Эмкалш (лат. Camelus, оьрс. Верблюд) — эмкалийн (Camelidae) доьзалера шалабергашйолчеран (Artiodactyla) тобанера ахкаргийн когашдолчеран (Camelidae) бухара тобанера декха дийнатийн тайпа. Уьш даккхий дийнаташ ду, дуьненан йекъачу меттигехь даха Ӏемина долу — гӀум-аренашкахь, ахгӀум-аренашкахь, аренашкахь.

Эмкалш
Эмкал
Эмкал
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Camelus Linnaeus, 1758
Кепаш

Эмкалш шина кепара йу[1]:

ГӀум-аренан бахархоша лакхара мах хадабо эмкалан, цунах олу «гӀум-аренан кема»[2].

Эмкал бактриан
Эмкал Ӏарабиян

Этимологи нисйе бӀаьра

Латинан цӀе Camelus схьайаьлла желт. κάμηλος семитийн йукъарчу меттара «гамаль»[3] (Ӏаьр. جَمَل‎‎, ӏебар. גמל‎).

Аматаш нисйе бӀаьра

Йоккхачу эмкалан масса — 500—800 кг, кхес йолучехь локхалла — 210 см. Цхьа дум болу эмкалан бос цӀиегӀо-сира хуьлу, ши дум болчуна — таьӀна-боьра[1]. Мех курчавый[2]. Эмкалш йеха 40 шо гергга, Деба хан йолало 2—3 шо кхачарца. Пхоралла хуьлу 13 баттахь цхьа дум болчеран, 14 бутт — ши букъ болчеран[1].

 
Нохьдоккху эмкал

Эмкалийн Ӏад санна хьевзина, деха лаг ду, кегийра гоьрго лергаш ду. Эмкалийн 38 церг йу. Лахахь — итт кхела, шиъ кӀомсар, 10 церг, лакхахь — 2 церг, 2 кӀомсар, 12 кхела[2]. Деха месала бӀаьрган чоьша лардо церан бӀаьргаш гӀамарех, ткъа мераӀуьргаш оьшучу хенахь тӀекъовлало. Эмкалийн бӀаьрса чӀогӀа дика ду: вогӀа стаг царна го цхьа километр генара, йоьду автомобиль — 3—5 километр генара. Царна чӀогӀа дика кхета тӀуналлин хьожа, байдан хьожа йа теза хи 40—60 километр генара, ткъа иштта стиглара догӀанан мархаш, догӀа догӀуче кхача сатуьйсуш оцу агӀора дӀайоьлху.

 
Биосферан Дана резерватера эмкалш

И декхаш долу дийнаташ дика лов дахаран халонаш луьра, хи доцучу меттигехь. Эмкалийн ду накхан, хьакхолган, голийн ахкаргаш. ДӀаюьжучу хенахь эмкал оцу дакъош тӀе йуьжу догучу латте (70°С кхаччалц)[1] яга ца яйта. Буькъа тӀаргӀа лерина бу дийнан йовхонах а, буьйсанан шелонах а ларйан. Эмкалийн пӀелгаш вовшашца хӀиттаделла ду дийнна цхьа айра деш [2]. Шуьйра ши пӀелг болу ког — гӀамарш йа кегийра тӀулгаш тӀехула лелархьама ду. Эмкалашна хьацар ца долу, хьатӀ кӀезиг долу. СадоьӀуш мерӀуьргаш чуьра арайолу тӀуналла гуллало башха хебашкахь, йуха бага йоьду. Эмкал дукха яхало хи доцуш, шен 40 % дегӀан йозалла йойъу цуо. Цхьана экспериментехь эмкал аьхка 8 дийнахь латтийра хи ца луш, иза 100 кг азъйелира, цул тӀаьхьа цунна хи делчи, цуо 10 минотехь 103 литр хи мйелира, ша яйина 100 кг меттахӀоттош[4]. Эмкал гӀум-аренашкахь йахаран лерина цхьа хӀума — букъ тӀиера даммарчий ду, хьоналла дӀаюьллуш долу. Даммарчий ша-тайпа «тхьов» бу, эмкалан букъ маьлхан йовхонах Ӏалашбеш. Цул сов, организман йерриг хьоналла букъ тӀехь гулйаро аьтту бо йовхо дика дӀаялийта[5].

