МустӀафа Ӏаккъад
МустӀафа Ӏаккъад (Ӏаьр. مصطفى العقاد) — америкахо, цӀера Шемара а волуш, кинон продюсер а, режиссёр а. Иза гоьвалла вара шен фильмаш чохь, продюсер вара фильман сереш чохь «Хэллоуин», тӀаккха режиссёр а вара «Мухьаммад — Делан элча я Элчаналла» а, «Ӏумар Мухтар я ГӀум-аренан лом». 2005-шарахь Иорданехь, террористаш вийнера иза шен йоӀаца Риммаца. 1976-шарахь цо арахецна Мухьаммад-пайхамаран дахарах лаьцна фильм — «Элчаналла». И фильм бахьана долуш, иза сийлахь хилира.
МустӀафа Ӏаккъад | |
مصطفى العقاد | |
![]() Элчаналла — Энтони Куинн, Ирен Папас, МустӀафа Ӏаккъад, Муна Васаф, ӀабдуллахӀ ГӀайас | |
Вина терахь | 1930 шеран 1 июль |
---|---|
Вина меттиг | Халеб, Шема |
Кхелхина терахь | 2005 шеран 9 ноябрь (75 шо) |
Кхелхина меттиг: | Ӏамман, Урдан |
Гражданалла: |
![]() ![]() |
Говзалла: | режиссер, продюсер |
IMDb: | ID 0002160 |
![]() |
ЭлчаналлаНисъе
1976-шарахь МустӀафас арахецна Мухьаммад — Делан Элча, Америкехь олу «The Message», «Элчаналла», коьрта ролехь болу декъашхой бу Энтони Куинн а, Ирен Папас а. МустӀафана Голливудехь резацахилира Мароккехь фильман съёмкахь яха. Саудийн Аравехь, Маккахь, цуьнга фильм ца яьккхийтира. Паччахьа Хьасана II цунна доккха гӀо дира, фильма яккха. Элчаналла шина шарахь яьккхира цара, шина маттахь а. Америкехь цхьана баттахь кхо-эзар наха бусулба дин тӀеийцира, и фильм бахьана долуш.
ФильмографиНисъе
ХьажоргашНисъе
- МустӀафа Ӏаккъад(ингалс.) сайтан чохь Internet Movie Database
- Aljazeera. Firas Al-Atraqchi. An Arab American director’s legacy (ингалс.)
- Juan Cole. The Strange Death of Moustapha Akkad (ингалс.)
- The Telegraph. Moustapha Akkad (ингалс.)