университетан лицей (историн класс).
- 2011: БПУ Журналистикин институт (аудиовизуалан журналистика), тӀех дика, 2011 шеран уггаре дика арахецархо[4].
- 2011: доьшу актёрийн ишколехь Playhouse West Голливудехь (Лос-Анджелес гӀала, Калифорни штат, АЦШ)[5].
Карьера
бӀаьра нисйанТелевизионера карьера Лайлаа йолийра 2010 шарахь, Минскехь хила йеза, VIII Берийн эшаран «Евровизион» къовсаман хьалхелерган ролан харжамех чекхйолуш. Оцу хенахь, БПУ Журналистикин институтан студент йолуш, дийшира Европин Бертан стипендин «Эразмус Мундус» программехь Желтойчоьхь, Аристотелан цӀарах университетехь (Салоники гӀ., Йуккъера Македони).
Коьрта телепрограммаш
бӀаьра нисйан- VIII берийн эшаран къовсам «Евровизион» 2010 — хьалхелелориг[5].
- 56-гӀа эшаран къовсам «Евровизион» 2011 — Белоруссин турк[5][6].
- «Керлачу шеран цӀе Хьалхарчунна тӀехь», 2011 — хьалхелелориг[4].
- Ток-шоу «Мобилан телефонан объективехь» — хьалхелелориг[4].
- Спортан-самукъане телеловзар «Титанийн тӀом» (фр. «Intervilles»), Франци, 2011 — Белоруссин командин декъахо[5].
- «Музыкин суьйренаш Мирски гӀап-гӀалахь», 2011 — хьалхелелориг[5][7].
- XX дуьненайукъара говзаллин фестиваль «Славянийн базар Витебскехь», 2011 — хьалхелелориг[5].
- «Еврофест» (Белоруссехь 2012 шарахь эшаран «Евровизион» къовсаме къоман харжам) — хьалхелелориг[5].
Музыкин клипашкахь а, сериалашкахь а дакъа лацар
бӀаьра нисйан- Vinsent — «Гуьйренан вальс» (белорус. «Восеньскі вальс»)[8].
- The Maneken (Украина) — «Йуханехьа билет»[9].
- Джей — «Ма-ярра Аьхкенан»[10].
- «Дика нах», (сериал, Росси) — коьрта роль[4][11].
Модель
бӀаьра нисйан- Коллекци «Кэролайн Моник» 2012 (Беверли-Хиллз, Лос-Анджелес гуо, Калифорни штат)[12].
- Дарин логаххьарчогийн коллекци «Кэролайн Моник» 2013 (Беверли-Хиллз, Лос-Анджелес гуо, Калифорни штат)[13].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанЦецбоху факташ
бӀаьра нисйан- «Телебохь» суьйренна 2011 шарахь Лайлаа хаьржира французийн Naf Naf фирмин керла коллекцин хӀаваан коч. Оцу духарах Лайлаа делира 1,5 миллион белоруссин сом[14]. Оцу хенахь иза доьшуш йара БГУ Журналистикин институтехь. Лайлаа элира, дуккха а стипендеш тӀекӀела дахка дийзира шен[14].
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Эсмира Исмаилова, писатель и переводчик: «Я родилась азербайджанкой, ею и остаюсь» // Азербайджанские Известия. 2011. 18 июня. Архивйина 2021-04-22 — Wayback Machine
- ↑ Корбут В. Лейла Исмаилова: Хочу покорить Голливуд // СБ. Беларусь сегодня. 2011. 21 января.
- ↑ Дорога домой // Azərbaycan qadını. Архивйина 2013-10-29 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 Лучшие выпускники БГУ — 2011 // БГУ.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Одесенко, К. Лейла Исмаилова: «Я всегда хотела быть актрисой, но мне никогда не хватало смелости признаться в этом» // Народная воля. 2012. 24 августа. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 6 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 3 ноябрехь Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
- ↑ Я больше привязана к Азербайджану — блондинка Лейла Исмаилова, или просто Одри Хепберн // trend.az. 2010. 23 сентября.
- ↑ Когда йа в первый раз проснулась под кукареканье петухов — Лейла Исмаилова // trend.az. 2011. 3 июня.
- ↑ Vinsent. Восеньскі вальс // youtube.com. (белор.)
- ↑ The Maneken. Обратный билет // youtube.com.
- ↑ Джей — Совершенно Летняя // youtube.com.
- ↑ Хорошие люди (пилотный ролик) // youtube.com.
- ↑ Shooting Los Angeles Caroline Monick Collection 2012 // youtube.com. (ингалс.)
- ↑ Caroline Monick Silk Scarves Collection 2013 // Caroline Monick. (ингалс.) (франц.) Архивйина 2013-11-02 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Ганевич, О. Сколько стоили наряды звезд на «Телевершине» // Комсомольская правда. 2011. 18 мая.