Магарамкент (лаьзг. Мегьарамдхуьр[2]) — ДегӀастанан эвла. Магарамкентан кӀоштара а, Магарамкентан йуьртан меттиган административан центр.

Эвла
Магарамкент
лаьзг. Мегьарамдхуьр
Сурт
41°36′57″ къ. ш. 48°20′55″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион ДегӀаста
Муниципалан кӀошт Магарамкентан
Йуьртан меттиг Магарамкентан
Истори а, географи а
Йиллина 1801 шарахь
Центран локхалла 377 метр
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 6953[1] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам лаьзгий
Динан хӀоттам Бусалба-суннийш
Бахархойн цӀерш магарамкентхо, магарамкентхой
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87235
Поштан индекс 368780
ОКАТО 82237840
magaramkent.com
Картин тӀехь
Магарамкент картан тӀехь
Магарамкент
Магарамкент картан тӀехь
Магарамкент

Магарамкентан шен цӀе кхаьчна хӀокху меттиге дуьххьара, бун тоьхна хиинчу, Кубан провинцера Магарамера[3].

Кёппенан климатийн классификацица, Магарамкентан климат, герга йу субтропиканчун, довха, лаьтташ ло доцуш без Ӏаьнца а, тӀех йовха, екъа аьхкенца.

Магарамкента климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юккъера максимум, °C 4,3 4,1 7,7 15,1 20,0 25,2 28,3 30,9 23,3 16,9 11,0 6,5 16,1
Юккъера температура, °C 0,4 0,6 4,0 10,3 15,6 20,3 23,5 23,9 18,7 12,7 7,4 3,0 11,7
Юккъера минимум, °C −3,4 −2,8 0,4 5,6 11,2 15,5 18,7 17,0 14,1 8,5 3,8 −0,5 7,3
Йочанан норма, мм 27 32 33 39 46 30 29 30 46 59 40 35 446
Хьост: [1]

Эвла йиллина XIX бӀешо долалуш. Кубан гӀаттаман декъашхо хилла гӀаттамхойн кюрин тобан коьртехь волу Махьмуд-эфенди Магарамкентера[4]. Оцу муьрехь Магарамкент лаьтташ хилла Кюрин ханаллин а, Кубан провинцин а йуккъехь, шинне йукъах а ца йогӀуш. 1866 - 1928 шерашкахь Магарамкент Гюнейн наибаллин Кюрин гуонан йукъахь хилла. Куйсун а, Тагиркент а эвланашца цхьаьна кхоьллина Магарамкентан йуьртан йукъаралла. 1886 шарахь Магарамкентехь ваьхна 369 стаг[5]. 1936 шарахь йиллина Магарамкентан № 1 йолу ЮДИ, ткъа 1964 шарахь йиллина Магарамкентан № 2 йолу ЮДИ, оцу хенахь йуьхьанцалера ишкол йара иза. 1965 шарахь Магарамкенте кхелхира Кансавкент, Билль-Биль, Газер эвланашкара бахархой, амма уггаре дукха кхелхира Целегюн[6] эвлара.

Бахархойн дукхалла
1959[7]1970[8]1979[9]1989[10]2002[11]2010[1]
182133523758432762666953



  • Хореографин ансамбль «Магарамкент»[12]

ГӀарабевлла эвлахой

бӀаьра нисйан
  • Алахвердиев Арсен — советийн паргӀата кепара латархо, Европин кхоазза чемпион, ССРС чемпион а, чемпионатийн масийттаза совгӀатхо а, ССРС Спортан хьакъдолу говзанча (1973). ДегӀастанан АССРн Оьздангаллин хьакъдолу белхало (1972).
  • Исмаилов Эльдер — дуьненайукъара къобал вина радиацин биофизикин говзанча[13].
  • Ахмедов Герман — российн лингвист а, методист а, текстан лингвистикан областера а, къоман ишколехь оьрсийн мотт хьехаран методикан а говзанча, филологин Ӏилманийн доктор.
  • Казиев Нажмудин — Российн федерацин хьакъдолу металлург, 2 тӀегӀанера «Даймехкан гӀуллакхаш дарна орденца» совгӀат дина.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Всероссийская перепись населения 2010 года. Таблица № 11. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских и сельских населённых пунктов Республики Дагестан. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 13 май. Архивйина 2014 шеран 13 майхь
  2. А. Ганиева. Лезги халкьдин манияр: Дагъустандин халкьрин манияр, сериядал. — Махачкала : Дагучпедгиз, 1970. — С. 129. — 134 с.
  3. Лавров Л. И. Этнография Кавказа (по полевым материалам 1924 — 1978 гг.). — Л.: Наука, 1982. — С. 154.
  4. Кавказская война из показаний участников восстания кубинских лезгин Архивйина 2015-04-02 — Wayback Machine
  5. Бахархой Гюнейского наибства Кюринского округа по сёлам в 1886 шоу
  6. Магарамкентская СОШ № 2. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 12 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 31 октябрехь
  7. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  8. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 октябрь. Архивйина 2013 шеран 14 октябрехь
  9. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 29 декабрь. Архивйина 2013 шеран 29 декабрехь
  10. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  11. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  12. Коллективы Магарамкентского района приняли участие в празднике «Мелодии и ритмы Шалбуздага». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 18 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь
  13. Магарамкентская СОШ № 1. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 12 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 14 июлехь

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан