Мерцхалдиг (лат. Apodes) — мерцхалдигкепарчеран тобан олхазарийн бухара тоба. Девза 80 кепара мерцхалдиг.

Мерцхалдиг
Мерцхалдиг
Мерцхалдиг
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Apodes

Декъало шина доьзале къужалан мерцхалдигаш (Hemiprocnidae) — 4 кепара, деха тропикан Азехь, мерцхалгаш (Apodidae) — 74 кепара, деха массанхьа а, полюсан областаш йоцучохь.

Мерцхалдигашна юкъахь Ӏаьнан дӀадоьлху кепарниш а ду, охьахевшинарш а ду, уьш деха субтропикашкахь а, тропикашкахь а.

Нохчийчохь девза кӀайн гай долу мерцхалдиг – дургали а, ломан мерцхалдиг – лечкъардиг а.

Бен бо лекхачу гӀишлош тӀехь, тархашан хиеронашкахь, харанаш чохь, хьехаш чохь. Тойнахь 2 кӀайн хӀоа. Дуу сагалматаш, тӀомалелашшехь лоьцу.

ЧӀогӀа тера ду чӀегӀардигах. ЗӀок йоца, батт йоккха ю. ТӀемаш деха, ира ду; цӀога гӀеххьа доца ду; цхьадолчу мерцхалгийн урхаллин месийн юьхьигийн чӀунаш баьӀаш санна ду, иза Ӏуьргахь текхархьама ду. ДегӀе хьаьжчи когаш доца ду (цундела лаьтта досса царна ца мега, тӀемадала гӀоьртича олхазаран деха тӀемаш лаьттах деттало), биий пӀелг хьалха бирзина бу (лаьттахула уьш лела ца ло; тӀомахь доллушехь хи мала таро ю). Боьрша а, стен а таьӀна бесаш долуш ду, наггахь эчиган басахь къега. ТӀома чӀогӀа сиха лела (цхьадерш — 120 км/ч кхаччалц, кхин сов а). ДегӀан температура цхьанаэшшара йац, дукхах долчу олхазарийн санна, цӀеххьана шелъелчи мерцхалгаш оьгу анабиозе — акъдолу.

Цхьайолчу кепаш шайн бенаш бо хӀаваэхь дакъалуш долчу шайн туйнех — «чӀегӀардаган бенаш», уьш адамана даа мега...

Нохчийчохь девза кӀайн гай долу мерцхалдиг – дургали а, ломан мерцхалдиг – лечкъардиг а,

ТӀемаш деха, ира; цӀога дукха хьолахь гӀеххьа доца; цхьадолчу мерцхалдигийн тӀоман масийн чӀун чаккхенаш баьӀаш санна хуьлу, уьш гӀортолаш ю Ӏуьргахь текхачу хенахь. ДегӀаца дуьстича когаш чӀогӀа доца ду (цундела лаьтта досса царна магне а мегаш дац, хӀунда аьлча тӀома дала гӀоьртича олхазаран тӀемаш лаьттаха детталур ду), дукхах дерг берриг биъ пӀелг хьалха бирзина бу. Хи тӀома лелашехь молу. Тарло, нисса и бахьна долуш мерцхалдигаш алсама хан хӀаваэхь йоккху, немцойн Ӏилманчаша Ӏилманан арахецаршкахь Nature а, Bild der Wissenschaft а дийцарехь, эха шарахь сов ца дуссуш лела таро ю церан, уьш доьлху ца соццуш 2000 километр гена, Европера Малхбуза Африке[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан