Ланцет
Ланцет (нем. Lanzette, схьадаьлла лат. lancea — цамза) — Ӏутту шинне агӀора дитт долу юьзина чов йосту хирургийн гӀирс. Таханлерачу медицинин балхахь хийцина скальпелца.
Тахана «ланцет» терминца медицинехь кхетадо капиллярашкара цӀий доккху ланцет я скарификатор. Иза жима, пӀелган чкъоьран Ӏуьрг доккху маха бу, дукха хьолахь стерилан цкъа лелон. Дукхах дерг ланцет конструкцица цхьаьна хуьлу жимачу, даьккхина цӀий чохь латто, пхьегӀаца, иштта тайпана ланцетах авто-ланцет олу[1].
Этимологи
бӀаьра нисйанГӀирсан цӀе схьаэцна немцойн маттара, церан маттара «lanzette» схьадаьлла французийн «lancette», иза шен рогӀехь жима дина «lance» — цамза, хьаладоьду латинан хьосте «lancea»[2].
Оьздангаллехь
бӀаьра нисйан- Медицинан гӀирсах тера хиларна хордин цхьалха организмийн доьзалан цӀе тиллина ланцетнарш.
- Медицинин ширачех долчу журналан цӀе гӀирсан сийнна «The Lancet» тиллина.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ children with DIABETES - auto Архивйина 2018-03-17 — Wayback Machine
- ↑ Этимологический словарь Крылова/Ланцет . enc-dic.com. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 май.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Ланцет // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |