Мациев, Ахьмат Гехаевич

(Мациев, Ахмат Гехаевич тӀера хьажжина кхуза)

Маци́ев Ахьма́т Геха́евич (1902 шо, Соьлжа-ГӀала, Терски область, Российн импери — 1968, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн Ӏилманча, хьехархо, нохчийн йозан бухбиллинчарах цхьаъ, 50 сов Ӏилманийн белхан автор, Филологин Ӏилманийн кандидат.

Ахьмат Гехаевич Мациев
Мациев Ахмат Гехаевич.jpg
ГӀуллакхан тайпа лингвист, педагог
Вина терахь 1902 шо({{padleft:1902|4|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Терски область, Российн импери
Кхелхина терахь 1968 шо({{padleft:1968|4|0}})
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Гражданалла

Росси Российн импери

ССРС СССР
Куьг таӀор Куьг таӀор

БиографиНисйе

Иза винера Соьлжа-ГӀалахь 1902 шарахь совдегарийн доьзаллехь. Цуьнан да вара Геха Магомедович Мациев, хьалхара гильдин совдегар. Цуьнан ненан цӀе йара Келимат. Иза йара нохчийн инарлан Алиев Эрис-Ханан йиша.

1917 шарахь Октябран революци хиллачул тӀехь цера рицкъ Ӏедалас дӀадеккхира. Мациевс 14 шо кхаьчча тӀехдика чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин реальни училище а, цул тӀаьхьа — Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт а.

Жима волу хенара дуьйна иза вара меттанаш Ӏамо лууш, къестина нохчийн мотт дукха безара цунна. Цо даимна шеца лелайора блокнот. Цу чохь цо дӀайаздора шен хезна керла дешнаш.

Нохчийн лексикан материал лоьхуш Мациев йеррига Нохчийчоьхула чекхвелира. Цо гулдора нохийн кицаш а, ира дешнаш а.

Цу хенахь цхьаа боккха лексикографин болх бацара, гӀарваьлла кавказовед барона Усларас йазйина монографи йоцург — Кавказан Этнографи. Меттан Ӏилма. II. Нохчийн мотт, Тифлис, 1888 шо.

1927 шарахь «Серло» арахоьцийлехь арайелира Мациевс кечйина хьлхара «Нохчийн-оьрсийн дошам». 1930 шарахь Мациев вара Нохч-ГӀалгӀайн историн а, меттан а, литературин а талламийн институтехь меттан секторан куьйгалхо.

1931 шарахь иза вара «Нохчийн меттан грамматика» хӀоттош йолу авторийн тобан куьйгалхо. Иза арахийцира 1933 шарахь.

1937 шарахь цунна Ӏедалас таӀазар дира вукха бевзаш болу интеллигенцин векалийн йукъахь. Иза масийттуза чувоьллира, Казахстане дӀахьажийра. Цо 15 шо набахтехь деккхира. 1957 шарахь иза йухаметтахӀоттинера. Иза шен доьзалца Алма-Атара цӀавирзира. Цул тӀаьхьа иза йуха а болх бан волавелира.

Иза вара школан учебникаш а, абат а, нохчийн меттан орфографи а хӀоттош а, нохчийн фольклор гулаш а, арахоьцуш а. Иза вевзаш ву шина а, кхаа а меттахь йолу дошамаш хӀоттайаран бахьнехь.

Цуьнан коьрта Ӏилманийн болх бара 1961 шарахь арахецна «Нохчийн-оьрсийн дошам». Цу чохь дара 20 000 дош. И хӀоттош цо 20 шо деккхира. 1963 шарахь и болх баран Мациеван йелира филологийн Ӏилманийн кандидатан цӀе.

Иштта иза вара «Оьрсийн-нохчийн дошам хӀоттош». «П» элп кхаччалц бен болх бан ца ларира иза валара бахьнехь. И болх чекх беккхира А. Т. Карасаевс[1].

Иштта иза вара нохчийн диалекташ толлуш. Цо йазйира «Нохчийн меттан йоца грамматикин очерк» а, «Нохчийн меттан чӀеберлойн диалект» а, «Таханлера нохчийн меттан лексикологи» а, и. к. д. Иза вара школехь а, институтехь а хьехархо болх беш а, къона Ӏилманан белхалойна гӀо деш а. Цуьнан дукха дешархой кхоно хилира филологийн Ӏилманийн доктораш.

Иза велира болх беш хенахь 1968 шарахь.

ДоьзаллаНисйе

Мациеван зуда Гуцина йара воккху гӀебартойн говрашлелорхон Лафишеван йоӀ. Цера дара пхиъ бера.

БилгалдахаршНисйе

  1. А. Т. Карасаев, А. Г. Мациев. Русско-чеченский словарь. Издательство «Русский язык», Москва, 1978 г. Около 40 000 слов

ХьажоргашНисйе