Эмкалаш - нохь доккху дийнаташ йу. Цара йуу эмкалбуц, сагал-буц, эмкалан баӀ, саксаул. Эмкалшка дуьра хи мала ло[6]. Эмкалш тӀуналла Ӏалашйо, хьер чуьра дакъош чохь, цундела хьогалла дика лов; амма хин коьрта хьост ду хьоналла — бӀе грамм хьоналла мустъелчи 107 грамм хи долу (кхин тӀе кӀорамуьста газ а). Цара хи маланза дуккха а хан йаьллехь а, церан цӀий дукъ ца ло. Эмкалаш яхало хи доцуш шина кӀирнах, ткъа йуург йоцуш цхьаьна баттахь[5].

Амма, шайн тамашийна хьуьнар доллушехь, акха эмкалш тахана дукха халонаш лов хи ца тоьуш. ХӀунда аьлчи гӀум-аренашкахь нах охьаховшу теза хиш долчу, ткъа акха эмкалш, чӀогӀа сема йолуш, адамашна тӀе ца йогӀу.

Эмкалш чӀогӀа дика нека до, шайна цкъа а Ӏам йа хи ца гинчара а. нека деш кӀеззиг агӀора а таьӀа.

Эмкалийн йаьржина цамгарш йу трипаносомоз, инфлюэнца, эхинококкоз, эмкалийн Ӏаьржа ун, ирз[1].

Эмкалаш схьайовлар а, истори а нисйе бӀаьра

Эмкалаш кхоллар а, массашкахь йаржар а хилла плиоцен чекхйолуш, плейстоцен йолалуш — оцу хенахь хьалхара эмкалан тайпанаш Paracamelus леш дӀаевлла, йаккхий кепаш эмкалийн (Camelus) йукъаевлира. ХӀинцалера эмкалаш йекъа меттигашкара хьолашкахь яхаяларан меженаш (Букъ тӀиера дум, хьерано ша-кепара болхбар, шортта хи малар, иза бахьнехь дуьра даар дезар, йогӀа болар, кхин а), тарло, эмкалийн (Camelidae) эволюцехь дикка тӀаьхьа кхиина. Эмкалаш экама ца хилар бахьнехь и дийнаташ кхин буц йуурш ца яхалочахь еха[7].

 
Альтикамелус (Aepycamelus)

Исторел хьалхара эмкалан тайпа Альтикамелус (Aepycamelus), йаьхна миоценехь Къилбаседа Америкехь, деха лаг хилла, ткъа букъ тӀехь дуьман метта кӀеззиг тӀебаьлла букъ хилла.

Схьагарехь, хӀинцалерачарна гергара эмкалш евлла Къилбаседа Америкехь эмкал тайпанара дийнатех, цигахь йаккхий аренаш саваннакепара ландшафт хилча. Циггахь кхоллайелира эмкалшна йекъачу, луьрачу климатах йоларан анатомин башхаллаш[7]. Евразин махка шира эмкалш йаьхкина Беринган асанехула, схьагарехь, плиоцен чекхйолуш, плейстоцен чекхйаллалц[8].

Плейстоценехь Малхбузен Европин махкахь хаалора йоккха Кноблохан эмкал (Camelus knoblochi), чӀогӀа гергара йолу хӀинцалерачу шина эмкалах. Тидаме ду, дукха хан йоццуш Россехь Ростовн областехь карийна тӀехдика Ӏалашхилла оцу эмкалан туьта[9]. ХӀинцалерачех тера, ши дум болу эмкалийн даьӀахкаш, карайора ИйдалтӀиехь, Иртышан бердаш тӀехь, Москохгуонаха[10].

Эмкалаш (мамонтца, тӀергӀан мармаӀаца, йаккхий маӀаш йолу сайца, кхечаьрца а, цхьаьна могӀара) хилла коьртачарех цхьа векал мамонтан фауна олучу дийнатийн, и фауна хилла къилбаседа Евразехь 10—12 эз. шо хьалха тӀаьххьара бина ша дӀабаллалц. Иштта фауна заповедникехь меттахӀотторан проектан («плейстоценан парк») йукъадогӀу, кхечаьрца цхбьаьна, ши дум болу эмкалаш ялор цига[11].

КараӀамор нисйе бӀаьра

 
1884 шо, эмкалан корпусан сик'хаш Нилан экспедици йолуш.

Эмкалаш караӀамийна вайн эрал 2000 шо хьалха. Уьш уггаре онда мохь лело а, йужу а дийнаташ йу уьш ехачу хьолехь. Эмкалийн уозоран ницкъ лелабо 4 - 25 шарахь, цаьрга бахьало шен йозаллех 50 % мохь. Эмкал дийнахь ягӀало 30—40 км гена йоьдуш[6]. Эмкал беречуьнца дийнахь 100 км а йоьду, йуккъера сихаллин барам 10—12 км/сахьтехь[1]. Генарчу заманара дуьйна, антикаллера йуккъера бӀешерашка кхаччалц, эмкалаш лелийна эскаршкахь, мохь а, береш а лелош, ткъа тӀеман йукъахь лелош хилла тӀеман эмкалаш тӀеман дошлошна йукъахь а, цхьацца а, дукха хьолахь мостагӀ кхеро Ӏалашо йолуш.

Россехь кхиайо цхьаьна тайпана цхьа дум болу эмкалаш — арвана, кхаа тайпана ши дум болу — гӀалмакхийн, кхазакхийн, монголийн. Уггаре мехала йу гӀалмакхийн тайпанех ерг.

Даа мега эмкалан жижиг, ткъа иштта шура, цунах до шубат, даьтта, нехчанаш. Дромадер тайпанера шарахь йаьккхина шура 2000 кг кхочу (арванан 4000 кг сов хуьлу), 750 кг хуьлу бактрианийн (кхечу хаамашца, 600—800 кг[6]). Цу тӀе шуран хьоналла 4,5 а, 5,4 процент хуьлу[1], ткъа йукъахь витамин C дуккха а лакхара хуьлу бежанан шурехьчул[6]. Лакхара дикалла йолуш къастало эмкалийн тӀаргӀа (иза мехала бу уьстагӀчул), цуьнца 85 % пухӀ хуьлу. Цхьаьна бактрианан 5—10 кг пухӀ лоргу, 2—4 кг дромадеран[1]. Эмкал лоргу бӀаьста[6].

Яржар нисйе бӀаьра

 
Петарбухера Н. М. Пржевальскин иэс.
 
Пакистанера эмкалан жижигца дина пилу.

Эмкалаш йаьржина гӀум-аренан а, йекъачу аренийн а зонехь, уьш ца яхало тӀуьна климат йолчу а, лаьмнийн а меттигашкахь[1]. КараӀамийначу кепара Ширачу Дуьненан ший а тайпа эмкалаш йаьржина Азин а, Африкин а областашкахь. Дромадераш хуьлу къилбаседа Африкехь 1° къилба шоралле кхаччалц, Ӏаьрбийн ахгӀайрен тӀехь а, Йуккъера Азехь а. XIX бӀешарахь уьш чуялийна хилла Австрале, цигахь дика йоьлла меттигерчу климатан хьолех, тахана церан барам кхаьчна 50 эзаре. Бактрианаш йаьржина Жимачу Азера Маньчжуре кхаччалц. Дуьненах йерриг 19 миллион гергга эмкал йу, царех 14,5 миллион йеха Африкехь. Цхьаьна Сомалихь уьш 7 миллион йу, ткъа луларчу Суданехь — 3,3 миллион.

Дромадеран акха кепан хӀу дайна, хетарехь, вайн эра долалу. Цуьнан уггаре хила тарло даймохк Ӏаьрбийн ахгӀайре йу, амма къевллина къастийна дац иза, хиллий теша церан дай дромадеран акха кеп йа йукъара да бактрианца.

Н. М. Пржевальскийс шен азин экспедицехь дуьххьара гучуйаьккхина акха ши дум болу хаптагайгӀеран эмкалаш хилар, хилар тардолуьйтуш дара, амма къовсаме а дара. Бактрианан акха популяцеш хӀинци а йу Синьцзян-Уйгурийн автономин кӀоштахь а, Монголехь а, цигахь кхаа вовшех къаьстинчу популяцешкахь йеха эзар гергга эмкал. Вайн заманахь хьовсу, акха ши дум болу эмкалаш Якутера плейстоценан паркан климатах йоларан, хаттаре.

Эмкалийн кепаш нисйе бӀаьра

Бактрианаш нисйе бӀаьра

 
Бактриан

Йуккъера Азехь йеха ши дум болу эмкал бактриан (Camelus bactrianus) караӀамийна адамаша чӀогӀа генарчу заманахь, амма акха бактрианийн нилха реманаш тахана а хаало гӀум-аренашкахь Монголехь а, Малхбузен Цийчохь а, цигахь уьш балахьогуш йу мала хи ца тоарна, хӀунда аьлчи, адамо гӀум-аре карайерзош дӀалоцу дӀадиллина хин хьосташ. Бахаман ши дум болу эмкалаш лелайо коьртаниг Кхазакхстанехь а, Монголехь а, лелайо уьш дромедараш лелочу Ӏалашонна. Шен цӀе бактриан схьайаьлла Йуккъерачу Азера ширачу областах Бактри, иза цигахь тарло, дуьххьара карайерзийна.

Акха бактрианаш хаъал кегийра йу цӀахь кхобучарал, ткъа церан кегийра ира бохь болу даммарчий бекъна дикка шуьйрачу нуьйро; хӀусаман бактрианийн даккхий даммарчий дукха хьолахь тӀекелакхаьтна хуьлу, царна йукъахь кӀезиг меттиг йу. Йозаллийца хӀусаман бактрианаш ледара ца хуьлу дромедарел.

Дромедараш нисйе бӀаьра

 
Дромедар

Акха цхьа дум болу эмкалаш дромедараш (Camelus dromedarius) хӀокху заманахь ца йисина. Австралин йуккъерчу кӀошташкахь ган тарло акхаевлла, хьалха цига чуйаьхьна цхьа дум болу эмкалаш, уьш тӀехь терго а йоцуш дебаш йу ладаме доза тохаран факторш йоцуш. Ширачу дуьненан шуьйрачу йокъалла а, йовхо а йолчу мехкашкахь дромедараш йу ладаме бахаман дийнаташ, цара лелайо дукха функцеш, дуьненан къаьмнийн оьздангаллехь ладаме роль.

Гибридаш нисйе бӀаьра

Хила тарло яха таро йолу хьалхарчу чкъоьрера цхьаъ а, шиъ а дум болу эмкалийн гибридаш, царех олу «нараш»[6].

Эмкал оьздангаллехь нисйе бӀаьра

 
Сийлахь Моголийн имперехь вота йетташ эмкалан бере.

Аштаркхнен областера Ахтубинск гӀалахь, В. И. Ленинан цӀарах йолчу майданахь хӀоттийна шина эмкалан Машкин а, Мишкин а иэс, уьш гӀуллакхехь хилла йоккха тоьпан командиран сержант Нестеров Григорийн тӀеман чоьтехь йаккхий тоьпаш ийзош, уьш евлла дуьххьарлерачарех Рейхсканцелярин агӀора.[12]

Эмкалан мохь химл — йозаллин барам лелош хилла бусалба мехкашкахь. Химлан барам тайп-тайпанчу мехкашкахь чӀогӀа къаьсташ хилла, химлан йукъара барам 250 кг гергга хилла.

Сийлаллашкахь нисйе бӀаьра

 
 
 
 
 
Эмкал сийлалла йу программа йаран меттан Perl.

Эмкалан сурт ду цхьацца гӀалийн а, регионийн а хӀосташна а, байракхашна а тӀаьхь, амма эмкал геральдикан фигура йац. Эмкал — сийлалла а, эмблема а йу Азин а, Ӏаьрбийчоьнан а, паччахьан Ӏедалан, дахаран ницкъан, собараллин сийлалла. Азин мехкашкахь цуо гайтина ца Ӏа паччахьалла, лакхара схьавалар, амма гойту куралла а, сонталла а[13]. Эмкал лелийна Исетан провинцин хӀост тӀехь[14], дӀайаьккхина 1781 шарахь.

ХӀинца эмкал лелайо Челябинскан[15] (цхьа дум болу, делахь а маса дум бу билггала хууш дац — тӀебоьттина мохь бу) а Челябинскан областан а (ши дум берг) хӀост а, байракх а тӀехь. 1830 шеран «Российн империн законийн буьззинчу гуламехь» иза иштта кхетийна: «Мохь боьттина эмкалан маьӀна ду, оцу гӀала дукха сурсаташ дар». Иштта, эмкал гойтура йохк-эцар, ткъа оцу хенахь гӀала цуьнца ехаш хилла[16].

Эмкал иштта Эритрейн хӀост тӀехь йу.

ГӀарадаьлла тиларш нисйе бӀаьра

Эмкалан таро йу шен дум чуьра мохь мустъеш цунах хи даккха аьлла шуьйра ойла йу йаьржина. Цуьнан агӀончаш тӀетовжу фактан, организмехь 10 грамм мохь мустъелчи кхоллало 10,7 миллилитр хи. ГӀум-аренашка арайолучу эмкалан букъ, масала, 40 кила хуьлу, тӀаккха мохь мустъелчи цуо доккху 43 литр гергга хи. Дикка хи ду иза-м. Амма кхин гучудолу: Нагахь иштта атта хилчи, тӀаккха кхин дийнаташ стенна ца яхало гӀум-аренашкахь? Мохь массеран а ма йу. Гучудаьлла, мохь мустйалийта дукха кислород дезар, ткъа иза хилийта дийнато сиха садаӀа деза. ХӀора са моссазза доккху пехаш чу декъа гӀум-аренан хӀаваъ догӀу, иза дӀадоьду организмера дуьззина тӀуьна. Иза бахьнехь мохьо цхьан кепара гӀо ца до хи латторна, эмкалан букъ пхьегӀа йац хинна. Иза лаьтта мохьан хьесех, шена чохь гулйо энергин ресурс беххачу муьрехь йуург ца хилахь аьлла, йуург кӀезиг хилчи букъ хаъал жимло. Амма цуьнца цхьаьна мохь йукъара хи долу, ткъа иза сацо лакхахь йийцинчу дийнатан организман башхаллаш таро йо.

Кхин сов бакъ долуш дац хи цхьабосса эмкалан дилхахула декъалуш хетар. Нагахь иштта хилчи, эмкалан организмера дуьхан барам лахара хир бара кхечу дийнатехьчул. Амма хӀинца хаийтина иза бакъ доций.

Оьздангаллехь гайтар нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Верблюды // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  2. 1 2 3 4 Верблюд // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Oxford English Dictionary, 2nd edition, entry camel (noun)
  4. Schmidt-Nielsen B., Schmidt-Nielsen K. (1955). «The camel, facts and fables». UNESCO Courier (8-9): 29.
  5. 1 2 Гржимек Б. Среди животных Африки. — М.: Мысль, 1973. С.241—244.
  6. 1 2 3 4 5 6 Верблюды, Верблюдоводство Архивйина 2011-04-25 — Wayback Machine Справочный агросайт
  7. 1 2 В.В.Титов Особенности морфологии и экологии верблюдов рода Paracamelus (PDF). Южный научный центр РАН, Ростов-на-Дону. — Современная палеонтология: классические и новейшие методы. М.: ПИН РАН, 2005. с. 161–166. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 8 февралехь. Теллина 30 марта 2011.
  8. Верхнетретичные млекопитающие Приишимья. — Ю.А.Орлов. В мире древних животных. АН СССР, 1961. Текст книги, глава 2. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 19 августехь. Теллина 31 марта 2011.
  9. В.В.Титов Находка черепа древнего верблюда возле станицы Раздорской. Раздорский этнографический музей-заповедник (2 октября 2010). — Историко-культурные и природные исследования на территории РЭМЗ. Сборник статей, выпуск 1, 2003 г.. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 8 февралехь. Теллина 31 марта 2011.
  10. Верхнетретичные млекопитающие Приишимья. — Ю.А.Орлов. В мире древних животных. АН СССР, 1961. Текст книги, глава 2. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 19 августехь. Теллина 31 марта 2011.
  11. А.А.Бондарев, Б.Ю.Кассал История и перспективы развития териофауны среднего прииртышья (PDF). ФГОУ ВПО «Омский государственный педагогический университет». — Вестник ОГУ, №6/июнь 2009. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 8 февралехь. Теллина 31 марта 2011.
  12. ОПИСАНИЕ И РАЗМЕРЫ ПАМЯТНИКА «Мы победили!» — 13 Февраля 2010 — в Ахтубинске — Первый Ахтубинский сайт города Архивйина 2011-09-02 — Wayback Machine Архивйина 2011-08-19 at WebCite
  13. Символы и знаки: Эмкал
  14. Кеп:Book-chel
  15. Кеп:Book-chel
  16. Почему на гербе города изображен эмкал? Архивйина 2009-05-17 — Wayback Machine — газета «Уральский курьер», 6 августа 2002

Хьажорагаш нисйе бӀаьра

  • Верблюд, род животных // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.