Марха

ислам динехь марха кхабар
(Мархин бутт тӀера хьажжина кхуза)

Марха (Ӏаьр. صَوْمٌ‎‎ савм), ислам динехь — иза дезачу Ӏибадатех цхьаъ ду. Рамазан бутт марха кхабар парз дина хилла хӀиджратан шолгӀачу шеран шаIбан баттахь. Вайн умматал хьалха долчу къаьмнашна а, умматашна а девзаш хилла марха кхабар. Рамадан баттахь марха кхабар вуно чIогIа деза а ду, мелехь а ду, хIунда аьлча ша и бутт чIогIа беза бутт а бу, цу баттахь марха кхабар парз Iибадат дар а ду. Цуьнан дозалла дуьйцуш дуккха а хьадисаш ду. Церах ду Делан Элчано Мухьаммада аьлларг: «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан дӀадаханчу къиношна».

Марха достуш

Рамадан баттахь марха кхаба дезаран далил Къуръан а, суннат а, массо бусалба нехан барт а бу. Нагахь санна и стаг цу баттахь марха кхабар парз дац бохуш доьхьал ваьлла велахь – иза керста ву, шен динах дIакъаьстина стаг ву, цундела иза тоба даре кхайкха веза. Нагахь санна цо тоба дахь къобал дийр ду иза, тоба ца дахь – Дала тӀедиллина долу декхар чекхдоккхуш вуьйр ву и стаг. Иштта доьхьало еш волу стаг шен динах араваьлла ларар хIокху билламца доьзна ду: нагахь санна и стаг бусалба дин керла тIелаьцна велахь, я Ӏеламнахана генахь велахь, Рамадан баттахь марха парз хилар девзар доцучу агIор, ишттачу хьолехь и стаг керста лоруш вац марха парз дац аьлла цо тIе ца лацахь.

Нагахь санна и стаг марха парз хиларна доьхьал ваьлла а воцуш, делахь а цхьа а бахьана доцуш цо марха кхабар Iадда дитахь – масала, цо алахь: " марха кхабар парз ду суна тIехь, делахь а ас ца кхобу иза" – и санна волу стаг Iеса стаг ву, керста вац. Бусалба нехан паччахьна а, куьйгалхочунна а тIехь ду и стаг сацор, марха кхобучу юкъана иза юучух-молучух вуха тохар.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан