Кабса
Кабса (Ӏаьр. كبسةكبسة kabsah) — дуган а, жижиган а дааран тайпа, схьадаьлла СаӀудийн Ӏаьрбийчуьра, цигахь лору иза къоман даар. Кабса СаӀудийн Ӏаьрбийчоьн бахархойн къоман даар ларахь а, иза дукха кечдо Яманехь, ПалестӀинехь, Урданехь, КъатӀарехь, Ӏоманехь, ӀЦЭ, Бахьрайнехь, Ӏиракъехь, Кувайтехь. Дукхаха йолчу ГӀажарийн айман Ӏаьрбийн пачхьалкхашкахь даар девза макбус (makbūs) (Ӏаьр. مكبوسمكبوس) цӀарца.
Кабса | |
---|---|
Авторалла | |
Пачхьалкх | |
Компоненташ | |
Коьрта | Дуга, жижиг, чамбийриш |
Медиафайлаш Викилармехь Кабса |
Ингредиенташ
бӀаьра нисйанКабса даар до дукха хьолахь беха буьртиг болу дуганах, масала басмати тайпана, жижигах, хасстоьмех, иэйина чамбийраш а тухуш. Кабса даар масех кепара а хуьлу, хӀоранна шен бен йоцу башхаллаш а хуьлу. Оцу дааран туху чамбечеран иэдарш лерина кечйина юхкуш хуьлу. Церан хуьлу тайп-тайпана фирман цӀераш. Кийча иэдарш таро ло юург ечарна даар кечдаран хан яцъян, амма кечдинчу дааран чам ламастачух къаьсташ хила тарло. Алсама чам дааран бо лелочу чамбечара. Уьш ю: Ӏаьржа бурч, гвоздика, кардамон, шафран, корица, Ӏаьржа лайм, лавран гӀа, мускатан бӀар[1].
Дааран коьртаниг жижиг ду. Леладо котаман, гезарийн, уьстагӀан, эмкалийн, бежанан жижиг, чӀара а, креветкаш а. Котаман мачбус еш лелайо дийна котам. Чамбечарех, дуганах, жижигах тоха тарло иштта компоненташ, масала миндаль, кедран бӀараш, арахис, хох, кишмаш[2]. Даар охьадуьллу довха долун томатан берамца.
Кечдаран технологи
бӀаьра нисйанКабсан жижиг тайп-тайпана хьесапашца кечдо. Жижиг кечдаран уггаре даьржина хьесап ду манди. Иза Яманехь йолийна шира технологи ю, цуьнца жижиг кӀорга ор чохь кхорзу. Кхин хьесап ду масби (mathbi), цуьнца жижиг кечдо цӀиен бина кӀоран тӀедехкина чӀапа тӀулгаш тӀиера гриль тӀаьхь. КхоалгӀа хьесап ду madghūt (мадгӀут), цуьнца жижиг кечдо сиха кхехкорган я яйн чохь.
Даар кечдарал хьалха яйн чу дутту зайтдаьтта а, буьллу налха а, тӀетуху гвоздика, корица, Ӏаьржа кардамон. Дерриг иза кхорзу масех секундехь. Цул тӀаьхьа котаман жижиг цӀийдо 5 — 6 минотехь. Даарх туху хох, саьрмасекх, томат, жӀонк. Иза дерриг кхорзу цхьаьна минотехь. Цул тӀаьхьа тӀетуху дуга, котаман чорпа, Ӏаьржа аьхьна бурч, кишмаш. Ерриг кхехкайо дуга даллалц.
Ламастаца даар дуу куьйга боккхачу кедара.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Al Kabsa - Traditional Rice dish . Food.com. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 23 июнь.
- ↑ How to Make Kabsa . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 23 июнь. Архивйина 2011-12-17 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Кабса Архивйина 2019-01-18 — Wayback Machine
- Кабса (Kabsa Bil Lahim)