Мелане́зи (шир.-желт. μέλας «Ӏаьржа» а, νῆσος «гӀайре») — бахархоша йа полинезин, йа микронезин меттанаш ца буьйцу, кхин тӀе хӀуӀаьржа а болу Тийна океанан гӀайренийн тобанаш. Меланези лаьтта Австралин къилбаседа-малхбалехьа.

  • Майда: 940 000 км²
  • Бахархой: 6 500 000 стаг
Меланези латтар
Меланезин карта

Меланезин йукъахь йу лахара гӀайренийн тобанаш:

Меланезин пачхьалкхаш

бӀаьра нисйан

Папуа — Керла Гвиней

бӀаьра нисйан

Папуа — Керла Гвиней — Океанера пачхьалкх, лаьтта Тийна океанан къилба-малхбузен декъехь, дӀалоцу Керла Гвинейн малхбален дакъа, Бисмаркан архипелаг, Сулейманан гӀайренийн къилбаседа дакъа (Бугенвиль гӀ-ш, Бука), Д’Антркасто гӀайренаш. Майда — 462 840 км². Бахархой — 6 млн гергга стаг (2009), коьртаниг папуасаш а, меланезихой а. ГӀалийн бахархой — 15,2 % (1991).

Официалан меттанаш — ингалсан, ток-писин, хири-моту. Бахархойн доккхаха долу дакъа — керстанаш, биснарш меттигера ламастан динаш лелош бу. Административан-мехкан бекъабалар: 22 провинци. Коьрта шахьар — Порт-Морсби. Йукъайоьду Къаьмнийн доттагӀаллин. Пачхьалкхан корта — паччахь-аьзни, векал ву инарла-губернатор. Закононашкхолларан меже — Къоман парламент.

Сулейманан ГӀайренаш

бӀаьра нисйан

Сулейманан ГӀайренаш. Коьрта шахьар — Хониара (Гуадалканал гӀайрен тӀехь, 30,5 эз. ст., 1985). Дохалла — 1550 км. Майда — 29,8 эз. км². Уггаре лекха лам — Попоманасеу корта Гуадалканал тӀехь – 2335 метр лекха[1]. Бахархой — 478 эз. ст. (2005). Официалан мотт — ингалсан, лелабо пиджин а, меттигера меттанаш а. 7 июлехь даздо Маршонан де. ГӀайренаш тӀе охьахевшина Керла Гвинейн бахархой. Экспорт: копра, чӀара, дечиг, какао-кхоьш, пальмин даьтта. ГӀайренаш дӀадиллина 1568 шарахь Менданья де Нейрас, къилбаседа дакъа — 1768 шарахь дӀадиллина Луи Антуан де Бугенвила. 1885 шарахь дуьйна гӀайренаш лаьттира йоцачу хенахь Германин урхаллехь, 1893 шарахь гӀайренаш схьадехира Йоккха Британис, Бугенвиль а, Бука а гӀайренаш доцург. И гӀайренаш Дуьненан шолгӀа тӀом чекхбаьлча Австралин кхечира. 1978 шарахь Сулейманан ГӀайренашна маршо йелира.

Республика Вануату

бӀаьра нисйан

Республика ВануатуКерла Гебридаш архипелаг, йукъадогӀу 80 гӀайре. Уггаре лекха меттиг — 1879 м Эспириту-Санто гӀайрен тӀехь. Бахархой — 243 эз. (2009). Коьрта шахьар — Порт-Вила (бахархой − 24 эз. ст.). Официалан меттанаш — бислама, ингалсан, французийн. Дин — протестанталла. И гӀайренаш дуьххьара гина европахо П. де Кирос ву, царна цӀе йелла Кук Джеймса XVIII бӀешарахь. 1887 шарахь дуьйна — цхьаьна долахо йу Франци а, Йоккха Британи а, 1980 шарахь дуьйна маьрша республика.

Фиджи — иштта цӀе йолчу гӀайренаш тӀера пачхьалкх. Уггаре доккха ши гӀайре — Вити-Леву а, Вануа-Леву а, 300 гергга кегийра гӀайренаш а ду цигахь. Бахархой — 849 эз. стаг (2009). Коьрта шахьар — Сува (85 эз. вахархо). Официалан мотт — фиджихойн, ингалсан, фиджин хӀинди. ГӀайренаш карийна Тасман Абельна 1643 шарахь. Уггаре лекха меттиг — Томаниви (1323 м). 1970 шарахь Фиджин маршо йелла, амма йукъайоьдура Британин ДоттагӀаллин. 1987 шарахь арабевлла ДоттагӀаллин йукъара, амма цул тӀаьхьа йухабирзира цунна йукъа. Маршонан де даздо 10 октябрехь. Экспорт: шекар, копра, деши, дечиг, чӀара, духар. Сийлалла а йу — Сувера Фиджин музей — цуо гойту этнографи а, археологи а.

Керла Каледония

бӀаьра нисйан

Керла КаледониФранцин башха административан-мехкан кхоллам, Керла Каледони гӀайре доцуш йукъадоьду кхин а цхьа могӀа кегийра гӀайренаш. ГӀайренаш карийна 1774 шарахь. Уггаре лекха меттиг — Панье (1628 м). Бахархой — 230 эз. ст. (2010). Адм. йукъ — Нумеа. Этносан хӀоттам — меланезихой (канакаш) а, французаш а. Официалан мотт — французийн, даьржина кхин а гибридан меттанаш. Дин — католикалла а, протестанталла а. Экономикин бух — ламанан маьӀданан промышленность (никеля, кобальт, хром даккхар). 95 % къоман са ло никелан а, никелан маьӀданийн а экспорто. Билгалдаккхар: гибридан меттанаш — пиджин-ингалс, бич-ла-мар, ток-писин (пачхьалкхан мотт Папуа Керла Гвинейн) а, кхин а — лаьтта ингалсан, испанхойн, французийн ийначу дешех, йа ингалсан (йа кхечу меттан) лексика йу, амма цхьанатоьхна меттигерачу меланезин грамматикица.

Меланезин гӀайренаш тӀапламанан а, материкан а схьадаларан тайпана ду. Хи кӀезигчохь шортта маржанан рифаш ду. ХӀиттина кристаллан, метаморфин, охьахевшинчу породех (андезиташ). Дерриг аьлча санна гӀайренаш лаьмнаш долуш ду (локхалла 5029 м Керла Гвиней гӀайрен тӀехь); даккхий гӀайренаш тӀехь — бердайистан чутаӀенаш йу. Меланези — керла заманан тӀапломаллин а, сих-сиха мохкбегоран а кӀошт йу.

Климат экваторан а, субэкваторан а йу, къилба гӀайренаш тӀехь — тропикин. Беттан йуккъера температурин барам 25 - 28 °C. Мох хьоькху лаьмнийн басешкахь шеран йочанаш 7000—9000 мм йу. Меланезин дисина декъехь 1000—2000 мм йу.

Йуьртан бахам

бӀаьра нисйан

Меланезехь коьртаниг кокосан пальманийн, каучуконосийн, шекаран эрзан, какаон, къаьхьон плантацеш йу. Даьржина хьаштахойн латталелор (дуга, хьаьжкӀа, таро, маниок, ямс). Кхиина даьхнийлелор а, чӀаралацар а. Хьун хьокху, маржанаш гулдо.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Mount Popomanaseu, Solomon Islands (инг.). Peakbagger.com. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 май. Архивйина 2012 шеран 23 июнехь