Мавлид (Мовлид, Мовлади) Алероевич Висаитов (1913 шеран 13 май, Лаха Невре — 1986 шеран 23 май, Соьлжа-ГӀала) — 28 гвардейски дошлойн полкан командир (6 гвардейски дошлойн дивизи, 2 Белоруссин фронт), гвардин подполковник, Советски Союзан Турпал.

Висаитов, Мавлид Алероевич
ГӀуллакхан тайпа военнослужащий
Вина терахь 1913 шеран 13 май({{padleft:1913|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Вина меттиг Лаха Невре
Кхелхина терахь 1986 шеран 23 май({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (73 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Корматалла дошло, тӀеман гӀуллакххо, подполковник
Гражданалла ССРС ССРС
СовгӀаташ
Советийн Союзан Турпалхо
Ленинан Орден ЦӀен Байракхан орден Суворовн 3 даржан орден
ЦӀен Седан орден «ТӀеман кхиамийн» мидал
«Сталинград ларйаран» мидал
«Сталинград ларйаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал
«Силаллийн легионан» генерал даржан орден
«Силаллийн легионан» генерал даржан орден
Викилармин логотип Висаитов, Мавлид Алероевич Викилармехь
ТӀеман хенахь деккхина сурт

Вина Лаха Нёврехь (Терк-Йистан кӀошт, Нохчийн Республика) ахархойн хӀусамехь. 1942 шо дуьйна КПСС декъашхо. 1932 шарахь чекхйаьккхира кооперативни техникум. Цо туькан куьйгалхо болх бира.

1932 шо дуьйна иза ЦӀен эскирахь вара. 1935 шарахь цо чекхйаьккхира Орджоникидзен гӀашлойн школа, 1941 шарахь — комсоставан кхачаме далоран дошлойн курсаш.

ТӀом дӀаболабелча дуьйна капитан Висаитов вара фронтехь[1]. Шен майралла цо тӀом дӀа ма болабелла гайтира. Кирданашкахь (Малхбузен Украина) волучу хенахь 1941 шеран 18 — 22 июлехь цуьнан эскадронан омра деара мостагӀин тӀелата аьлла. Висаитовс ша айбира эскадрон, мостагӀчун тӀемалойн ха хӀаллакдира а, мостагӀ волчу чувахара а. Цул тӀаьхьа дехкинча деношкахь эскадронас кхуза йухатуьхуьра тӀелетта немцой. Висаитован чов йинера. Оцу деношкахь бина тӀеман цунна йелира ЦӀен тӀеман байракхан орден.

Висаитовс куьгалло деш йолу 28 гвардин дошлойн полк 1945 шеран 27 апрелехь танкан а, артиллерин а полкашца цхьана Шведт гӀала йолчехь мостагӀас яш йолу дуьхьало эшайина схьайаьккхира Хаммельпринг цӀе йолу нах беха меттиг а, Райнсберг цӀе йолу гӀала а. 1945 шеран 2 майхь полк тӀекхечира Эльбан хийисте. Виттенберг гӀалин къилбаседехьа цунна дуьхьулкхитира ингалсан а, америкин а эскир. ТӀеман тӀаьххьара деношкахь цуьнан полкас тӀом беш 160—170 км некъ бира, мостагӀчун 2 полк хӀаллакйира, 50 нах беха меттиг схьайаьккхира, дукха салтий а, цера техника а хӀаллакйира, концлагерашкара 3000 советан гражданин а, 500 тӀеманвисар а паргӀатвеккхира.

1945 шеран июнехь Советски Союзан Турпалан цӀе йаларан хьалхатеттира иза, амма цунна йелира Ленинан орден[2].

1946 шо дуьйна подполковник Висаитов запасехь вара. Иза вара Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш. Иза велира 1986 шерана 23 майхь. ДӀавоьллира Лаха Нёврехь. ВеллачултӀехь, 1990 шеран 5 майхь цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • 2 Ленинан орден;
  • ЦӀен Байракхан орден;
  • Суворован 3 даржан орден;
  • ЦӀен Седан орден;
  • Силаллийн Легионан орден;
  • ТӀеман кхиамашна;
  • Сталинград ларйаран;
  • Германи эшайаран мидал;

кхиераш а.

Цуьнан цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь болу ураман. 2010 шеран 8 майхь «Силаллийн аллей» цӀе йолу мемориалан комплексехь хьайиллина цуьнан памятник а, мемориалан у а, барельеф а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

  Висаитов, Мавлид Алероевич. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».