КъБА дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархо
КъБА дерриг седарчийн матчан Брайант Кобин цӀарах уггаре мехала ловзархо[1] (инг. NBA All-Star Game Kobe Bryant Most Valuable Player) — КъБА дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархочун хӀора шарахь ло титул. ХӀора шеран совгӀат дала долийна 1953 шарахь. Оццу шарахь билгалбехира Дерриг седарчийн матчан хьалхарчу шина матчан уггаре дика баскетболхой — Маколи Эд (1951) а, Аризин Пол (1952)[2]. Кхаж тосу матчехь болу журналисташа а, комментаторша а. Титул ло максимум кхаьжнаш тесначу ловзархочун[3]. 1999 шарахь титул ца йелира, хӀунда аьлча Дерриг седарчийн матч КъБАхь локаут хилар бахьнехь ца хилира[4].
2009 шарахь Брайант Кобин а, О'Нил Шакилан а шайн карьерехь кхузлагӀа Дерриг седарчийн матчан MVP цӀе йелира, уьш цхьаьна могӀара хӀиттира сийлахь Джордан Майклца а, Робертсон Оскарца а. Титулийн барамца хьалха ву Петтит Боб а, Брайант Коби а, церан чоьтехь 4-зза Матчан уггаре мехала ловзархо къобал вар ду. Джеймс Леброна и совгӀат даьккхина кхузза. Коузи Боба, Ирвинг Джулиуса, Томас Айзеяс, Джонсон Мэджика, Мэлоун Карла, Айверсон Аллена, Уэстбрук Расселла, Дюрант Кевина совгӀат даьккхира хӀораммо шозза. Джеймса дуьххьара титул йаьккхира 21 шо долуш (2006 шарахь), цунах хилира и совгӀат делла уггаре къона ловзархо[5]. Титул йукъайаьллачу хенахь дуьйна, доьазза иза йийкъира шайна йукъахь шина ловзархочо — Бэйлор Элджина а, Петтит Боба а 1959 шарахь, Стоктон Джона а, Мэлоуна а 1993 шарахь, О’Нила а, Данкан Тима а 2000 шарахь, кхин а Брайанта а, О’Нила 2009 шарахь. О’Нил Шакил — шозза совгӀат кхечунца декъна цхьаъ бен воцу ловзархо ву. Командашна йукъахь титулийн барамца хьалха йу «Лос-Анджелес Лейкерс», оцу клубан ловзархоша совгӀат даьккхина 10-зза, ткъа «Бостон Селтикс» векалша — бархӀазза. Данкан Тим — титул йаьккхина АЦШн арахьа (Америкин Виргинин гӀайренаш) вина цхьаъ бен воцу ловзархо ву[6]. 2020 шарахь совгӀатан кхелхинчу Брайант Кобин цӀе йелира. Карара титул йерг ву Карри, Стефен.
Толамхой
бӀаьра нисйанКъБА хӀинца а ловзу ловзархой билгалбаьхна | |
Хаьржина Баскетболан сийлаллин зале | |
Ловзархо (X) | Дерриг седарчийн матчан MVP титулийн барам |
Комментареш
бӀаьра нисйан- a 1999 шарахь Дерриг седарчийн матч ца хилира локаут бахьнехь[4].
- b Ша варца Данкан Тим АЦШ гражданин ву, Америкин Виргинийн гӀайренийн берриг гражданаш санна[7], иза левзира АЦШ гулйина командин йукъахь дуьненайукъара турнирашкахь[8].
- c Билгалйаьхна титул уггаре мехала ловзархочун совгӀат шина баскетболхочун цхьанне делла матчаш.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ NEWSru.co.il :: НБА. Награда MVP Матча всех звезд будет названа в честь Коби Брайанта . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 16 февраль. Архивйина 2020 шеран 16 февралехь
- ↑ Steve Popper. N.B.A. All-Star Weekend; Macauley's '51 All-Star Honors Came Late (but He's Not Complaining) . New York Times (1998 шеран 5 февраль). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 июль. Архивйина 2012 шеран 26 мартехь (ингалс.)
- ↑ Howard-Cooper, Scott East Stars Put It Together, but Magic Has Hardware Pro basketball: Laker guard earns MVP in losing effort as rest of his West teammates are shut down, 130-113 . Los Angeles Times (1990 шеран 12 февраль). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 июль. Архивйина 2012 шеран 15 декабрехь Архивйина 2012-12-15 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Steele, David NBA Drops All-Stars -- What's Left? February game in Philly latest casualty of lockout . San Francisco Chronicle. Hearst Communications Inc (1998 шеран 9 декабрь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 17 декабрь. Архивйина 2012 шеран 26 мартехь (ингалс.)
- ↑ King-Sized Rally Propels East to Victory . NBA.com. Turner Sports Interactive, Inc. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 25 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 14 августехь (ингалс.)
- ↑ Bargnani becomes first European top NBA draft pick . People's Daily Online (2006 шеран 29 июнь). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 16 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 9 февралехь (ингалс.)
- ↑ Виргинские острова . CIA World Factbook. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 12 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2020 шеран 26 апрелехь Архивйина 2020-04-26 — Wayback Machine(ингалс.)
- ↑ Состав сборной США по баскетболу всех времен: D . USA Basketball. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 16 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 9 февралехь Архивйина 2012-01-18 — Wayback Machine(ингалс.)
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- All-Star Game: Year-by-Year Results . NBA.com. Turner Sports Interactive, Inc. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 23 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 25 мартехь (ингалс.)
- все MVP НБА
- Basketball Chance