Хёрст Натали (инг. Natalie Hurst; йина 1983 шеран 8 апрелехь, Канберрехь, Австралин коьрта гӀалин мохк, Австрали) — австралин профессионалан баскетболхо, левзина зударийн къоман баскетболан лигехь ловзар дӀахьо турслочун позицехь. ВорхӀазза зударийн КъБЛ чемпион (2000, 2002, 2003, 2006, 2007, 2009, 2010). Австралин къоман гулйина командин юкъахь хилла кхузза Океанин чемпион (2009, 2011, 2013).

Хёрст Натали
инг. Natalie Hurst
Opals Training Camp 15.jpg
Карьера чекхйаьккхина
Позици Ловзар дӀахьо турсло
Локхалла 163 см
Гражданалла АвстралиFlag of Australia.svg Австрали
Йина терахь 1983 шеран 8 апрель({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (38 шо)
Йина меттиг Канберра, Австрали

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Океанин чемпионат
Деши Австрали / Керла Зеланди 2009
Деши Австрали 2011
Деши Австрали / Керла Зеланди 2013

БиографиНисйе

Хёрст Натали баскетболех ловза йолаелла ша йинчу гӀалахь Канберрехь. Дуьххьарлера профессионалан клуб хилла меттигера «Канберра Кэпиталз». 12 шарахь цуо йаьккхина Зударийн къоман баскетболан лигин 6 титул, цу тӀе 2009 шарахь лерина финалан матчан MVP. Екатеринбургера Дуьненан лигин 2006/07 декъахо, цигахь хилира уггаре дика бомбардир (63 очко) а, пасаш дӀалург а (13зза дӀаелла) командехь.

Дуьненан баскетболан шеран заманашна йукъахь (аьхкенан беттанаш) Хёрст 2009 шерера 2012 шо кхаччалц левзира Квинслендан баскетболан лигехь («QBL») «Гладстон Порт Сити Пауэр» командехь, цуьнца кхузза толам базбира турнирехь.

2010 шарахь Натали дӀайахара Франце, цигахь тӀаьхьий-хьалхий 2 шарахь левзира «Пэйс д’Экс Баскет». Баскетболхо, Eurobasket.com сайтан версица, шозза юкъайахара Францин чемпионатан «сийлаллин пхеанна» хьалхейаккхаран итт уггаре дика иччархошна йукъахь хилла[1][2]. 2012 шарахь Хёрста контракт йаздо Мажарчоьнан баскетболан цхьаьна «грандаца» «ХАТ-АГРО ЮНИЦА». Дьёран командина йукъахь Наталис йоху Мажарчоьнан чемпионатан «детин» мидалш, дакъалоцу ФИБА Евролигехь, массо турнирашкахь хуьлу уггаре дика иччархо. Eurobasket.com сайтан версица иза къобал йо 2012/13 шеран Мажарчоьнан хьалхейаккхаран уггаре дика турсло а, кхечу мехкан ловзархо а, йукъатоьхна «сийлаллин пхеанна» [3].

Даймахкахь хиланза кхо шо даьлча, 2013 шарахь спортхо йухайирзира «Канберра Кэпиталз» йукъа. Команда «ЗКъБЛ» плей-оффе ца кхаьчначул тӀаьхьа Натали йуха а дӀайоьду Европе, чекхдоккху 2013/14 шо в Туркойчохь. 2014 шеран аьхка иза йухайоьрзу МАжарчу, цигахь контракт йаздо «ПЕАС-Печца».

Хёрст йу Бангкокера аьхкенан Универсиадин — 2007 чемпион, цигахь финалехь иэшийра Российн гулйина команда 85:65 чоьтаца. Иштта къоман гулйина командина йукъахь баскетболхочо тӀаьхьий-хьалхий кхузза йаьккхира Океанин чемпионат.

КхиамашНисйе

БилгалдахаршНисйе

  1. Basketball-League-LFB_2010-2011 (ингалс.). Eurobasket.com. Теллина 2014 шеран 23 июлехь.
  2. Basketball-League-LFB_2011-2012 (ингалс.). Eurobasket.com. Теллина 2014 шеран 23 июлехь.
  3. Basketball-A-Division-Women_2012-2013 (ингалс.). Eurobasket.com. Теллина 2014 шеран 23 июлехь.

ХьажоргашНисйе