Налбандян, Эдвард Агванович

ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 13 январь).

Налбандя́н Э́двард Агва́нович (эрм. Էդվարդ Նալբանդյան; вина 1956 16 июлехь, ССРС, Эрмалойн ССР Ереванехь) — советийн а, эрмалойн а дипломат, 2008—2018 шерашкахь Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн министр; партехь вац.

Налбандян Эдвард Агванович
эрм. Էդվարդ Նալբանդյան
Налбандян Эдвард Агванович
Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн министр
 — 2018 шеран 11 май
Хьалха хилларг Осканян, Вардан Минасович
Когаметтаниг Мнацаканян, Зограб Грачевич
Дин Эрмалойн асхьабийн килс
Вина терахь 1956 шеран 16 июль({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг ССРС, Эрмалойн ССР, Ереван
Парти партехь вац
Дешар МДЮПИ
ГӀуллакхалла Дуьненайукъара йукъаметтигаш
Динлелор ЭАК
СовгӀаташ
«Даймехкан гӀуллакхаш дарна» 1-ра тӀегӀанан мидал (Эрмалойчоь) «Даймехкан гӀуллакхаш дарна» 2-гӀа тӀегӀанан мидал (Эрмалойчоь)
Сийн легионан сийлахь эпсаран орден — 2011 Сийн легионан орденан командор — 2001
Сийлахь Воккха Григорийн орденан йоккха жӀар Йоккха жӀар pro Merito Melitensi
ДоттагӀаллин Орден — 2016 Халкъийн доттагӀаллин орден — 1982
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

19781983 — ССРС Ливанера вакилат.

19831986 — ССРС арахьара гӀуллакхийн министралла.

19861992 — ССРС, цул тӀаьхьа Российн Мисрара вакилатан хьехамча.

19921993 — Эрмалойчоьнан Мисрара гӀуллакхийн векал.

19941998 — Эрмалойчоьнан Мисрара, МагӀрибера, Ӏоманера Къаьсттина а, Йуьззина а бакъонаш йолу векал.

1999 шеран мартехь дуьйна — Эрмалойчоьнан Францера Къаьсттина а, Йуьззина а бакъонаш йолу векал.

2000 шеран январехь дуьйна — Эрмалойчоьнан Исраилера Къаьсттина а, Йуьззина а бакъонаш йолу векал.

2004 шеран сентябрехь дуьйна — Эрмалойчоьнан Андоррера Къаьсттина а, Йуьззина а бакъонаш йолу векал.

2006 шеран декабрехь дуьйна — Дуьненайукъара кхолламера франкофонера Эрмалойчоьнан векал, Эрмалойчоьнан президентан леррина векал волуш башха гӀуллакхаш кхочушдеш хуьлура тайп-тайпана мехкашкахь. Гергара Малхбалех а, дуьненайукъара йукъаметтигех а лаьцна дуккха а белхийн автор.

2008 шеран 14 апрелера 2018 шеран 12 май кхаччалц — Республика Эрмалойчоьнан Арахьара гӀуллакхийн министр.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан