Ладисла́о Мазурке́вич Игле́сиас (испан. Ladislao Mazurkiewicz Iglesias; 1945 14 февраль2013 2 январь) — уругвайн футболист, кевнахо. Кхаа дуьненан чемпионатан декъахо, 1970 шеран дуьненан чемпионатан уггаре дика кевнахо. XX бӀешеран уггаре дика кевнахойн ФИСДФ испискин йукъатоьхна 12-гӀа меттиге а хӀоттийна.[2]

Футбол
Мазуркевич Ладислао

Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Мазуркевич Ладислао Иглесиас
Вина терахь 1945 шеран 14 февраль({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг Пириаполис, Уругвай
Кхелхина терахь 2013 шеран 2 январь({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (67 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла
Локхалла 178[1] см
Позици кевнахо
Кегийрхойн клубаш
1958—1960 Уругвайн байрак Расинг (Монтевидео)
Клубан карьера[* 1]
1960—1964 Уругвайн байрак Расинг (Монтевидео) ? (-?)
1965—1970 Уругвайн байрак Пеньяроль ? (-?)
1971—1974 Бразилин байракх (1968—1992) Атлетико Минейро 44 (-39)
1974—1975 Байракх Испанин (1945—1977) Гранада 2 (-?)
1976—1977 Уругвайн байрак Пеньяроль ? (-?)
1978—1979 Чилин байракх Кобрелоа 69 (-?)
1979—1980 Колумбин байракх Америка Кали 37 (-?)
1981 Уругвайн байрак Пеньяроль ? (-?)
Къоман гулйина команда[* 2]
1965—1974 Уругвайн байрак Уругвай 36 (-35)
Тренеран карьера
1988—1989 Уругвайн байрак Пеньяроль
СовгӀаташ а, мидалш а
Къилба Америкин чемпионаташ
Деши Уругвай 1967
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Вина 1945 шеран 14 февралехь Пириаполис гӀалахь, полякийн мухажиран а, Ла-Корунья гӀалан йахархочун а доьзалехь.

Профессионалийн карьера йолийна 16 шо долуш «Расинг» (Монтевидео) клубехь, Уругвайн чемпионатан 4-гӀа дивизионехь. 1964 шарахь Къилба Америкин кегийрхойн чемпионат чекхйаьлча, ткъа цигахь Мазуркевич гулйинчу командин коьрта голкипер вара, Уругвай чемпион а хилира, иза ийцира «Пеньярола». Йуьхьанца, иза эцнера шолгӀа голкипер санна, «Пеньяролан» хьалхара лоьмар — Майдана Луис — хийца, амма сиха коьрта голкиперан меттиг йаьккхира, дог ирахӀоттийначу 1965 шеран 31 мартехь Либертадоресан кедан ахфиналан шолгӀа матчехь, Пеле коьртехь волу, «Сантосан» дуьхьала ловзарал тӀаьхьа («Пеньяроль» туьйлира 2:1). Оцу шарахь Мазуркевича йаьккхира шен хьалхара Уругвайн чемпионан титул, ткъа 1966 шо долалуш Либертадоресан кад, цул тӀаьхьа оцу хенахь хилла Уругвайн къоман гулйина командин тренера Вьера Ондинос схьаийцира къона голкипер 1966 шеран дуьненан чемпионате Ингалсе.[3]

Уругвайн гулйина командо Ингалсехь дика йолийна чемпионат дӀайелира чийрикфиналехь хӀаллакйарца ФРГ командо 4:0 чот йолуш, амма Мазуркевичан ловзаро уггаре дика битам битира. Масала, цуо толамхой хилла хӀусамдайшка буьрка ца тохийтира (матч чекхйаьлира 0:0 чоьтаца), турниран голкипершна йукъахь кхоалгӀа а хӀоттийра иза, Яшин Левал а, Бэнкс Гордонал а тӀаьхьа.

Дуьненан чемпионат дӀайаьлча Ладислаос къилбаамерикин кедашна тӀетуьйхира кхин а Дуьненайукъара кад, цигахь цуьнан «Пеньярола» иэшийра мадридан «Реал» чот 2:0 йолуш.

1967 шеран йуьхьиг Къилба америкин чемпионатехь толамца йолайелира, цигахь Уругвай шен цӀахь, январера февраль кхаччалц, чемпион хилира тоьлла 4 матчехь (1 маччехь цхьан а ца туьйлира). Мазуркевича пхеа матчехь ши буьрка бен чекх ца йалийтира. Оцу шарахь Ладислаос йаьккхира Уругвайн шолгӀа чемпионат, цигахь цуо хӀоттийра чемпионатан рекорд — 985 минот цхьан а буьрка чу ца тухуьйтуш, 11 матчехь гергга. Йуха шарахь «Пеньярола» йуха а йаьккхира Уругвайн чемпионат, ткъа Мазуркевича хӀоттийра керла рекорд — 5 буьрка бен чу ца тохийтира чемпионатехь. 1969 шарахь «Пеньярола» йаьккхира рогӀера дуьненайукъара хӀонс — Континенташна йукъара чемпионийн Суперкад.

Цул тӀаьхьара шераш башха аьтту болуш ца хилира «Пеньяролан»: цуьнан гуттаренно волу мостагӀ, «Насьональ», хьалавахара лакха. Амма къоман гулйина коммандера гӀуллакхаш гӀо дацара: ДЧ-1970 Мексикехь Уругвайс йоьалгӀа меттиг йаьккхира (Мазуркевич цунна тӀе уггаре дика кевнахо хилира).

1971 шаврахь Мазуркевич дӀавахара «Пеньяроль» йукъара, Бразили дӀа а вахана,«Атлетико Минейро» клуб йукъахь ловзархьама. Клуб исторехь дуьххьара хилира футболех ловзаран Бразилин чемпион. Оццу шеран майхь, Мазуркевича дакъа лецира гулйина седарчийн командин йукъахь Яшин Леван Ӏадикайаран матчехь.

1974 шарахь Мазуркевича дакъа лецира шен кхоалгӀачу дуьненан чемпионатехьФРГхь. Уругвайн гулйина команда гӀуо левзира, тобанера ара а ца йелира, амма оцу хьолашкахь а Ладислаос гайтира чӀогӀа дика ловзар, цунах, 8 шо хьалха санна, турниран кхоалгӀа голкипер, цул хьалха вара немцо Майер Зепп а, поляк Томашевский Ян а. Европехь висина, Мазуркевич левзира Испанехь («Гранадехь»), амма шолгӀачу шарахь йухавирзира Уругвай, цигахь левзира цхьаьна шарахь. Цул тӀаьхьа вахара Чили, «Кобрелоа» клубе, цигахь левзира шина шарахь, цул тӀаьхьа шаран Колумбе вахара. Мазуркевича ловзар сацийра 1981 шарахь шен «Пеньяролехь».

Футболистан карьера чекхйаьлча цуо болх бира «Расинг» (Монтевидео), «Серро» (Монтевидео), «Пеньяроль» клубийн кевнахойн тренер (1982).

Мазуркевич ца могуш вара хала респираторан цамгарех. 2012 шеран 30 декабрехь иза коме вуьйжира жаннийн бала бахьнехь, 2013 шеран 2 январехь кхелхира.

Мазуркевичан да полякех вара, ткъа нана — испанхо. Шен полякийн орамаш доллушехь, Мазуркевичан полякийн мотт а ца хаара, цкъан а Польше ца вахара[4].

СовгӀаташ а, кхиамаш а

бӀаьра нисйан
  • Дуьненан чемпионатан уггаре дика голкипер: 1970
  • Дуьненан чемпионатан кхоалгӀа голкипер: 1966, 1974

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. FIFA.com. Welcome to FIFA.com News - Goalkeepers who belied their size - FIFA.com (инг.). www.fifa.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 23 январь.
  2. Ladislao Mazurkiewicz: Goalkeeper who thwarted England in 1966 (инг.). The Independent (2013 шеран 9 январь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 29 декабрь.
  3. https://resources.fifa.com/image/upload/world-cup-1966-500971.pdf?cloudid=mum7m7twoxdrbcwvfks8
  4. Zmarł słynny bramkarz Ladislao Mazurkiewicz Архивйина 2013-10-19 — Wayback Machine Rzeczpospolita, 2 января 2013.

Кеп:Уругвай ДЧ 1966 Кеп:Уругвай КъАЧ 1967

Кеп:Футболех ловзаран дуьненан чемпионатийн уггаре дика кевнахой