Канберра Кэпиталз
«Канберра Кэпиталз» (инг. Canberra Capitals) — австралин профессионалан зударийн баскетболан клуб, ловзу зударийн къоман баскетболан лигехь. Командин база ю Канберрехь (Австралин коьрта гӀалин мохк). 2014 шарахь дуьйна командин долахо ю University of Canberra Union[1]. ХӀинца «Кэпиталзан» спонсор ю Канберрин университет.
Канберра Кэпиталз | ||||
Canberra Capitals logo new.png | ||||
Кхоьллина шо | 1984 | |||
Стадион | AIS-арена | |||
ГӀала | Канберра, АКГӀ | |||
Долахо | University of Canberra Union | |||
Коьрта тренер | Горисс Пол | |||
[Официальный сайт Официалан сайт] | ||||
Форма | ||||
|
Клуб йиллина 1984 шарахь, шен дебютан шо лигехь дӀадаьхьна 1986 шарахь, 1985 шарахь Австралин зударийн баскетболан конференцехь тоьллачул тӀаьхьа. Юьхьанца клубан баккхий кхиамаш бацара ЗКъБЛехь, амма 1999 шерал тӀаьхьа «Кэпиталз» хилира лигехь ондачу командех, цунна йукъа дуьненан уггаре дикачех ловзархо Джексон Лорен а, коьрта тренер Граф Кэрри а вар бахьнехь[2]. Команда цхьайттаза левзира ЗКъБЛ йоккха финалехь, толам баьккхира 2000, 2002, 2003, 2006, 2007, 2009, 2010, 2019, 2020 шерашкахь, ткъа кхин а ийшира шеран коьртачу матчехь 2001 а, 2011 а шерашкахь.
ЗКъБЛ яккхийчу финалашкахь ловзар
бӀаьра нисйан«Канберра Кэпиталз» клуб левзина ЗКъБЛ цхьайтта йоккха финалехь, царех иссаннехь толам баьккхира (тӀаьххьара кхиам ЗКъБЛ рекорд ю)[3].
Шо | Къовсамхо | ЖамӀ | Чот | ДӀаяьхьна меттиг |
---|---|---|---|---|
1999/00 | Аделаида Лайтнинг | Толам | 67:50 | Клипсал-Пауэрхаус, Аделаида |
2000/01 | Сидней Пантерс | Иэшам | 65:69 | AIS-арена, Канберра |
2001/02 | Сидней Пантерс | Толам | 75:69 | AIS-арена, Канберра |
2002/03 | Сидней Пантерс | Толам | 69:67 | AIS-арена, Канберра |
2005/06 | Данденонг Рейнджерс | Толам | 68:55 | Данденонг-стэдиум, Данденонг |
2006/07 | Сидней Юни Флэймз | Толам | 73:59 | Пенрит Спортс-стэдиум, Пенрит |
2008/09 | Буллин Бумерс | Толам | 61:58 | AIS-арена, Канберра |
2009/10 | Буллин Бумерс | Толам | 75:70 | Стэйт-центр, Мельбурн |
2010/11 | Буллин Бумерс | Иэшам | 78:103 | Стэйт-центр, Мельбурн |
2018/19 | Аделаида Лайтнинг | Толам | 93:73 | AIS-арена, Канберра |
2019/20 | Саутсайд Флайерз | Толам | 71:68 | AIS-арена, Канберра |
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ New University of Canberra deal to boost Canberra Capitals recruitment (инг.). abc.net.au. ABC News. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 октябрь.
- ↑ Canberra Capitals Club History (инг.). wnbl.com.au. Women's National Basketball League. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 октябрь.
- ↑ WNBL Champions (инг.). wnbl.com.au. Women's National Basketball League. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 октябрь.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Canberra Capitals official website (инг.). wnbl.basketball. Women's National Basketball League. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 октябрь.
- 2018/19 Chemist Warehouse WNBL Championship: Seasonal Recaps 1981-2018 (p. 90-128) (инг.). wnbl.basketball. Women's National Basketball League. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 октябрь.