Дуьнен дукхаха болу бахархой динехь бу, иза йа важа кепара дин леладо.

Дуьненан уггаре доккха (тӀаьхьахӀиттинчеран барамца) дин ду керсталла; XX бӀешеран дохаллехь Дуьненан берриг бахархошна йукъара керстачеран дакъа ца хийцаделча санна ду, лаьтта 33 %. ШолгӀа дуьненан дин лору ислам (23 % дуьненан бахархой). Тешаш боцучеран барам, (царна йукъахь агностикаш, атеисташ, кхин берш а) дикка къовсаме бу, тайп-тайпана талламчаша мах хадабо планетин бахархойх 11—16 %. Дуьненан бахархойх кӀезиг дакъа дац хӀиндуистийн (14—15 %), буддистийн (7 %), ламаста динийн агӀончийн.

Дин лелориш 2010 шарахь

бӀаьра нисйан
 
10 млн сов стаг йукъахь волу дин долу а, дин доцу а тобанаш, 2010 шо, млн. ст. (Дж. Мелтон. «Дуьненан динаш» жайнин хаамашца)

Лахахь хӀоттийна таблицехь, коьрта динийн векалийн барамех лаьцна хаамаш. Балийна 2010 шеран хаамаш, схьаэцна кхаа хьостера — Дж. Мелтонан «Дуьненан динаш» энциклопедера, «Британника» энциклопедера, америкин талламан Pew Research Center (PRC) центран чоьтера.

Дин «Дуьненан динаш»[1] «Британника»[2] PRC[3]
1 Керстанаш 2 292 454 000 33,2 % 2 280 616 000 33,0 % 2 173 180 000 31,5 %
2 Бусалбанаш 1 549 444 000 22,4 % 1 553 189 000 22,5 % 1 598 510 000 23,2 %
3 ХӀиндуисташ 948 507 000 13,7 % 942 871 000 13,6 % 1 033 080 000 15,0 %
4 Агностикаш 639 852 000 9,3 % 659 781 000 9,6 % 1 126 500 000 16,3 %
5 Буддисташ 468 736 000 6,8 % 462 625 000 6,7 % 487 540 000 7,1 %
6 Цийн дин 458 316 000 6,6 % 454 404 000 6,6 % 405 120 000 5,9 %
7 Халкъан дин 261 429 000 3,8 % 269 723 000 3,9 %
8 Атеисташ 138 532 000 2,0 % 137 564 000 2,0 % хьажа «ца тешарш»
9 Керла динаш 64 443 000 0,9 % 63 684 000 0,9 % хьажа «кхин»
10 Сикхаш 24 591 000 0,4 % 23 738 000 0,3 % ‘‘хьажа «кхин»
11 ЙахӀудеш 14 641 000 0,2 % 14 824 000 0,2 % 13 850 000 0,2 %
12 Спиритисташ 13 978 000 0,2 % 13 732 000 0,2 % ‘‘хьажа «кхин»
13 Даосаш 9 017 000 0,1 % 8 429 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
14 Бахаиш 7 447 000 0,1 % 7 337 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
15 Конфуцианхой 6 461 000 0,1 % 6 516 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
16 Джайнаш 5 749 000 0,1 % 5 276 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
17 Синтоисташ 2 782 000 0,0 % 2 772 000 0,0 % ‘‘хьажа «кхин»
18 ЦӀеран дин лелориш 181 000 0,0 % 178 580 0,0 % ‘‘хьажа «кхин»
19 кхин 1 427 000 0,0 % 58 110 000 0,8 %
Дуьне, дерриг 6 906 560 000 100 % 6 908 689 000 100 % 6 895 890 000 100 %

Коьрта динаш

бӀаьра нисйан

Керсталла

бӀаьра нисйан

Дуьненан уггаре доккха динан векалша цхьаалла а ца йитина, декъалуш ду иттаннаш эзарш деноминацешка. Билламе, керстанаш бекъа мегар ду 4 коьрта агӀоне:

 
дуьненан тайп-тайпана мехкашкара керстачеран дакъа

Керстанаш алсама бу Европин, Къилбаседа а, Латинийн а Америкин, Океанин бахархошна йукъахь. Африкехь керстачеран дакъа 47,9 % кхаьчна; Азехь жӀарна тӀехьабозурш бахархой 8,5 % бен бац (278 млн тешаш берш)[7].

Исламехь йукъара тӀеэцна классификацеш йац. Pew Research Center арахоьцу чоьташа, бусалбанаш боькъу суннийшка (2009 шарахь 87—90 % берриг бусулбачех) а, шиӀийш (10—13 %) а[8]. Цу тӀе, талламийн авторша дери до, исламехь кхин а тобанаш хиларх, ткъа кхин а йукъара-исламан некъ суьпалла. «Дерригдуьненан керсталлин энциклопедис» (World Christian Encyclopedia, WCE) ислам доькъу кхаа некъе[9]:

 
Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкара бусалбанийн дакъа

Керсталлин а, исламан а къийсамаш

бӀаьра нисйан

Адамашна чӀогӀа хаа лаьа бусалбанийн а, керсталлин а тӀейогӀучу хенашкара динамика. XX а, XXI а бӀешераш хийцалучу хенахь процента нагӀора бусалбанаш тӀекхетар керстачарел алсама хилар лаьрра, различные футурологаша дӀахьедора тӀаьхьа бусалбанаш керстачарел сов а бевлла, уггаре доккха дуьненан дин хир ду бохуш.

