Калашников, Прокофий Яковлевич
Прокофий Яковлевич Калашников (1906 шеран 15 (28) июнь, СемаӀашка, Терски область — 1977 шеран 22 июнь, Соьлжа-ГӀала) — полковник, танкхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Прокофий Яковлевич Калашников | |
---|---|
Вина терахь | 1906 шеран 15 (28) июнь |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1977 шеран 22 июнь (70 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | танковые войска |
Дарж | полковник, Советийн гварди |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1906 шеран 28 июнехь СемаӀашкахь (хӀинца Нохчийчоьнан ТӀехьа-Мартанан кӀошт). 1921 шо дуьйна иза Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш вара. 1922 шарахь цо чекхйаьккхира школан 6 класс, 1925 шарахь — пхьолин училище. Цул тӀаьхьа цо «ЦӀе варзаб» заводехь слесарь-фрезеровщик болх бира. 1928—1930 шерашкахь иза вара доза лардаран эскарехь Гена Малхбалехь ротан старшина. ЦӀен Эскарера цӀа вирзича цо машинист болх бира Соьлжа-ГӀалан паровозийн депохь[1].
1932 шеран май дуьйна иза йуха а эскаре дӀакхайкхира. 1934 шарахь цо чекхйаьккхира Орёлан танкийн школа. Цул тӀаьхьа иза танкийн эскарехь танкийн взводан куьйгалхо вара Ленинградан эскаран округехь[1].
1939—1940 шарахь цо советийн-финляндин тӀамехь дакъа лецира. Калашников вара 517-гӀа къастина танкийн батальонан куьйгалхо. Цо тӀом бира БТ-7 танкан тӀехь. Цунна йелира «ТӀеман кхиамашна» цӀе йолу медаль. Цул тӀаьхьа иза вара Малхбузе эскаран округехь болх беш[1].
ТӀом болабеллачул тӀаьхьа 1942 шеран апрель кхаччалц иза вара15-гӀа автотранспортан полкан куьйгалхо. Цул тӀаьхьа 1943 шеран май дуьйна иза вара 25-гӀа къастина автотранспортан батальонан куьйгалхо. Цо тӀом бира Малхбузан и Йуккъеран фронташкахь. Калашниковс дакъа лецира Белорусси а, Москва а ларйаран тӀемашкахь, Москван тӀелатаран операцехь, Севскан тӀелатарехь[1].
1943 шарахь цо чекхйаьккхира Магнитогорскехь йолу Эпсарийн лакхара танкийн школа[1].
1943 шеран декабрь дуьйна Калашников вара 11-гӀа къаьстина гвардин танкийн бригадан 1-ра танкийн батальонан куьйгалхо. Цо тӀом бира Т-34 танкан тӀехь Украинин фронтехь. Цо дакъа лецира Корсунь-Шевченковски а, Умански-Ботошански а операцишкахь. 1944 шеран 5-12 апрелехь цуьнан батальон тӀемаш беш 200 км гергга некъ бинера, 38 нах беха меттиг мукъ а йоккхуш, дукха мостагӀийн салтий а, танкаш а хӀалла а йеш[1].
1944 шеран 13 сентябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Прокофий Калашникова йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
1944 шеран аьхкен дуьйна Калашниковс тӀом бира 1-ра Белоруссин фронтехь Люблин-Брестан операцехь. 1944 шеран июлехь цуьнан чов йинера. 1945 шеран январь дуьйна вара 90-гӀа гвардин йеза танкийн полкан куьйгалхо. Цо Ис-2 танкан тӀехь Калашниковс дакъа лецира Варшаван-Познанин а, Малхбале-Померанин а, Берлинан а операцишкахь[1].
ТӀом чекхбеллачул тӀехь цо эскарехь болх бора. Иза вара Германехь йолу советски эскаран тобан танкийн батальонан куьйгалхо. 1949 шеран дуьйна иза вара Прибалтикан эскаран округехь йолу танкийн полкан куьйгалхо. 1953 шарахь цо чекхйаьккхира Танкийн эскаран академин эпсарийн говзалла шарйаран курсаш. 1953—1954 шерашкахь иза вара Чехословакийн эскарехь танкийн полкан куьйгалхонан хьехамча. 1954 шеран декабрехь иза тӀаьхьаллонен велира[1].
Калашников Ӏаш вара Соьлжа-ГӀалахь. Иза велира 1977 шеран 22 июнехь. ДӀавоьллира Соьлжа-ГӀалан Йуккъера кешнашкахь. Цуьна каш ду регионан даржан хӀоллам лоруш. 2010 шарахь оцу кешан хьал вон дара[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Герои-освободители Черкасщины. — 2-е изд., доп. и испр. — Днепропетровск, 1980. — С. 297.
- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — 3-е изд., доп. — Грозный, 1985. — С. 160—165.