Керлагвинейн хӀорд
Керлагвине́йн хӀорд я Бисмаркан хӀорд (инг. Bismarck Sea) — Тийна океанан малхбузера гӀайренаш йукъара хӀорд, къилбаседехь а, малхбалехь а, къилбехь а доза тоьхна Бисмаркан архипелаго, малхбузехьа — Керла Гвиней гӀайренца; зӀе ю Витязь хидоькъечухула Соломонан хӀордаца. ХӀордан Йуккъера кӀоргалла ю 1700 м, максимум кӀоргалла — 2665 м. Керлагвинейн хӀордан майда — 310 эз. км² гергга.
Керлагвинейн хӀорд | |
---|---|
инг. Bismarck Sea | |
Амалш | |
Майда | 310 эз. км² |
Дуккха кӀоргалла | 2665 м |
Лаьтта меттиг | |
3°53′10″ къ. ш. 148°42′39″ м. д.HGЯO | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
ХӀордан бух шортта кегийра гунаш а, ТӀапломан гӀайренаш а долуш аккумулятиван акъари ю. ХӀордан акваторехь хуьлу лакхара сейсможигаралла, сих-сиха хуьлу хин бухара мохкбегор.
Бердаш нийса ду. Дукха маржанийн рифаш ду. Керла Гвиней гӀайренан уллохула сихаллийца 0,5—0,75 м/с чекхдолуш ду Керлагвинейн хилелар. ГӀайренаш юкъахула хаало хӀорд чӀогӀа тӀекхетар.
Хин тӀехулара температуран юккъера барам 28 °С. Дуралла 34‰, океанан юккъерчу барамал лахара ю, алссама атмосферан йочанаш хилар бахьнехь. ХӀорд чу кхета даккхий хиш Сепик а, Раму а (ший а Керла Гвинейн къилбаседа-малхбален бердаца).
Коьрта порташ: Маданг Астроляби айман Керла Гвиней гӀайренан берд тӀехь, Рабаул Керла Британи гӀайрен тӀехь.
Керлагвинейн хӀордан акваторехь долу дерриг бердаш а, гӀайренаш а, хӀинца ду Папуа — Керла Гвинейн.
Керлагвинейн хӀордан географи толлуш боккха болх бина оьрсийн хӀордан экспедицеш (масала, «Витязь» корвет-кеманахь), уьш боьзна бу Н. Н. Миклухо-Маклайн белхашца, цуьнан сийнна цӀе тиллина Керлагвинейн хӀордан бердайистан — Миклухо-Маклайн берд.
Истори
бӀаьра нисйан1910 шарахь дуьйна ингалсан картографехь цӀе йелла Бисмаркан хӀорд, хийцина германхойн Пруссийн арахьара гӀуллакхийн министран Бисмарк Оттон сий деш.
Хаза факташ
бӀаьра нисйан1943 шеран 2—4 мартехь хӀорда чохь хилла америкин-австралийн а, японан а эскаршна юкъахь боккха тӀом. Японан канон тӀелетта бартхойн авиацис 1943 шеран 3—4 мартехь бухадахийтира бархӀ эскаран транспорт а, диъ эсминец а.
Литература
бӀаьра нисйан- Керлагвинейн хӀорд — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |