Лавров, Сергей Викторович
Лавро́в Серге́й Ви́кторович (вина 1950 21 март, Москох, ССРС) — российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллакххо, советийн а, российн а дипломат. Россий Федерацин Арахьара гӀуллакхийн министр 2004 шеран 9 мартехь дуьйна (декхарш кхочушдийриг 2004 шеран 7 - 12 майхь, 2008 шеран 8 - 12 майхь, 2012 шеран 8 - 21 майхь, 2018 шеран 8 - 18 майхь, 2020 шеран 15 - 21 январехь)[3].
Лавров Сергей Викторович СДОХ 31.08.2024 УРАААА | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Сергей Викторович Лавров | |||||||
|
|||||||
Президент | Путин Владимир Медведев Дмитрий Путин Владимир |
||||||
Хьалха хилларг | Иванов Игорь | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Воронцов Юлий | ||||||
Когаметтаниг | Денисов Андрей | ||||||
|
|||||||
Вина терахь | 1950 шеран 21 март (74 шо) | ||||||
Вина меттиг | Москох, ССРС | ||||||
Зуда | Лаврова Мария Александровна | ||||||
Бераш | Лаврова Екатерина Сергеевна | ||||||
Парти |
ССКП (1991 шо кхаччалц) партехь вац |
||||||
Дешар | МДЮПИ | ||||||
ГӀуллакхалла | Дипломати[1], Политика[1] | ||||||
Динлелор | православи | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | mid.ru(оьр.) | ||||||
Болхбаран меттиг | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Российн Федерацин Кхерамзаллин Кхеташонани гуттаренна декъахо. Леррина а, Йуьззина бакъонаш йолу а векал. Российн Федерацин дипломатин гӀуллакхан хьакъдолу белхало (2004). «Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан вуьззина кавалер. Российн Федерацин Къинхьегаман Турпалхо (2020).
сдох 31.08.2024 УРРААААА
Схьавалар
бӀаьра нисйанЛавровн дех хууш дерг, иза Тиблисера эрмало хилар ду[4][5], цхьацца хаамашца — фамили Калантаров йа Калантарян йара[6]. Ненах дерг хаьа, иза ССРС Арахьа махлелоран министраллин белхало хилар. Российн АГӀМ сайт тӀехь гойту, Лавров оьрсий хилар[7].
Дешар
бӀаьра нисйанСергей Викторовича дешна Москохан областера Ногинск гӀаларчу № 2 йолчу В. Короленкон цӀарах ишколехь, тӀаьхьа дехьавелира москохара кӀорггера ингалсан мотт Ӏамо № 607 йолу ишколе, иза чекхйаьккхира детин мидалца. Цунна хазахета урок физика йара. 1972 шарахь чекхйаьккхира ССРС АГӀМ Москохан дуьненайукъара йукъаметтигийн пачхьалкхан институт (МДЮПИ) (малхбален дакъа).
Хаьа ингалсан мотт, Ӏамийна сингалийн, дивехи, французийн меттанаш[4].
АГӀМ болх
бӀаьра нисйан1972—1994
бӀаьра нисйан1972 - 1976 шо — стажёр, ССРС Вакийлатан Шри-Ланка Республикера атташе, 1976 - 1981 шерашкахь АГӀМ дуьненайукъара экономикин кхолламийн декъан кхоалгӀа, шолгӀа секретаран даржашкахь лаьттира. 1981 - 1988 шерашкахь — Нью-Йоркера ССРС ВКъКх Гуттаренна йолчу Вакийлатан хьалхара секретарь, хьехамча, лакхара хьехамча. 1988 - 1992 шерашкахь — Дуьненайукъара экономикин кхолламийн урхаллин хьаькаман гӀовс, хьалхара гӀовс, ССРС АГӀМ оццу урхаллин хьаькам. 1991 шо кхаччалц ССКП декъахо вара.
1991 - 1992 шерашкахь — ССРС АГӀМ Дуьненайукъара кхолламийн урхаллин хьаькам. 1992 шарахь хӀоттийра АГӀМ Дуьненайукъара кхолламийн а, глобалан баланийн а департаментан директор.
1992 шеран 3 апрелехь хӀоттийра Российн Арахьара гӀуллакхийн министран гӀовс[8][9]. Российн АГӀМ Дуьненайукъара кхолламийн а, дуьненайукъара экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран а департаментан белхан, Российн АГӀМ Адаман бакъонийн а, дуьненайукъара оьздангаллехь цхьаьнагӀуллакхдаран а урхаллин, АГӀМ ЛПД пачхьалкхийн гӀуллакхийн департаментан жоьпаллехь вара. Оцу даржехь лаьттира 1994 шеран январь бутт кхаччалц. 1993 шеран мартехь дуьйна — ВКъКх системера дуьненайукъара кхолламашна йукъахь Российн Федерацис дакъалацаран ведомствошна йукъара комиссин председателан гӀовс. 1993 шеран ноябрехь дуьйна — Российн Федерацис машаран гӀуллакхехь дакъалацаран координаци йаран ведомствошна йукъара комиссин сопредседатель[10].
Российн ВКъКх гуттаренна волу векал
бӀаьра нисйан1994 - 2004 шераш — Россий Федерацин Вовшахтоьна Къаьмнийн Кхолламера а, ВКъКх Кхерамзаллин Кхеташонера а гуттаренна волу векал.
Российн Арахьара гӀуллакхийн министр
бӀаьра нисйан2004 шеран 9 мартан Российн Федерацин Президентан омарца хӀоттийра Российн Федерацин Арахьара гӀуллакхин министран дарже. 2004 шеран майхь йуха хаьржина РФ Президент дарже хӀоьттинчул тӀаьхьа йуха а хӀоттийна оцу дарже. Иштта йуха хӀоттийра 2008 шеран майхь Медведев Дмитрий президентан дарже веича. 2012 шеран 21 майхь рогӀера министран тӀоьрмиг кхечира Путин Владимир президентан дарже ваьлча. 2018 шеран 18 майхь хӀоттийра РФ керла правительство, цигахь а Лавровгахь дисира шен дарж[11].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Российн Федерацин Къинхьегаман Турпалхо (2020 шеран 17 мартехь) — пачхьалкхан а, халкъан а башха къинхьегаман гӀуллакхаш дарна[12]
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан вуьззина кавалер
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» I тӀегӀанера орден (2015 шеран 21 март) — Российн Федерацин арахьара политикин курс кхочушйарехь башха баккхий кхиамашна а, дуккха а шерашкахь дипломатин гӀуллакх дарна а[13]
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» II тӀегӀанера орден (2010 шо)[14]
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» III тӀегӀанера орден (2005 шеран 21 мартехь) — Российн Федерацин арахьара политикин курс кхочушйарехь башха баккхий кхиамашна а, дуккха а шерашкахь дипломатин гӀуллакх дарна а[15]
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» IV тӀегӀанера орден (1998 шеран 12 майхь) — Российн арахьара политикин курс дӀайахьарехь доккха дакъа лацарна а, дуккха а шерашкахь хьанала къахьегарна[16]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Чешская национальная авторитетная база данных
- ↑ Dramática jornada en Kiev: ya son los 198 civiles ucranianos muertos tras el ataque ruso
- ↑ Правительство РФ подало в отставку
- ↑ 1 2 Лавров Сергей Викторович . Лентапедия.
- ↑ 2005 году в Ереване, отвечая на вопрос о том, помогают ли ему в работе его армянские корни, Лавров ответил, что «корни у меня вообще-то грузинские — мой отец из Тбилиси, а вот кровь действительно армянская» — Елена Супонина У Сергея Лаврова грузинские корни, но армянская кровь // Время новостей: N°28, 18 февраля 2005
- ↑ Армяно-тбилисские корни Сергея Лаврова // «Georgian Times», 28.01.2008
- ↑ Министр иностранных дел Российской Федерации // Официальный сайт МИД России
- ↑ Распоряжение Президента Российской Федерации от 03.04.1992 г. № 153-рп «О заместителе Министра иностранных дел Российской Федерации»
- ↑ Распоряжение Правительства Российской Федерации от 03.11.1994 № 1725-р «О заместителях Министра иностранных дел Российской Федерации»
- ↑ Официальный сайт МИД РФ. Лавров Сергей Викторович . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 16 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 27 апрелехь
- ↑ Kremlin.ru. "Рабочая встреча с Председателем Правительства Дмитрием Медведевым"(оьр.).
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 17 марта 2020 года № 186 «О присвоении звания Героя Труда Российской Федерации»
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 21 марта 2015 года № 146 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ I степени Лаврова С. В.» // publication.pravo.gov.ru, 23 марта 2015 года
- ↑ Совещание с российскими послами и постоянными представителями в международных организациях // Kremlin.Ru, 12 июля 2010 года
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 21 марта 2005 года № 308 «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ III степени Лаврова С. В.»
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 12 мая 1998 года № 552 «О награждении государственными наградами Российской Федерации сотрудников Министерства иностранных дел Российской Федерации»
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Биография на сайте МИД России
- Информационный бюллетень МИД России
- Борец за права дипломатов и поэт
- Эксклюзивное интервью Сергея Лаврова «Вестям» (ноябрь 2009 года)
- David M. Herszenhorn, Michael R. Gordon Veteran Diplomat Fond of Cigars, Whiskey and Outfoxing U.S. // New York Times, 16 September 2013
- NYT: Соглашение по сирийскому химоружию подняло Лаврова на вершину карьеры // Взгляд.ру, 18.09.2013.
- Подробная биография и источники