Нохчийн гӀайре[1]Каспий-хӀордан чуьра гӀайре, ДегӀастанан йукъайогӀу. Хьалха гӀайренна тӀехь Нохчийн гӀайре олуш Ӏовхойн эвла хилла[1]. ГӀайренан цӀе нохчийн къоман цӀарах схьайалар билгалдо Поспеловс[2].

Нохчийн гӀайре
Олеарий Адамс диллина сурт
Олеарий Адамс диллина сурт
Амалш
Майда55 км²
Уггар лаькха меттиг-19.6 м
Лаьтта меттиг
43°58′47″ къ. ш. 47°41′13″ м. д.HGЯO
АкваториКаспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионДегӀаста
Каспий-хӀорд
Нохчийн гӀайре
ДегӀаста
Нохчийн гӀайре
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Иштта, немцой некъахочо Самуил Готлиб Гмелина бакъдо гӀайренна цӀе нохчийн цӀарах схьайалар, цо йаздина иштта:

« УьтталгӀачу дийнахь Ӏуьйранна ворхӀ даьлча тхо кхачийра ворхӀ сажа гена, делкъехь тхуна гира Нохчийн гӀайре. Цунна цӀе тиллина, кхуза чӀерий леца оьхуш хиллачу, лаьмнашкахь Ӏаш болчу нохчийн цӀарах... [3]
»

ГӀайренна малхбалехьа лаьтта Прыгунки гӀайренаш[4]. ГӀайренна къилбехьа ду Пичужонок, Базар, Яични гӀайренаш[4]. ГӀайренаш доькъу гомха чекхволийлаша: Нохчийн а, Пичужонок а — Нохчийн Чекхволийло, Пичужонок а, Базар а — Яични чекхволийло, Базар а, Яични а — Калмычонок чекхдолийла[4]. Яични гӀайре къастийна Аграханан ахгӀайренах Лопатински Чекхдолийла[4].

ГӀайренан малхбуза агӀора нах беха Нохчийн гӀайре цӀе йолу йурт йу[4].

Бердан сиз хийцалуш ду хӀордан хи хьалий-охьий далар бахьанехь, Терко гӀум кхехьар бахьанехь, лелахиш бахьанехь, гӀум лелар бахьанехь. Дохалла 15 км гергга ду, шоралла 10 км гергга ду[5]. Майда 55 км² гергга йу. Бердаш тӀиера хичу оьхуш ду, тӀе эрз баьлла, гӀамаран марош[6]. ГӀайре деса ду, амма хичухулалела олхазарш дукха ду. Граждански тӀом болчу шерашкахь, мехкдаьтта лелон хӀурдакеманийн мехала тӀетовжийла долу меттиг хилар бахьана долуш, гӀайре кар-кара оьхура, 1920 ш. апрелехь Идалан-ГӀажарийн тӀеман флотилис тӀаьххьара РСФСР-н чагӀйаллалц. Советски хенахь гӀайренан тӀехь йара чӀерий лоьцу «Чапаевн лерамна» цӀе йолу колхоз.

1965 шарахь дуьйна гӀайренан тӀехь йара экранопланаш зуьйшйолу база[7].

ГӀайре хьахор

бӀаьра нисйан

Географин карташка хьаьжчи гӀайре девза дукха хан йу. Иштта, Е. П. Гольдшмидта гучудаьккхинчу, италихойша 1500 шо хьалха хоттийначу картин тӀехь, Нохчийн гӀайре sicamatela цӀе а йолуш цу тӀехь йу. Тера ду, гӀайре хьехош долу дуьххьарлерачех тептарех Г. Тектандеран тептар хилар, цуо 1604 шарахь йаздина эрз баьлла Теркин, немцойн 8 миль генахь долчу гӀайренах лаьцна. ГӀайре хьехадо, шен тептарашкахь, 1623 шарахь Персеха некъ биначу, оьрсийн совдегархочо Котов Федота.[8]. Олеарийс билгалдоккху, оьрсаша оцу гӀайренах Четлан гӀайре алар, ткъа гӀажарша (персаша) — Дженцени (Tzezeni, Tzent-seni)[9].

ЦӀе схьайалар

бӀаьра нисйан

Оьрсийн гӀуллакхехь хилла волу немцойн лелархо а, натуралист а волу, 1774 шарахь оцу меттигашкахь хиллаволу, Гмелин Готлибан уьйр гора Нохчийн гӀайренан оьрсийн «Чечень» цӀеран а, этноним чеченцы а йукъахь[3]. Географ а, этнограф а, артиллерист а, российн тӀеман гӀуллакххо а, 1728 шарахь Каспий бердан карта хоттийна волу Гербер Густава а, йаздо хьалха хӀорда тӀекхаччалц бехаш хиллачу нохчех лаьцна. И кеп тӀечӀагӀйира 1785 шарахь историк волчу Чулков Михаила а, 1800 шарахь инарлас Кнорринг Богдана а[10][11][12]. Географи Ӏилманийн доктор волчу Поспелов Евгений Михайловича иштта тӀечӀагӀйо гӀайренан цӀеран а, нохчийн этносан а уьйр[13], ткъа историк волу Ровинский Дмитрийс билгалойо «Чеченъ» гӀайре, «Нохчийн йарташна дуьхьала лаьтташ йолу» олий[14]. Гмелина йаздина:

  УьтталгӀачу дийнахь Ӏуьйрана ворхӀалгӀачу сахьтехь гена девлира тхо ворхӀ сажа кӀорге, делкъахан хуьллуш гучуйелира Нохчийн гӀайре. Цуо шен цӀе схьаэцна ломахь бехашболчу, кхуза чӀара лаца богӀучу Нохчех...[3]
 
 
Маяк

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  2. Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
  3. 1 2 3 Гмелин С. Г. Путешествие по России для исследования трех царств естества. Том 3, ч.1,
  4. 1 2 3 4 5 Лист карты K-38-12 Остров Чечень. Масштаб: 1 : 100 000. Издание 1985 г.
  5. Данные Яндекс.Карты
  6. Нохчийн гӀайре — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  7. Про ЭКРАНОПЛАНЫ и не только(ТӀе цакхочу хьажорг)
  8. Хождение купца Федота Котова в Персию / Отв. ред. А. А. Кузнецов, перевод Н. А. Кузнецовой. — М.: Изд. вост. литературы, 1958. — С. 33—34. Котов Федотан тептараш девза масех кепара, шайна йукъахь башхаллаш а йолуш. Иштта, М. П. Погодина вовшех тоьхначу, 1852 шарахь арахецна долчу, арахоьцучара цхьаццанхьа нисдинадолчу, XIX бӀаьшеран йуккъехь хиллачу транскрипцица йаздинадолчу тептарийн гуламехь, хьахийна ца Ӏа гӀайре, хьехайо цуьнан цӀе а: «Теркан дуьхьал хӀордачохь Нохчий гӀайре лаьтта, некъ бу цига гатана кӀелахь ах де, и гӀайре йоккха а йу, чӀара дукха а бу. Оцу гӀайренан тӀехь теркан наха а, таркхоша а, ломана черказаша а чӀара лоцу». Кхин кепара тептар 1907 шарахь арахецна зорбанчо М. П-ис (М. П. Петровскис) XVII бӀаьшеран транскрипцица, оцу тӀехь гӀайренан цӀе хьахош йац: «Теркан дуьхьалара гӀайре йоккха йу, чӀара дукха а бу. Оцу гӀайренан тӀехь теркан наха а, таркхойн черказаша а чӀара лоцу»
  9. Адам Олеарий. Описание путешествия в Московию / Пер. с нем. А. М. Ловягина. — Смоленск: Русич, 2003. — С. 369.
  10. Акты, собранные Кавказской археографической комиссией: Том I. c. 716
  11. Историческое описание российской коммерции при всех портах и границах : От древних времян до ныне настоящаго и всех преимущественных узаконений по оной государя имп. Петра Великаго и ныне благополучно царствующей государыни имп. Екатерины Великия, / Сочиненное Михайлом Чулковым. — Санктпетербург : При Имп. Акад. наук, 1781—1788. — 4°. Т.2, кн.2. — 1785. — 90, 1-446, 449—626 [=624] с. Хранение: MK АН-4°/ 81-Ч; Хранение: W 213/831;
  12. ИОГАНН ГУСТАВ ГЕРБЕР ИЗВЕСТИЯ О НАХОДЯЩИХСЯ С ЗАПАДНОЙ СТОРОНЫ КАСПИЙСКОГО МОРЯ МЕЖДУ АСТРАХАНЬЮ И РЕКОЙ КУРОЙ НАРОДАХ И ЗЕМЛЯХ И О ИХ СОСТОЯНИИ В 1728 ГОДУ
  13. Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
  14. «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7. * Антология. «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2.