Лоллардаш
Лолла́рдаш (нидерл. lollaert(d) — гӀам-гӀим дийриг) — йуккъерачу бӀешерашкара керстачеран социалан-нийсолатторан амал йолу йукъаралла, кхоллаелла XIV бӀешо долалуш Германехь а, Нидерландашкахь а динан-диканашдаран вежараллех. Лоллардаш реза бацара католикийн килсана, иза бахьнехь хьийзош бара.
Лоллардех кхетна йола Фламандера кӀадидархойн тоба, лечкъира тӀехьабевллачарах Ингалсехь (Норич гӀалахь), цигахь цара Ӏаткъамбира Уиклифан боламна. Ингалсан лоллардаш дакъа лецира Уот Тайлеран гӀаттамехь (1381), йаккха гӀертара социалан нийсо. Оцу боламехь церан векал вара Болл Джон. ГӀаттам охьатаӀийначул тӀаьхьа лоллардаш хьийзо болийра Ингалсехь а, церан бовда дийзира Шотландех а, континент тӀе а.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Лолларды // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Чарлз Поулсен, «Английские бунтари» (The English Rebels) Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
ХӀара керсталлех чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |