Дуьненайукъара йукъаметтигаш
Дуьненайукъара йукъаметтигаш — йукъараллийн чоьхьара йукъаметтиган а, латтанийн кхолламан а гуранал арайовлуш йолу шакепара йукъараллийн йукъаметтигаш йу.
Дуьненайукъара йукъаметтигаш ширачу заманахь дуьйна йоллушехь, ша термин йукъайаьлла дукха хан йац — иза йукъайалийна ингалсан философо Дж. Бентама, уггар хьалха цуьнца билгалйоккху цӀеххьана нисйелла политикин йукъаметтигаш, чӀу болуш йолчу йаккхийчу къоман пачхьалкхийн йукъаметтигаш[1].
Критереш
бӀаьра нисйан- Декъашхойн специфика. ГӀараваьлла французийн философан а, социологан а Р. Аронан хетарехь, «дуьненайукъара йукъаметтигаш — политикин субъекташан йукъара йукъаметтигаш йу». Иштта, цунна дуьненайукъара йукъаметтигаш — хьалха, пачхьалкхийн, «дипломатан» йа «салтийчун» йукъаметтиг йу. Америкин политологан Дж. Розенаун хетарехь, дуьненайукъара йукъаметтигийн символан субъекташ йу турист а, террорист а.
- Башха Ӏалам. Дуьненайукъара йукъаметтигийн анархин амал йу, къаьста билгало ца хиларца. ЖамӀ, хӀора ДЮ декъашхо декхарийлахь ву ког баккха, кхечу декъашхоша хӀун дийр ду хьаьжжина.
- Локализацин критери. Французийн талламхочо М. Мерлян хетарехь, дуьненайукъара йукъаметтигаш — «дозанаш хедон йа уьш хедоран тенденции йолу шаболу барташ цхьаьна бу».
- ДЮ — адаман хьекъалах доьзна объективан-субъективан дерг ду[2].
Классификаци
бӀаьра нисйан- классан критерин бухца
- олаллин а, карадерзоран а йукъаметтигаш (феодализман а, капитализман а муьрера йукъаметтигаш)
- дакъа лацаран а, вовшийн гӀо даран а йукъаметтигаш (социалистийн дуьненан теори)
- йукъан йукъаметтигаш (колониалан йозуш хиларх паргӀатъевллачу пачхьалкхийн йукъаметтиг)
- йукъарацивилизацин критерин бухца
- ницкъийн баланс бух тӀиера ДЮ
- хьаштийн баланс бух тӀиера ДЮ
- йукъараллин дахаран сферашца
- экономикин
- политикин
- тӀеман-стратегин
- оьздангаллин
- идеологин
- декъашхойн уьйран бухца
- Пачхьалкхийн йукъаметтигаш
- партийн йукъаметтигаш
- дуьненайукъара кхолламийн, ТКЪК, адамийн йукъаметтигаш
- кхиоран а, эвсараллин а барамца
- лакхарчу бараман йукъаметтигаш
- йуккъерчу бараман йукъаметтигаш
- лахарчу бараман йукъаметтигаш
- геополитикин критерин бухца
- глобалан/дуьненайукъара
- регионалан
- субрегионалан
- буламаллин барамца
- чӀогӀа хиларан а, гӀийла хиларан а йукъаметтигаш
- тешаман а, девнан а йукъаметтигаш
- цхьаьна дӀакхехьаран а, конфликтан а йукъаметтигаш
- машаран а, тӀеман а йукъаметтигаш[2]
Законехь ма-дарра хилар
бӀаьра нисйан- ДЮ коьртаниг пачхьалкх йу. Цуьнан белхан коьрта кеп — дипломати йу. ТӀаьххьарчу хенахь гӀарайолуш йу транскъоманхойн ойла, цара боху таханлерчу хӀоттамехь пачхьалкхан роль йужу, ткъа кхечу факторийн роль (ТКЪК, дуьненайукъара правительствийн а, правительствийн йоцу а кхолламаш) айало.
- Пачхьалкхан политика лаьтта шина бустамехь — чоьхьара (политологин гӀирс болу чоьхьара политика) а, арахьара (дуьненайукъара йукъаметтигийн гӀирс болу арахьара политика) а.
- Пачхьалкхийн дуьненайукъара белхан бух бу церан къаьмнийн хьашташ (уггар хьалха, пачхьалкх кхерамазалла, суверенитет, дийна йисар латто гӀертар).
- Дуьненайукъара йукъаметтигаш — уггар чӀогӀа йаккхий пачхьалкхаш гӀоле а йолуш пачхьалкхийн ницкъаллица уьйр латтор (ницкъийн баланс).
- Ницкъийн балансо тӀеиэца тарло муьлхха кеп — цхьаполяран, биполяран, кхополяран, мультиполяран конфигураци[3].
ДЮ законехь ма-дарра хиларан универсаллала йу:
- Универсалан дуьненайукъара гӀуллакх законехь ма-дарра хилар Ӏоттаделла ца Ӏа цхьайолчу регионашна, ткъа Ӏоттало шадолчу дуьненан системин дуьззина.
- Историн перспективехь, тергоен хенахь а, тӀехьлонахь а ДЮ законо ма-бохху гар.