Иштта, дуьненна а вевза социолого Хантингтон Самюэла шен Цивилизацеш Ӏиттайалар (1993 ш.) къинхьегамехь прогноз йира, ислам дуьненан уггаре доккха дин хир ду XXI бӀешеран хьалхарчу итт шарахь; оцу хьостаца 2025 шарахь бусалбанийн дакъа планетин бахархошна йукъахь кхача деза 30 %, ткъа керстачеран дакъа дожа деза 25 %[10]. Оцу прогнозан хьалхара дакъа кхочуш ца хилла, Хантингтонан 2025 шаран йина прогноз а дукхаха болчу бевза талламчаша дӀатоьтту. Цара лору, керсталла 2050 шарахь а хӀуонда дин хилар .

Лараман методологи

бӀаьра нисйан
  • Бахархой багарбар. Дукха хьолехь муьлхачу динехь ву боху хаттар йукъатоьхна бахархой багарбаран бланкан могӀанашна. И хьост лаьрра тешаме динан шенидентификаци йеш. Амма мехкийн ладаме декъо ца йо бахархой багарбаран мероприяти йа динах долу хаттар ца хӀоттадо бланк тӀе; цу тӀе бахархой багарбаран болх сих-сиха а ца бо, цуьнан хаамаш хаъал ширло. Цхьацца правительствош бехке йеш йу бахархой багарбаран терхьаш галйахарна, царна йукъахь ду динех дерг а.
  • Хеттарш. Ишттачу хьостаца гулбинчу хаамийн нийсалла йозуш йу бинчу талламан дикаллех, хьалхарчу рогӀехь — репрезентативаллех. Хеттарийн хаамийн кӀезиг таро йу кегийра динан тобанийн нийса терахь гучуйаккха. Цхьацца мехкашкахь кӀезиг болчу динан векалша хеттаршна жоп ца дала йа нийса ца дала таро йу.
  • Мах хедор, лач хаамийн бух тӀехь ду. Цхьадолу тайпанийн динийн векалш багарбо тайпанан декъахой а лорий; цу тӀе кхетадо, тайпанан берриг векалш цхьа дин лелош хилар. Цхьацца православин килсаша и хьесап леладо. Иштта мах хадор вуно чӀогӀа тешам боцуш ду.
  • Аренан талламаш лелабо кегийра динан тобанийн барам билгалбоккхуш. Дукха хьолехь иза цхьаъ бен доцу хьесап ду кегийра кхолламийн барам билгалбаккха, гӀеххьа къевлина сектийн муххале а.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Melton, 2010, p. lix.
  2. Darrell J. Turner. Religion: Year In Review 2010. Worldwide Adherents of All Religions (инг.). Encyclopedia Britannica (2011). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 2 июль.
  3. The Global Religious Landscape. A Report on the Size and Distribution of the World’s Major Religious Groups as of 2010 (инг.) (pdf). Pew Research Center (2012 шеран декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 2 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 24 сентябрехь Архивйина 2015-09-24 — Wayback Machine
  4. Global Christianity A Report on the Size and Distribution of the World's Christian Population (инг.). The Pew Forum on Religion & Public Life (2011 шеран 19 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 19 апрелехь Архивйина 2013-04-19 — Wayback Machine
  5. Ревуненкова Н. В. Введение // Протестантизм. — СПб.: Питер-Юг, 2007. — 224 с. — (Религии мира). — ISBN ISBN 978-5-469-01656-4.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  6. Global Christianity A Report on the Size and Distribution of the World's Christian Population (инг.). The Pew Forum on Religion & Public Life (2011 шеран 19 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 28 апрелехь Архивйина 2013-04-28 — Wayback Machine
  7. Melton, 2010, pp. lix — lxxii.
  8. Mapping the Global Muslim Population. A Report on the Size and Distribution of the World’s Muslim Population (инг.) (PDF). Pew Research Center (2009 шеран октябрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 2 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 8 ноябрехь Архивйина 2013-07-25 — Wayback Machine
  9. Barrett, 2001, Global Table 1-1, p. 4.
  10. Samuel Huntington. Chapter 3. A Universal Civilization? // The Clash of Civilizations and the remaking of world order. — illustr.. — Simon and Schuster, 2007. — P. 65—66. — 368 p. — ISBN 9781416561248.

Литература

бӀаьра нисйан
оьрсийн маттахь
  • Зеленков М. Ю. Приложение № 1. Классификация мировых религий (по П. И. Пучкову) // Мировые религии: история и современность. — М.: Юридический институт МИИТа, 2003. — С. 130—171. — 252 с.
кхин меттанашкахьна других языках