Липно гӀайре тӀехь лаьтташ йолу Николан килс
Липно гӀайре тӀехь лаьтташ йолу Николан килс (оьрсийн маттахь Церковь Нико́лы на Ли́пне)- XIII-чу бӀешеран чаккхенгахь хьалайоьттина ортодоксан килс ю. Новгородан гӀишлош яран исбаьхьаллин эсалла ю. Липно олучу жимачу гӀайре тӀехь а, Мста хинан дельтехь а лаьтташ ю. Килс Сийлахь-йоккхачу Новгородна исс километар гена ю.
Сийлахь меттиг | |
Липно гӀайре тӀехь лаьтташ йолу Николан килс | |
---|---|
58°26′56″ къ. ш. 31°20′56″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Сковородка (Новгородан кӀошт) |
Дин | керста |
Епархи | Новгородская епархия |
Йиллина терахь | 1292 |
Статус | ОТӀО № 5310102001 |
Сайт | novgorodmuseum.ru/muzei/… |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Зияртан коьрта паччахьалла (оьрсийн маттахь престол) Ӏаламаташ деш волу Николан цӀарах ю, ткъа зугӀар (желтойн маттахь параклис я оьрсийн маттахь придел) сийлахьчу Климентан цӀарах ю.
Таханлерачу дийнахь гӀайренан «ларъдеш долу латта» статус ю. Дуьненан мехалла а лоруш, ЮНЕСКО-н тептара язйина цигахь лаьтташ йолу килс. 2016-чу шарахь товбецан-беттан (сентябран) иттолгӀачу дийнахь килсе бӀаьрг тоха веара Путин Владимир а, Медведев Дмитрий а. Путинан буьйрца (2016-чу шеран товбецан-беттан 16-чу дийнан лоьмар 3682-10.1-4 йолу Оьздангаллин министерствон кехат) зияртан реставраци ян субсиди къастийра.
-
Липно гӀайре а, килс а
-
СагӀдаран пенаш хаздар
-
Юккъера пенаш