- ДЮ декъашхойн а, массо а йукъараллин йукъаметтигийн сферийн а дакъа ду ДЮ законийн.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн теори гуш йолу область йолун дела, и Ӏилма политикин хааран областера долун дела, иза политикин сфера йу. Цул сов, хӀинц-хӀинца а цуьнга хьовсура политикин Ӏилманан декъе санна. Таханлера политологи кхиаран хьалхарчу муьрехь, ДЮ терго а ца йора. Хьалхарчу дуьненан тӀамо хьал хийцира. Дукхах болу пачхьалкхан гӀуллакххой йийсарехь бара ширъеллачу хетаршан а, ойланан а, шеш дечун тӀехьалонаш а ца гора. ТӀеман жамӀаш теттира Ӏилманчаш нийса хьажаре ДЮ теме. ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча ВКЪКХ системан гуранчохь оьздангаллин а, дешаран а белхашна кхоьллина леррина кхолламо — ЮНЕСКОс — дӀабаьхьира политологи, дуьненайукъара, лерина Ӏилманан дакъа, кхуллуш цхьа могӀа белхаш. Политикин Ӏилманан структура:
1) Политикин теори 2) Политикин институтийн теори 3) Партеш, тобанаш, йукъараллин ойла Ӏамор 4) Дуьненайукъара йукъаметтигийн теори
ойланчаш алсама хиларна (дукхах берш Америкера) шуьйра йаьржина йара малхбузехь. ССРСехь, «йовхонан» муьрехь кхоьллина дуьненайукъара тематикин шорта Ӏилма-талларан центраш.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн теорин канонийн парадигмаш
бӀаьра нисйанЛибералин-идеалистийн парадигма
бӀаьра нисйанШен кхиорехь либералин-идеалистийн парадигман масех тодаларан мур хилла, уггар боккханиг царех XX бIешо долалуш а, чекхдолуш а болуш. XX бӀешо долалуш либерализмехь лар йитира кхаа коьртачу некъо:
- дуьненайукъара йукъаметтигаш бакъонца нисйаран сатийсам буьту некъ (масала, дуьненайукъара конвенцеш тӀеиэцарца);
- дуьненайукъара йукъаметтигаш дуьненайукъара кхолламашца нисйаран сатийсам буьту некъ (масала, Къаьмнийн Лига);
- герз дӀадаккхаран акцентан некъ[4].
Политикин практикехь либералан идеализман ойланаш денйира Хьалхара дуьненан тIом чекхбаьлча кечдина долу кехаташа, масала, Вильсон Вудрон Къаьмнийн Лига (1917) кхолларан программа, Брианан — Келлоган пакт (1928; къоман политикин герз тӀамах ца дар), Стимсонан доктрина (1932; ницкъаца бина муьлхха а хийцам къобал ца бар)[5].
Либералан-идеалистийн ойланийн керла айам хуьлу шийла тӀом чекхбаьлча, иза болуш тоьлла йара политикин реализман а, неореализман а ойланаш. Цуьнца цхьаьна либералан некъ хийцало неолиберализман реалийн чоьтех[4].
Либералан-идеалистийн парадигмийн коьрта меттигаш:
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхой — акторийн шуьйра гуо бу, пачхьалкхаш цхьаьнатоьхна ца Ӏаш, дуьненайукъара правительствийн кхолламаш, дуьненайукъара правительствийн боцу кхолламаш, транскъаьмнийн корпорацеш, йукъараллин цхьанакхетарш, адамаш цхьанатоьхна. Пачхьалкх лара йиш йац рационалан а, универсалан а актор. Пачхьалкхан дуьненайукъара политика — иза тайп-тайпана субъектийн хьашташ нисдаран даиман болу къийсам бу.
- Дуьненайукъара йукъаметтигашкахь лакхара Ӏедал дац, амма цуо ца вуьгу «айхьа хьайна гӀоде» бохучу бух тӀе. Дуьненайукъара кхолламийн бакъонаш шорйаро, дуьненайукъара бакъонаш кечйаро а, тӀеиэцаро а дуьненайукъара йукъаметтигашна рационалан элемент чуйахьа, иза бахьнехь, йаккхийнарш йоцуш, тайп-тайпана пачхьалкхийн таро хуьлу дуьненайукъара политикехь цхьатерра бакъонашца дакъалаца.
- Дуьненайукъара йукъаметтигаш ца мега машаран а, тӀеман а хьоле йало. Дуьненайукъара процессаш дукха кепара йу, дуьне вовшех дозуш хилар а, дуьненан йукъараллаш кхоллар а бахьнехь ала таро йу дуьненайукъара йукъаметтиг дӀакхехьар туойелла.
- Дуьненайукъара актораш йолу массо а Ӏалашонийн дукхаллехь, хьалхе дӀало адамийн йукъара дуьненан низам кхолларе вуьгучу мехаллашна а, хьесапашна а.
- Тайп-тайпана девнаш а, къийсамаш а нисбан таро ю машаран новкъахь дуьненайукъара кхолламийн а, бакъонийн а гӀоьнца. Либералан-идеалистийн парадигмехь хьалхе дӀало коллективан кхерамазаллин система кхолларан, дуьненайукъара политикин гӀирс тӀом хилар дӀататтар.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн тӀехьло — шадолчу дуьненан йукъаралла кхоллар йу. ДӀа ца тотту дуьненан правительство кхолларан таро а[6].
Политикин реализм
бӀаьра нисйанДуьненайукъара йукъаметтигийн политикин реализман уггар гӀарабевлла векалш бу Моргентау Ганс, Арон Раймон, Кеннан Джордж, Карр Эдуард, Шуман Фредерик, Томпсон Кеннет. ХӀара парадигма кхоллаелла XX б1ешеран хьалхарчу декъехь, амма цуьнан зирхӀ ган таро йу Фукидидан, Н.Макиавеллин, Т.Гоббсан белхашкахь. Шен кхиарехь политикин реализман коьрта импульс кхаьчна политикера тайп-тайпана утопин теорин ладаме критика бахьнехь, цара тергал ца йора дуьненайукъара йукъаметтигийн ницкъан амал. Эгоистин кхолламе санна адаме хоьжуш, оцу парадигман векалш хьовсу, хьалхарчу рогӀехь, дуьненайукъара йукъаметтигашкахь йолчу хӀумнаш талларе, ткъа ца хьовсу тӀехьа йукъаяла таро йолчунга[7].
Политикин реализман коьрта меттигаш:
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн коьрта декъашхо йу пачхьалкх. Пачхьалкхаш йу рационалан цхьаьнакепара политикин чарх. Пачхьалкхийн бен йац тӀом кхайкхо а, бан а, дуьненайукъара чӀагӀамаш бан, кхин дерг дан легитиман бакъо. Дуьненайукъара политикин хьашт билгалдоккху хьалхарчу рогӀехь дуьненара цхьаьнаэшшаралла латто йа талхо йиш йолчу йаккхий пачхьалкхаша. Цара шайна луъург до, гӀийла пачхьалкхаша шайга дойттург до. Цундела йаккхийн пачхьалкхийн таро йу кегийн пачхьалкхийн хьашт дайа.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн йу анархийн амал. ХӀораммо куьйгалла до шен хьашташца, цундела дуьненайукъара арени тӀехь пачхьалкхийн коьрта стимул — къаьмнийн хьашташ ду. Дуьненайукъара йукъаметтигашкахь лакхара Ӏедал доцун дела, царна йукъахь лела «айхьа хьайна гӀодие» принцип.
- Дуьненайукъара йукъаметтигашкахь хӀора пачхьалкхан шайн хьашташ хилча конфликтех кӀелхьара ца валало. Цундела дуьненайукъара процессийн бух тӀехь лаьтта пачхьалкхашна йукъара конфликт йа цуьнан йисттера кеп — тIом. Политикин реализман векалш йукъара ца доккхахь а дуьненайукъара процессийн кхин кепаш хилар, массара а цара лелайо, церан ойланца, тӀеман муьтӀахь йина амал, ткъа машар — иза цхьана хенан дика хьал ду. Дуьненайукъара йукъаметтиг гучуйолу, уггар хьалха, тӀеман а, тӀеман-политикин союзийн кепашкахь. Машар латторан уггар эффектан гӀирс бу, политикин реализмо дийцарехь, ницкъийн баланс, иза кхоллало къоман хьашташ Ӏоттаделча а, вовшен бакъонийн сий дича а, йукъара оьздангалла хилча а[8].
- Дуьненайукъара йукъаметтигашкахь пачхьалкхийн къаьмнийн хьашташ Ӏитталодела, пачхьалкхийн коьрта Ӏалашо йу шен кхерамазалла латтор. Иза латторан коьрта ресурс — шуьйрачу маьӀнехь Ӏедал ду, цуьнан коьрта билгало йу дуьненайукъара йукъаметтигийн кхечу декъашхойн леларан тергоян таро хилар. Дуьненайукъара аренера пачхьалкхийн леларан кхин мотиваш йу — пачхьалкхан сий айбар а, пачхьалкхера политикин терза узучу чкъоьран экономикин хьашт кхочушдар[9].
- Пачхьалкхан кхерамазалла латторан коьрта гӀирс бу пачхьалкх чӀогӀа йаран коьрта материалан фактор йолу ницкъ йа ницкъ баран кхерам. Дуьненайукъара йукъаметтигийн анархин амал йита ца ло дуьненайукъара бакъонийн норма тойаран гӀоьнца, цара бӀостанехьа латто йеза ницкъан а, иерархин а тӀехдикалла.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн Ӏалам хийца ца ло, хийцало политикин ницкъийн конфигураци[10].
Марксистийн-ленинан парадигма
бӀаьра нисйанТаханлерчу хьолехь марксистийн-ленинан парадигма йалахь а, доккхух долчу декъана, маргиналан, марксизм-ленинизман ойланаш латтайо чӀогӀа меттиг дуьненайукъара йукъаметтиган теорехь, боккха Ӏаткъам а бо кхечу дуьненайукъара-политикин Ӏилманашна.
Марксистийн-ленинан парадигман коьрта меттигаш:
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн коьртаниг йу социалан классаш (буржуази а, пролетариат а), цундела дуьненайукъара йукъаметтигийн актораш санна йолу пачхьалкхаш шолгӀа йу. Къаьмнийн пачхьалкхаш кхоьллина буржуазино классан олалла дан а, куьйга кӀелахь латто а Ӏалашо йолуш. Шен эгоистин Ӏалашон бух тӀехь (сов пайда иэцар, борах белхан ницкъ лахар, сурсатийн керла йохкаран базар лахар), пачхьалкхан арахьара политикин гӀирсаш лелош буржуазино дуьненайукъара йукъаметтигаш талхайо, тӀом а, конфликташ а йаха гӀодо.
- Дуьненайукъара йукъаметтигаш къаьсташ йац йукъараллашкара йукъаметтигех (масштаб дӀайаьккхича), йу «шолгӀа а, кхоалгӀа а» амал (экономикин базисо билгалйоккху, тӀехулара цхьа элементов йу; буржуазин а, пролетариатан а уьйранийн башхаллаш гойту къоман пачхьалкхийн гуранчохь), лелайо капиталистийн амал.
- Коьрта дуьненайукъара процессаш — социалистийн революцеш, классийн конфликташ, кризисаш, тӀемаш.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхойн Ӏалашонаш диаметркепара дуьхь-дуьхьал йу: буржуази гӀерта пайда баккха, пролетариат — дуьне буржуазих паргӀат доккхур долу дуьненан социалистийн революци йан, ткъа тӀехьа коммунистийн хӀоттам.
- Оцу Ӏалашонашка кхочу гӀирсаш тайп-тайпана бу: буржуазино эксплуатаци чӀагӀйо, пролетариато — дуьненан социалан революци.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн тӀехьло билгалйина йукъараллин кхиаран нийса долчу законашца. Пачхьалкхаш лийр йу, хуьттур йу чолхе йоцу гӀиллакхан а, нийсонан а норманаш[11].
Дуьненайукъара йукъаметтигийн хӀинцалера теори
бӀаьра нисйанНеореализм
бӀаьра нисйанНеореализман йа структуран реализман кхоллаелла ишколаш цхьанатуху 1979 шарахь зорба тоьхна Уолтц Кеннетан «Дуьненайукъара политикин теори» цӀе йолчу жайница. Кхин оцу некъан дуьненайукъара йукъаметтигийн гӀарабевлла векалш — Б.Бузан, Р.Гилпин, П. Кеннеди, Дж. Моделски, С. Уолт, Дж. Миршаймер, У. Томпсон, Дж. Снайдер, У. Уолфорт, Д. Сноу, К. Холсти, К. Лэйн, Р. Джервис, З. Бжезинский, Ф. Фукуяма, С. Хантингтон.
Йукъабевлла керла кхетамаш: дуьненайукъара йукъаметтигийн система, дуьненайукъара йукъаметтигийн гуо, тӀеман а, экономикин а кхерамазалла, хьаштийн баланс, стратегийн накъосталла, ядеран сецор, дуьненайукъара кхерамазалла.
Неореализман коьрта меттигаш:
- Неореализм йолало хаам тӀиера, цуьнца дуьненайукъара теори а, дуьненан политикин теори а цхьа хӀума дац. Неореализмаца, дуьненайукъара йукъаметтигаш — уьш пачхьалкхийн йукъаметтигаш йу, ткъа дуьненан политика — пачхьалкхийн йоцу акторийн йукъаметтиг йу.
- Дуьненайукъара йукъаметтигаш кхетайо билгалчу законашца лелаш йолу дийнна система санна. Системийн анализо бен доьллур дац дуьненайукъара йукъаметтигийн Ӏалам.
- Неореализмо дуьненайукъара гӀиллакхийн кхетаман центр дехьайоккху дуьненайукъара системин тӀегӀан тӀе, структурийн башхаллаш йозуш йац кегий а, йуккъера а пачхьалкхийн къинхьегамах, ткъа иза йаккхийчу пачхьалкхийн йукъаметтигийн жамӀ ду. Йаккхийчу а, кхечу а пачхьалкхийн йукъаметтиг бирггала анархин йац, хӀунда аьлча йаккхийчу пачхьалкхийн лаамах йозуш йолундела. Цул сов, Уолтца билгалдаьккхина дуьненайукъара йукъаметтигийн структуран кхоъ коьрта принцип («структуран триада»). Уггар хьалха, пачхьалкхаш куьйгалладо дийна йисаран мотиваца. ШолгӀа, дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхой пачхьалкхаш бен ца йуьсу, хӀунда аьлча кхин актораш бакъонашций, Ӏедалан таронашций тӀехьа а ца кхиина я хьалха а ца бевлла йаккхий пачхьалкхел. КхоалгӀа, пачхьалкхаш тайп-тайпана йу, къаьсташ йу таронашций, потенциалций[12].
- Неореализм гӀерта каро а, къасто а экономикин йукъаметтигаш политикинчарех.
- Неореализмо билгалдоккху методологин къовламе гӀертар.
- Коьрта актораш — пачхьалкхаш а, церан берташ а. Церан Ӏалашонаш — къоман хьашташ лардар, пачхьалкхан кхерамазалла, дуьненайукъара йукъаметтигашкахь статус-кво латтайар. Оцу Ӏалашонашка кхачаран гӀирс — ницкъ а, берташ а.
- Дуьненайукъара йукъаметтигаш лелоран ницкъ — дуьненайукъара системин структурин бехкамаш морса сецорин Ӏаткъам[13].
Неореализман а, политикин реализман а тералла:
- Реалисташ а, неореалисташ а боху, дуьненайукъара йукъаметтигийн Ӏалам эзар шерашкахь хицалуш доцундела, бахьан дац тӀехьлонахь цара кхин амал тӀеоьцур хиларан ойла йан.
- Шинне теорино лору, либералан-идеалистийн бух тӀехь кхоьллина дуьненайукъара система хийца гӀертарх, хьалха дуйна а эшна бу уьш[13].
Неоклассикан реализм
бӀаьра нисйанДуьххьара «неоклассикан реализм» термин йукъадалийна 1998 шарахь Гидеон Роуза дуьненайукъара йукъаметтигийн теорехь теоретикийн некъийн тоба йовзийтархьама, структуран реализман а, арахьара политикин теорин а синтезаци йан гӀерташ, пачхьалкхан арахьара политикера хийцамех кхета а, прогноз йан а Ӏалашо йолуш. Кхин хӀокху некъан дуьненайукъара йукъаметтигашкахь гӀарабевлла векалш — Дж. Миршаймер, У. Уолфорт, Р. Швеллер, Т. Кристенсен, Ф. Закария, кхин дӀа а.
Неоклассикан реализман коьрта меттигаш:
- Пачхьалкхан арахьара политике, цуьнан хийцамашка хьовсу призмехула пачхьалкхан а, пачхьалкхан боцу акторийн пачхьалкхан чуьрчу белхан тӀегӀанца.
- Пачхьалкхо тесна ца дуьту дуьненайукъара кхерамаш тийсар, кхуллу арахьара политикин жоьпан оьшу интеграцин ресурсаш, таро луш йолу йукъараллин коалицин.
Неолиберализм
бӀаьра нисйанШийлачу тӀеман хенахь йайина либералан-идеалистийн парадигмийн позицеш карлаевлира, биполяран дуьненайукъара йукъаметтигийн система йоьхначул тӀехьа. Цуьнца цхьаьна дуьххьарлера парадигман дуьненайукъара аренехь хаъал хийцамаш хилар бахьна долуш (дуьненайукъара интеграцин процессаш чӀагӀйалар; дуьненан политикин карти тӀехь керла пачхьалкхаш гучуйовлар, гӀиллакхехь доцу кхерамазаллин кхерамаш тийсар; глобализацица йоьзна йолу процессаш) кӀоргачу трансформаце йоьжна, цуо кхоьллина неолиберализман ойланаш[14]. Уггар гӀараваьлла неолиберализман векал хилла Кохэн Роберт а, Най Джозеф а.
Керла парадигма къасторан сипаташ долу меттигаш:
- Либералан-идеалистийн парадигмехь санна, неолибералаш лору, пачхьалкх дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхо ша цхьаъ ца хилар. Иштта гӀиллакхехь йоцучу акторийн, ТКЪК, дуьненайукъара кхолламийн, террористийн а, къуйн а кхолламийн, индивидийн роль айало.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхойн барам тӀекхетаран йу цхьа могӀа гӀуо тӀехьлонаш, уггар хьалха, тӀекхета зулам схьадолу меттигаш, тӀекхета йукъараллийн а, ша долу адамийн а кхерамаш. Уггар дика листало и хьал кооперативан кхерамазаллин концепцица. Иштта, неолиберализман йукъахь бу дуьненайукъара кхерамазаллин баланаш.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхойн коьрта Ӏалашо, неолиберализман агӀончийн хетарехь, йу дуьненайукъара кхерамазалла, оццу хенахь либералан-идеалистийн парадигман векалш гайтора Ӏалашонийн плюрализм хьалхе универсалан идеалашна а, адамийн мехалашна а луш.
- Дуьненайукъара кхерамазалле а, дуьненан низаме а, социалан прогресск а кхачаран коьрта хьал дуьненайукъара йукъаметтиг дӀакхехьар ду, цуо гӀодо айбайолуйтуш экономикин дахар.
- Дуьненайукъара йукъаметтигийн коьрта гӀирс — либералан демократин идеалаш а, базар а йаржайар, ткъа либералийн — дуьненайукъара кхолламаш бар, дуьненайукъара бакъонаш а, йукъаметтигаш дӀакхехьар а кхиор бу.
- Халон йукъ дехьайоккху болх пайден ца хиларна дуьненайукъара бакъонийн а, кхолламийн а тӀиера дуьненайукъара гӀиллакх тӀе. Цуьнца цхьаьна либералан демократии а, адамийн бакъонаш а коьрта гӀиллакхийн критереш кхайкхайо, цуьнан бухца тӀехьа керла дуьненан низам кхолла тарло.
- Шен теоретикийн кхолламашкахь неолиберализм герга йогӀу неореализман, оццу хенахь либералан-идеалистийн парадигма хуьлу цуьнца конфронтацехь[15].
Неолиберализман а, неореализман а теранаш:
- Рационализм. Шинне а парадигман йуккъехь — рационалан чоьтан куьйгалладеш волу рационалан политик. Неолибералашна чоьт билгалйоккху, уггар хьалха, бахаман, кхерамазаллийн ойланца, неореалисташна — Ӏедалан ойланца.
- Неолибералаш а, неореалисташ а лору, дуьненайукъара йукъаметтигийн бух тӀехь къаьмнийн хьашташ латтар.
- Шинне а парадигмо Ӏамайо, дуьненайукъара йукъаметтигийн муьлха декъашхо ву гӀоле меттигехь[15].
Неолиберализман а, неореализман а башхаллаш:
- Неолибералашна хетарца, дуьненайукъара йукъаметтигийн анархилла (лакхара Ӏедал ца хилар) дӀайоккхийла ду, оццу хенахь неореалисташна хета йаккхалул йоцуш санна.
- Неолибералаш лору, дуьненайукъара йукъаметтиг дӀакхехьаран пайда абсолютан бу, аьлча а йукъаметтиг дӀакхехьар даиман пайдехь ду. Неореалисташна хетарца, пайда гӀеххьа бу, хӀунда аьлча цхьан а пачхьалкх реза хир йац кхечу пачхьалкхел кӀезиг абсолютан пайданна.
- Дуьненайукъара йукъаметтиг дӀакхехьаран бахьна неолибералашна ду — максимум экономика къагар, неореалисташна — тӀеман кхерамазалла.
- Неореалисташна хета, пачхьалкхан лелар хуьлу системан та1зарций, дозанций, ткъа иштта церан боккъала йолу таронашций, аьттунашций. Пачхьалкхаш дан гӀертарш билгала дац, цундела уьш лело ца мега анализан гӀирс меттана. Неолибералаш харц ца до пачхьалкхийн боккъала болу аьттунийн маьӀна, амма хета, пачхьалкхийн ойланаш ладаме хилар, цундела уьш даиман лара еза[16].
Неомарксизм
бӀаьра нисйан«Неомарксизмо ша иштта кхайкхайо реалистийн парадигмин коьрта меттигашна критика еш. Неомарксизман агӀончашна го дуьне тайп-тайпана экономикийн, пачхьалкхийн, йукъараллийн, идеологийн, оьздангаллийн глобалан системан кепара. Неомарксисташ йукъабалабо дуьненайукъара йукъаметтигийн тезаурусе „дуьне-система“ а, „дуьне-экономика“ а кхетам. „Дуьне- экономика“ кхетамо гойту дуьненайукъара акторийн йукъаметтигийн уггар шуьйра система, коьрта роль ловзайо экономика чӀогӀа йолчара. Коьрта амалаш дуьне-экономикин — производствон дуьненан кхоллам бу, цуо чӀагӀйо арахецаран комплексин координаци, капиталийн интернационализаци, лагӀйо пачхьалкх йукъагӀертар финансийн сфере. Неомарксисташ чӀагӀ ма дарра, хьалха шеш арахьарчу сингаттамех ларъеш хиллайолу пачхьалкхаш, тахана агенташ хилла, цара къоман экономикашна дӀало дуьне-экономикин оьшург, цуьнан дуьненан базарехь конкуренцин адаптаци йар Ӏалашо йу. Цуьнца гайтина процессаш, цаьрца йогӀу структурашца цхьаьна, адамийн белхан жамӀ ду, историн сурсат ду. Амма кхин а процессаш йу, глобализацин бӀостанехьа йолу — экономикийн, политикийн, йукъараллин, социооьздангаллин, кхин кхолламийн а, структурийн а, кхиоран некъаш лахаран а диверсификаци. Неомарксизман векалшан хетарехь, радикалан-либералан идеологи гӀерта и процессаш дӀалачкъо. Цуо глобализацин альтернатива йац моттадолийта адамашна, дуьненан арени тӀехь гушйолу къиза конкуренцин, йукъаметтигийн дерегламентацин, эгоизман бух тӀехь лаьтта экономикин логика»[17].
Дуьненайукъара йукъаметтигийн кхин теореш
бӀаьра нисйанДуьненайукъара йукъаметтигийн теорешкара «Баккхий къийсамаш»
бӀаьра нисйанХьалхара «боккха къовсам»
бӀаьра нисйанХьалхара дискусси кхоллало 1939 ш. ингалсан Ӏилманчан Карр Эдвардан «Кризисан ткъа шо» цӀе йолу жайна арадаьлчи. Цу тӀехь политикин реализман позицера критика йира идеалистийн парадигман коьрта меттигашна. Реалисташ Ганс Моргентаус (Morgenthau H. Politics among Nation. The Struggle for Power and Peace. N. Y., 1948) а, цуьнан агӀончаша а шолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи и дискусси дӀайахьаран инициатораш хилира. Керлачу историйн хьолашкахь реалистийн идеалисташна тӀехь болу толам шеко йоцуш хетара.
ШолгӀа «боккха къовсам»
бӀаьра нисйанШолгӀа «боккха къовсам» болийра 50-гӀа шерашкахь ХХ бӀешеран, кхин а чӀагӀбелира 60-гӀа шерашкахь, керлачу тайпана дуьненайукъара йукъаметтигашна тӀебахкаран а, методаш талларан а агӀончаш болу модернисташ, политикин реализман постулаташна цӀеххьана критика йира. Керлачу чкъоьран Ӏилманчаша (Куинси Райт, Мортон Каплан, Карл Дойч, Дэвид Сингер, Калеви Холсти, Эрнс Хаас, кхин берш а) ДЮ Ӏамош нийсачу Ӏилманашкара схьаэцна болу гӀирсаш, методаш, методикаш лелорехьа бара. «Модернисташ» шеконе ца ехкира шайн оппонентийн теоретикан, уьш бирзинера Ӏилманан методологин агӀоне. Цундела, барт хин боцу озе хьаьжна ца Ӏаш, дискуссин декъашхой къовсаман чеккхенгахь баьхкира берта, дуьненайукъара баланаш талларехь иэдан деза «гӀиллакхийн» а, «Ӏилманан» а методаш.
КхоалгӀа «боккха къовсам»
бӀаьра нисйан70-гӀа шераш чекхдовлуш 80-гӀа шераш долалуш болабеллачу, хӀинца а чекхбаланза болчу кхоалгӀачу «боккхачу къовсаман» йуккъехь, ДЮ декъашхочун санна пачхьалкхан роль нисъелира, дуьненан арени тӀехь хуьлуш долчу къоман хьаштах а, ницкъах а кхетаран маьӀна долуш. Тайп-тайпана теоретикийн некъийн агӀончаша, ала мегар царех транскъоманхой (Роберт Кохэн, Джозеф Най, Йел Фергюсон, кхин а), интеграцин (Дэвид Митрани) а, вовшехдазаран (Эрнст Хаас, Дэвид Моурс) а теорин гӀиллакх дӀахьуш йукъатеттира ойла: политикин реализм а, цуьнца йогӀу этатистин парадигма а дуьненайукъара йукъаметтигийн амалашца а, коьрта тенденцешца а йогӀуш йац, уьш дӀатеттина хила еза. Декъашхойн дукхалла, йукъаметтигийн кепаш, церан харшаш, царна моттарехь, аратотту пачхьалкх дуьненайукъара къамелийн йукъара, ДЮ пачхьалкхашна йукъарчех транскъаьмнийнчарна трансформацийо. Дуьненайукъара-политикин Ӏилманехь транскъоманхойн Ӏаткъам болуш гучуйолу цхьа могӀа керла теореш, масала, глобализацин а, регионализацин а концепци, кхин дӀа а. Цуьнца цхьаьна коьрта парадигмаш къаьсташ йолу башхаллаш лаьтташ йу. Дукхах болу талламхой схьабогӀу, пачхьалкхаш дуьненайукъара йукъаметтигийн коьрта декъашхой хилар тӀиера.
Дуьненан политика
бӀаьра нисйанДуьненайукъара йа дуьненан политика дуьненайукъара йукъаметтигийн хӀоъ бу.
Дуьненан политика олу сацам баран, тӀеиэцаран, кхочушбаран дуьненан йукъараллин дахарех Ӏотталуш йолу процессех.
Дуьненан политика[18]
- Ӏилманан некъ санна кхоллаелла ХХ бӀешеран шолгӀачу декъехь, дукхах дерг неолибералан теоретикан гӀиллакхан гуран чохь.
- Цуьнан бух дӀабоьду дуьненайукъара кхолламаш, дуьненайукъара политико-экономикин а, политологин (хьалхарчу рогӀехь дустаран) а процессаш талларе, дуьненайукъара йукъаметтигийн теоретикан талларе.
- Таханлера хьолан баланашца болх бо, ткъа иштта дуьненан политикин системан тенденцица а.
- Дуьненайукъара йукъаметтигаш лелоран декъашхой санна пачхьалкхашка а, правителствошна йукъара кхолламашка а хьаьжна ца Ӏа (уьш лору коьрта акторш санна), хьовсу пачхьалкхийн йоцу акторш (правительствора боцу кхолламаш, ТКЪК, пачхьалкхийн чоьхьара регионаш, иштта дӀа а).
- Хьовсу дуьненайукъара баланашка, церан вовшен йолу уьйранашка цхьаьна дуьненайукъара контекстехь.
- Ца йо цӀеххьана йолу бӀосталлаш чоьхьарчу а, арахьарчу а политикин йукъахь.
Дипломати
бӀаьра нисйанДиплома́ти — пачхьалкхийн арахьара политика дӀакхехьаран, практикан белхаш, кепаш, методаш цхьанатоьхна гойтуш болу гӀирс бу, билггала бахьнашца а, амалшца а бечу белхан чоьтаца лелабо; пачхьалкхийн а, правительствийн а, пачхьалкхийн арахьара Ӏалашо кхочушйаран арахьарчу уьйранийн леррина меженийн куьйгалхойн официалан болх, ткъа иштта оцу пачхьалкхийн хьашташ лардар. Диплома́ти кхетамах тесна дов ца далийтарехь а, дерзорехь а барт барехь къамелашдаран говзалла, компромиссаш лахар а, вовшен пайдехь болу барт бар а, дуьненайукъара уьйранаш шорйар а, кӀаргйар а.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхой
бӀаьра нисйанТаханлерчу дуьненан политикехь бу дукха тайп-тайпана декъашхой.
Амма хӀинца а тоьлуш дисина хьажар, дуьненан политикин коьрта субъекташ пачхьалкх йа пачхьалкхийн тобанаш (берташ) хилар.
ТӀаккха а тахана билгалйаьлла нийса йолу дуьненайукъара йукъаметтигийн декъашхой шорбаран тенденци.
ТӀехь-тӀехьа дуьненайукъара йукъаметтигашкахь алсама ладаме субъекташ хуьлу дуьненайукъара кхолламаш.
Уьш дукха хьолахь йекъало пачхьалкхашна йукъарчарний (правительствошна йукъарчарний) а, правительствон боцу кхолламашний а.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн теори
бӀаьра нисйанСоциалан Ӏилманан гуранчура дисциплина санна йолу дуьненайукъара йукъаметтигийн теорис, Ӏамадо дуьненан «низам», аьлча а массо а институташ цхьаьна, билгалйоккхуш йолу интеграцин а, дуккха а локалан йукъараллин вовшашца йолу уьйранийн кеп.
Геополитика
бӀаьра нисйанГеополитика (желт. γη — дуьне + πολιτική — пачхьалкхийн йа йукъараллин гӀуллакхаш) — аналлин тергойаран йукъараллин Ӏилма ду. И термин леладар гӀиллакхе хилла коьрта агӀора географин факторийн политикин Ӏаткъамбар дийцарехь, амма иза лелор шуьйра даьржира XX бӀешарахь[хьост?].
Геополитика—дисциплинаран йукъара Ӏилма ду законехь тайп-тайпанчу пачхьалкхийн, пачхьалкхийн йукъараллин Ӏаткъамийн сфераш (ницкъийн центраш) йу, дуккха а Дуьненан есаллин бараман коммуникацина йоькъуш а, йухайоькъуш а. Къастайо гӀиллакхийн геополитика а, керла геополитика (геоэкономика) а, тӀеххьарлера геополитика (геофилософи)[19]. ГӀиллакхийн геополитико пачхьалкхан тӀеман-политикин ницкъе узу, коьрта роль йу неха латташ дӀалецаран географин факторийн, иза ду (Хаусхоферца)[20] пачхьалкхан географин хьекъал. Геоэкономико гӀиллакхийн геополитикех къаьсташ акцент йо пачхьалкхан экономикин ницкъан. ТӀаьххьарлера геополитикехь хьалхе йу сина ницкъан тӀеман а, экономикин а ницкъал, таро ло чекхвала гӀиллакхийн географин а, экономикин а детерминизмах базисан фактораш шордаран чоьтах, цуо дуьненайукъара йукъаметтиг ашкахь пачхьалкхийн низам билгалдоккху[19].
Геостратеги
бӀаьра нисйанГеостра́теги (географин стратеги) — политикин Ӏилма ду, пачхьалкхан йа гергара пачхьалкхийн тобанийн геополитикин Ӏалашоне кхачархьама гӀирс а, методаш а билгалйоккхуш долу — пачхьалкхан йа пачхьалкхийн бертан ницкъ Ӏалашбеш а, совбоккхуш а, ткъа кризисан гӀуон аьттунашкахь — зиен минимизаци а, меттахӀоттор кризисал хьалхалера хьал.
Геостратегино пачхьалкхашна-заказчикашна йа заказчикашна — пачхьалкхийн берташна йина ца Ӏаш терго йо социуман, экономикин, политикин, къоман оьздангаллин, тӀеман ницкъан, кхин стратегин элементийн категорешна, иштта Ӏамайо, лору кхечу пачхьалкхийн стратегин, уьш йоькъуш майарра кепера потенциалан бертхошка, мостагӀашна йа нейтралашна, ткъа иштта даиман а лору географин хьолан стратегийн билгалонаш, цуьнца геостратеги кхочушйо. Геостратеги къоман гӀирс бу, ткъа пачхьалкхийн бертахь — бертан геополитикан. Политикин Ӏилманан иерархехь лаьтта кӀеларчу меттигехь политике а геополитике а хьаьжча. Геостратегин хӀоттаман оьшу а, къасто йиш йоцу дакъош ду къоман стратеги а, стратегин географи а.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн система
бӀаьра нисйанДуьненайукъара йукъаметтигийн теорехь билгалйовлу масех система:
— Дуьненайукъара йукъаметтигийн Вестфалан система (1648 ш. хилла Ткъе итт шеран тIом чекхбаьлча). Цуьнан ойла ницкъийн баланс йу;
— Дуьненайукъара йукъаметтигийн Венин система (1814 ш. хилла Наполеонан тIемаш чекхбевлча). Цуьнан ойла европин концерт йу;
— Дуьненайукъара йукъаметтигийн Версалан-Вашингтонан система (хьалхара дуьненан тӀеман жамӀашца);
— Дуьненайукъара йукъаметтигийн Ялтин-Потсдаман система (шолг Ӏа дуьненан тӀеман жамӀашца) йуьйжира биполяран дуьненан бух тӀе дуьхьалон асанца Малхбале (социалистийн пачхьалкхийн блок)- Малхбузе (капиталистийн дуьне)
Дукхах болу талламхой 1991 ш. ССРС йоьхча а, биполяран дуьхьало сецачи а Ялтин-Потсдаман система чекхйаьлла лара реза бу, амма, хӀинцалерчу муьрехь йац цхьаалла ДЮ системан цӀе билгалйаккхарехь. Цхьаьна декъо йогӀуш лору беловежскан мур цӀе, бисанчара лелайо Post Cold-War era цӀе.
— Керлачу хенан дуьненайукъара йукъаметтигийн система 1991 ш. тахне кхаччалц АЦШ дуьненан системин коьртехь йолуш йу. Дуьненайукъара йукъаметтигийн эксперташна йукъахь Америкин импери малх чубузуш бу, америкин доллар тӀехь йина дуьненайукъара экономикин система йухуш йу, БРИКС пачхьалкхаш айалуш йу бохуш йеш йу дискуссеш, амма 2012 шарахь АЦШ хьалха лаьтташ йу дуьненан дахаран сферашкахь.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1.1. К истории и методологии понятия международных отношений Архивйина 2014-03-26 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Цыганков П. А. Глава II. Международные отношения как особый род общественных отношений. Понятие и критерии международных отношений // Политическая социология международных отношений. — М.: Радикс, 1994.
- ↑ Цыганков П. А. Глава V. Закономерности международных отношений . Содержание закономерностей международных отношений // Политическая социология международных отношений. — М.: Радикс, 1994.
- ↑ 1 2 Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 32—34. — 351 с.
- ↑ Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Либерально-идеалистическая парадигма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 106. — 590 с.
- ↑ Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Либерально-идеалистическая парадигма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 107—108. — 590 с.
- ↑ Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 25. — 351 с.
- ↑ Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 27. — 351 с.
- ↑ Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 26. — 351 с.
- ↑ Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Политический реализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 109—112. — 590 с.
- ↑ Цыганков П. А. Глава 4. Традиции, парадигмы и споры в ТМО. Марксистско-ленинская парадигма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 113—115. — 590 с.
- ↑ Лебедева М.М. Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм // Мировая политика. — М.: Аспект-Пресс, 2003. — С. 31—32. — 351 с.
- ↑ 1 2 Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неореализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 126—132. — 590 с.
- ↑ Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неолиберализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 132. — 590 с.
- ↑ 1 2 Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неолиберализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 132—136. — 590 с.
- ↑ Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Основные положения спора неореализма и неолиберализма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 136—140. — 590 с.
- ↑ Леонид Проценко Современные теории международных отношений как условие формирования у населения новой картины мира Архивйина 2012-10-20 — Wayback Machine
- ↑ Мировая политика
- ↑ 1 2 Дергачев В. А. Геополитика, 2004 Архивйина 2010-05-27 — Wayback Machine
- ↑ О геополитике: Работы разных лет
Литература
бӀаьра нисйан- Системная история международных отношений в четырёх томах. 1918—1991 Архивйина 2008-05-19 — Wayback Machine // Под редакцией доктора политических наук, профессора А. Д. Богатурова. Москва: «Московский рабочий», 2000
- Дистанционный курс «Ялтинско-Потсдамская система международных отношений. 1945—1991 гг.» Архивйина 2009-02-11 — Wayback Machine // РАМИ. Авторский коллектив МГИМО(у) МИД РФ под руководством д.и.н. проф. М. М. Наринского. Москва: РОССПЭН, 2004.
- Дубинин Ю. А., Мартынов Б. Ф., Юрьева Т. В. История международных отношений (1975—1991 гг.): МГИМО(У). — М.: РОССПЭН, 2006.
- Внешняя политика СССР. Сборник документов. Т. 5 (июнь 1941 — сентябрь 1945) / Отв. ред. Б. Е. Штейн. Сост. А. С. Тисминец. М.: [б/и], 1947.
- Внешняя политика СССР. Сборник документов. Т. 6 (сентябрь 1945 — февраль 1947) / Сост. А. С. Тисминец. М.: [б/и], 1947.
- Наринский М. М. История международных отношений. 1945—1975: Учебное пособие. — М.:РОССПЭН, 2004.
- С. В. Кортунов, зав. кафедрой мировой политики ГУ-ВШЭ, проф. Крушение Вестфальской системы и новый мировой порядок — «Золотой Лев» № 125—126, 2006.
- Конышев В. Н. О неореализме Кеннета Уолтса // ПОЛИС. 2004. № 2
- Конышев В. Н. Разновидности американского неореализма // Космополис. 2004. № 3(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Конышев В. Н. Американский неореализм о природе войны: эволюция политической теории. — СПб.: Наука, 2004.
- Конышев В. Н. Американский неореализм о проблемах мировой политики // Американский ежегодник 2006. — М.: Наука, 2008.
- Конышев В. Н. Американский неореализм о природе суверенитета // ПОЛИТЭКС. 2010. т.6. № 4 Архивйина 2012-01-12 — Wayback Machine
- Сергунин А. А. Суверенитет: эволюция концепта // Политэкс, 2010, № 4 Архивйина 2012-01-12 — Wayback Machine
- Дробот Г. А., д.п.н. проф. История мировой политики.
- П. Д. Баренбойм, А. В. Захаров, «Пакт Рериха как этап внедрения в жизнь эстетической концепции правового государства Николая Рериха», Журнал зарубежного законодательства и сравнительного правоведения, № 2, 2010 г.
- Юрченко С. В., Решения Крымской (Ялтинской) конференции 1945 г. и «ялтинская система» в исторической ретроспективе // Бахчисарайский историко-археологический сборник. Вып.2. — Симферополь: Таврия-Плюс, 2001.
- Программа государственного экзамена по специальности 350200 «Международные отношения» Архивйина 2017-05-06 — Wayback Machine исторического факультета АлтГУ, 2004.
- Государственный комитет РФ по высшему образованию. Государственные требования к минимуму содержания и уровню подготовки выпускника по специальности 021200 «МЕЖДУНАРОДНЫЕ ОТНОШЕНИЯ» — 1996.
- Константин Челлини. Проблема глобализации в международных отношениях. — «Вестник Европы» 2002, № 6
- Лебедева М. М., д. п. н., проф., зав. кафедрой политических процессов МГИМО. Политическая структура мира на рубеже веков: новые проблемы и вызовы Архивйина 2017-06-23 — Wayback Machine — Центр исследований постиндустриального общества, 2001
- Сергей Берец. Ялта. Система мироздания. — bbcrussian.com, 4 февраля 2005
- Ярослав Бутаков. Духи Ялты: смена вариантов глобализации — «АПН», 4 февраля 2005.
- Планируемая история: мировой порядок как зона ответственности России Архивйина 2017-06-02 — Wayback Machine — «Национальная лаборатория внешней политики», 2002.
- Sergei Markedonov. Unrecognized Geopolitics. Архивйина 2009-09-06 — Wayback Machine — «Russia in Global Affairs». № 1, January — March 2006
- Horowitz D. From Yalta to Vietnam: American Foreign Policy in the Cold War. — N.Y. 1967.
- Richard Holbrooke. America, A European Power. Архивйина 2009-02-16 — Wayback Machine — Foreign Affairs, March/April 1995.
- П. А. Цыганков. Международная система Архивйина 2014-08-24 — Wayback Machine
- Куинси Райт — Некоторые размышления о войне и мире // Теория Международных отношений: Хрестоматия / Сост. П. А. Цыганков. — М.: Гардарики, 2003.- 400 С.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Сайт ИМЭМО РАН
- Сайт издательства «Международные отношения»
- Сайт МГИМО МИД РФ Архивйина 2009-09-28 — Wayback Machine
- Официальный сайт МИД России
- Сайт Российского совета по международным делам Архивйина 2021-01-13 — Wayback Machine
- L’Institut français des relations internationales est en France le principal centre de recherche et de débat indépendant consacré à l’analyse des questions internationales.
- Le CERI est le principal centre universitaire français d’études internationales et d’analyse des sociétés politiques étrangères.
- www.mir-politiki.ru/ Новостной сайт о международных отношениях Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine